ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 03.12.2020

Цхьа набахте кхечунах хийца? ХIун дарна кхелаш еш ю Шемара цIа бирзинчу зударшна?

Radiomarsho.com 

Дагестанехь терроран статьяшкаху хьийзош ю пенсионерка, 63 шо длу Нохчийчохь йина Рамазанова ПетIамат. Талламан комитето бехке еш ю иза "Исламан пачхьалкх" экстремистийн тобанна болх борна. Оцу зудчуьн адвокаташа а, гергарчара а тоьшаллаш до, иза Шема яханера, шен йоI а, цуьнан бераш а йийсарера кIелхьардаха, бохуш. Кавказ.Реалиин корреспонденто дуьйцу Рамазанован гIуллакхах а, кхиболу Оьрсийчуьра зударий даймахка цIаберза кхоьруш тахана а Шемахь буьсуш хиларх а лаьцна а. Дагестанан Кизил-юьртан... Читать дальше...

Цицкийн хьиджаб – Индонезера керла мода

Radiomarsho.com 

Исламан духар цӀера дийнаташна а оьшу, боху Индонезерчу модельеро. МуцIар а, лергаш а гойтуш арахула лелар оьзда дац. Иштта хетачух тера ду Ява-гIайрин бахархошна – цара дойту шайн цицкашна гIад дIакъовлу духар.

"Мемориал" центр талла яхна прокуратура юха а

Radiomarsho.com 

Бакъоларъечу "Мемориал" центран болх талла цуьнан офисе кхаьчна прокуратура, хаам бо "МБХ медиа" портало цхьаьнакхетараллин пресс-секретаран Орлова Юлиян хаамна тIе а тевжаш. Коммерци лелош йоцчу хьукматийн низам лардар ду зуьйш. Орловас дийцарехь, 6 стаг кхаьчна офисе, центр толлур ю берриг а карарчу баттахь. Коммерцехь йоцчу организацех лаьцна долу низам арахецчхьана тIехьажархоша иттаннашкахь протоколаш хIиттийна "Мемориална", цунна бехке дуьллу цо интернет-ресурсашкахь, ша "арахьара агент" хилар хоуьйтуш, "иноагент" йоза цахIоттор. Читать дальше...

Карантин цаларъечарна даккхий гIуданаш деттар ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Роспотребнадзоро халкъ коронавирусах Iалашдеш дина тIедахкарш лардеш боцчу бахархошна даккхий гIуданаш деттар ду, аьлла мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада. Цо тоьшалла дарехь, COVID-19 цамгар юха а цIеххьана сиха яржайоьлла Нохчийчохь. Шен Инстраграмерчу агIонехь Даудовс боху: "Профилактикан тIедахкарш талхош болучу наха кхерам бохьу гонахарчийн могашаллина, иштачарна, цхьа а озабезам боцуш, деттар ду гIуданаш. Иза хьакхало туьканех а, кхача кечбечу а, садоIучу а меттигех". ГIура-беттан... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хроника: белларш - 29, керла дархой – 1189

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла 29 пациент, цамгар кхетта кхин а 1189 вахархочунна, хаам бо Оьрсийчоьнан оперативан штабо. 10 дархо дIаваьлла Дагестанехь, 7 – Ставропол-махкахь, 6 – Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а велла кхоккха стаг, Нохчийчохь – 1. Юхьанца дуьйна пандемих белларш бу Къилбаседа Кавказехь 3 786. Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хиллачийн официалера статистика иштта ю: • Ставропол-мохк +... Читать дальше...

Георгиевскан экс-мэр бехкево шен кхечу пачхьалкхан паспорт хилар къайладахьарна

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкахь бехктакхаман гIуллакх айдина Георгиевск-гIалин куьйгаллехь Iийначу Клетин Максимна дуьхьал. Шегахь кхечу пачхьалкхан паспорт а хилар ца хаийтарна, иза къайладахьарна бехкево иза. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин миграцехула долчу меттигерчу декъе ша шина пачхьалкхан вахархо вуйла хаийта декхаре вара иза – Оьрсийчохь зулам лору и тайпа информаци къайлаяхьар. Карарчу хенахь кхел ю Клетинан бехк луьстуш. Клетин скандалан декъахь хилира шо хьалха, интернетехь, верзинчу, цунах терачу стеган видео яьржича... Читать дальше...

Дагестанан куьйгаллера Меликов дарбан хIусаме виллина коронавирус кхетарца

Radiomarsho.com 

Ханна Дагестанан куьйгалхо хIоттийначу Меликов Сергейца кIира хьалха хааелла коронавирус, лоьрийн тергонехь вара иза, ткъа хIинца, могашалла эшарца доьзна, виллина дарбан хIусаме. Оцу хьокъехь хаам бина мехкан куьйгалхочун пресс-векалто. Муьлхачу хьолехь ву тахана Меликов пресс-векалто ца хоуьйту, "вон вац иза", яздар доцург. Карарчу ханна 19 209 стагах хьакхаелла Дагестанехь пандеми, велла 968 вахархо, боху официалан терахьаша. "Новое дело" газетин хаамца, уьнах цомгуш хиллачу дагестанхойх леш ву хIора 20-гIаниг.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Андреева победила Подороску на старте турнира WTA в Руане






Глава "Метриум" Сырцов: спрос россиян на долевое строительство за год упал на 4%

Швеция хочет ограничить доступ в Балтийское море российским танкерам

"Начнём с нуля, но точно не здесь": жители Оренбурга покидают затопленный город

Дипломаты арабских стран покинули СБ ООН во время выступления постпреда Израиля