ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 02.12.2020

Нохчийчоьнна – Керла Шо, ткъа БуьритIерачу адвокатан кисана - 33 миллион

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь, ун дара аьлла ца Iаш, Керла Шо концерташца даздан йоллу; Европан кхело компенсаци еш далийтина 33 миллион сом лачкъорна чуйоьллина БуьритIера адвокат; Путина Пачхьалкхан Думе хьажийначу низаман проекто Iедалхошна доьхку шина пачхьалкхан бахархой хила

Нохчийчоь, ун дара аьлла ца Iаш, Керла Шо концерташца даздан йоллу

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедал Керлачу Шеран барамаш дIабахьа кечлуш ду, лоьруш дац вирус яьржина хилар. Хаам бакъбеш, "МБХ медиа" хьасто гойту пачхьалкхан цIарах эцарш дечу порталехь Нохчийчоьно кхайкхийна тендор. Документаша бахарехь, ГIуран-беттан 25-31-чу деношкахь хир ду даздарш "500 а, сов а стаг чухаон леринчу концертан чоьнашкахь". Концертана Нохчийчоьнан Iедалан комитето къастийна 4,1 млн сом. Оперативан штабан хаамца, Нохчийчохь 4,5 стагах хьакхаелла коронавирус. Дено-дено кхуьуш ду махкахь уьнхойн терахь.

36 стаг кхелхина уьнах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

COVID-19 уьнах дийнахь-буса 36 пациент велла Къилбаседа Кавказехь, керла цомгуш хилларш бу 1171. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо шен статистикехь гайтарца, I0 стаг велла коронавирусах дIадахначу дийнахь а, буса а Дагестанехь, Краснодар-махкахь – 8, Ставропол-махкахь велла 6, ГIалмакхойчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Адыгейхь а, Нохчийчохь а – шишша, ГIалгIайчохь – 1. Пандемих белларш бу регионехь 3757 – иштта боху пачхьалкхан хьасташа. 24 сахьтан а, бIаьста дуьйна схьа а цомгуш хилла... Читать дальше...

Европан кхело компенсаци еш далийтина 33 миллион сом лачкъорна чуйоьллина БуьритIера адвокат

Radiomarsho.com 

БуьритIерачу Советски кIоштан кхело 5 шо набахтехь даккха кхачийна адвокатна Баскаева Таисина цо Европан кхело орцан министраллерчу белхахошна Оьрсийчоьне далийтина 33 миллион компенсаци лачкъорна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Медиазона" портало, Инарла прокуратурина а, меттигерчу талламчашна а тIе а тевжаш. Талламо бахарехь, Баскаевас а, цуьнан йоIа Баскаева Фатимас а 33 миллион сов сом доладаьккхина – и ахча далийтина хилла шен сацамца Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 1993-2001-чу шерашкахь болх бинчу нахана алапа лакъорна. Читать дальше...

Дош шина лардах кхолладеллехь…

Radiomarsho.com 

Шалха орам болу дешнаш дукха хьолехь нийса яздан хала хуьлу цхьаволчунна. Маца яздо шина лардах хIиттаделла дешнаш цхьаьна, къаьстина я юкъа дефис юьллуш? Иза гойтур вай кху дарсехь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралла: харжамашкахь харцонаш лелла яц

Radiomarsho.com 

Шинарин дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Инарла прокурора Барр Уильяма дIахьедарца, юстицин министраллина ца карийна 2020-чу шеран президентан харжамашкахь яккхий харцонаш лелийна, цара жамIанна тIеIаткъам бина ала меттиг. Президента Трамп Дональда шегара толам дIабаьккхина бохуш дечу аьрзнийн лорах гIаттийначу талламо бина Барр дIакхайкхош болу сацам. "Ассошиэйтед Пресс" агенталлина еллачу интервьюхь Барра аьлла, прокуратура а, ФБР а ю аьрзнаш, масала, электронан машенаша кхаьжнаш иэбина аьлла Трампа дина дIахьедар толлуш. Читать дальше...

Путина Пачхьалкхан Думе хьажийначу низаман проекто Iедалхошна доьхку шина пачхьалкхан бахархой хила

Radiomarsho.com 

Президента Путин Владимира Пачхьалкхан Думе хьажийна низаман проект тIечIагIйинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан эскархошна, пачхьалкхан куьйгалхошна хадечу хьукматийн белхахойн, Iедалерчу хьаькамийн бакъо хир яц шина пачхьалкхан паспорташ долахь лело. Низам леладаьлча оцу категорешкарчу нехан, нагахь санна уьш шина пачхьалкхан резиденташ белахь, дезар ду арахьара паспорт я дIакъовла, беккъа Оьрсийчоьнан бахархойн могIарахь а буьсуш, я шайгара даржаш дита. Яхначу аьхка тIеэцначу Конституцин керлачу дакъоша... Читать дальше...

50 миллион сом кешнашка дIадоьллина хилла Дагестанехь вице-премьер Iийначо

Radiomarsho.com 

Дагестанехь вице-премьер а, инвестицийн, экономикан арахьарчу зIенийн министран гIовс а лаьттинчо Щепакин Максима Краснодарерчу кешнашка дIалачкъийна карийна 50 миллион сом. Цул сов, цуьнан цIийнах хьовсуш а, белхан чоьнашкахь а карийна кхин а 20 миллион сом а, 100 000 доллар а, яздо "Дагестанан кегийрхой" газето. Балха тIехь хьарамлонаш лелорна таллам болорца а, масех меттехь дIалачкъийна ахча карийначул тIаьхьа а лаьцна Iедало Щепакин.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Александрова проиграла Жабер в первом круге турнира WTA в Штутгарте






«Денежный оборот». Миллиардный приток средств в Севастополе

Ждёт своего часа. Учёный рассказал, кто может принести «болезнь Х»

В Подмосковье владельцам кафе рекомендуют закрыть веранды из-за непогоды

Мытищинские долголеты посетили Истру