ru24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 01.03.2021

Инвесторш ца теша Кавказах, ткъа Оьрсийчоьнан Iедална кхераме ду кхача базбалар

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан къилбера республикаш ца тов инвесторшна; Нохчийчохь 2000-чу шарахь Псков гIаларчу десантан декъанна тIелетта пхи стаг лоьху талламчаша; Bloomberg: Оьрсийчуьрчу Iедална кхераме ду юучун мехаш дестар

Ша "арахьарчу агентан" статусехь хилар ца гайтинчунна гIуданаш детта долор ду Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь юкъадаьлла "арахьара агент" статусехь стаг я хьукмат хилар ца гайтарна гIуданаш детта низам. Оцу статусехь волу стаг я хьукмат зобанехула хьахош, хаамийн гIирсаш декхаре бу Iедало елла и цIе билгалъяха. ТIедожор кхочуш ца динчунна тухур ду 2500 соьме кхочу гIуда, ткъа "арахьарчу агентах" долу низам талхийначу хьукматхочо токхур ду 500о соьме кхаччалц ахча, хьукматна туху гIуда хир ду 40-50 эзар сом. Зорбанехь "арахьарчу агенто" яржочу материалашца а билгалъяккха еза уьш кхоьллинчунна елла статус. Читать дальше...

Кадыровн резиденцех лаьцна дийцина Соьлжа-гIаларчу футболан клубехь левзинчо

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубехь ловзуш хиллачу футболхочо Омельянчук Сергейс  "Матч ТВ-н"  эфирехь йовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIаларчу резиденцин башхаллаш. ТIаьхьо "Ахмат" аьлла, Кадыров Рамзанан ден хьомара цIе хийцинчу "Терек" тобанехь левзина Сергей 2008-2012-чу шерашкахь. Ша Соьжа-ГIала а йоцуш, цигара мехкан куьйгалхо веха хIусам дагахь лаьтта цунна, яздо "Каспаров.ру" сайто. Омельчука дийцарехь, церан клубо "Сатурн" тоба эшийча, толам базбан бигина хилла... Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 22 стаг велла коронавирусах. Цомгуш хилла кхин а 466

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хиларца билгалваьлла 22 пациент кхелхина тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 466 вахархо. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 15 стаг, Ставропол-махкахь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ. Коронавирусах верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь 7867 стаг. Уггаре дукха нах бу ун карийначаралахь Краснодар-махкахь – 150 стаг. Краснодар-мохк + 150 (38 582 пандеми яьржичхьана схьа) Ставропол-мохк+ 65 (47 388) ГIебарта-Балкхаройчоь... Читать дальше...

Bloomberg: Оьрсийчуьрчу Iедална кхераме ду юучун мехаш дестар

Radiomarsho.com 

Кхачан мехаш бестаро экономиканна а, Iедална а кхерам бохьу пачхьалкхаш билгалъяьхна Bloomberg агенталло. Туркойчоь а, ХIиндойчоь а, Бразили а, Нигери а санна, Оьрсийчоь а ю церан могIарахь. "ДуьнентIехь кхачан мехаш тIаьххьарчу 6 шарахь ца хиллачул лакхара бу", - билгалдоккху Bloomberg-о, довзуьйту цуьнан бахьанаш – коронавирус яьржинчу хьелашкахь кир дIасалело хала хиларна тIера хенан хIоттаман чолхалле кхаччалц ду уьш. Хьалхо дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган FinExpertiza машано хаам баржийра... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан къилбера республикаш ца тов инвесторшна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказера ялххе а республика нисъелла инвестицешна нислуш болу аьттонаш толлучу Халкъан рейтинган агенталлин (Национальное рейтинговое агентство) тептарахь тIаьххьара. Эксперташа билгалдоккху Оьрсийчохь инвестицеш лелар кху тIаьххьарчу деа шера чохь лахдала долар, ткъа цуьнан болар лагIлуш дуйла хаалора 2019-чу шарахь дуьйна а, боху цара. Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь, даима а санна, хьалха бу инвестицешна товш хиларца Краснодар-мохк – 27-гIа меттиг. Ставропол-мохк лаьтта 57-чу меттехь... Читать дальше...

Нохчийчохь 2000-чу шарахь Псков гIаларчу десантан декъанна тIелетта пхи стаг лоьху талламчаша

Radiomarsho.com 

Псков гIаларчу десантан декъанна 2000-чу шарахь Нохчийчохь дина тIелатар толлуш, 5 стаг лаца кхайкхийна Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Зуьйш ву кхин а 45 стаг, боху урхаллин сайта тIехь. Таханенна оцу инцидентан декъашхойх билгалваьлларг ву 29 стаг, царех I8-нна кхел йина тIемалойн гIеранахь леларна а, эскархойн дахарна тIекховдарна а, набахтешкахь ехха ханаш токхуш бу уьш. Дуьйцу тIематасадалар хилира Нохчийчохь 2000-чу шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь 776.0 олучу ломан раьгIнашца. Нохчийн... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вторая ракетка Казахстана опустилась в чемпионской гонке WTA






ПРЕМИЯ МУЗ-ТВ 2024: Возвращение с великолепием и инновациями

Песков заявил, что VPN не запрещены, но борьба с обходом блокировок продолжится

Новые коммерческие дисплеи Hisense получили награду Best of show на выставке ISE 2024

РФ применяет судебный механизм ЭЗО в отношении холдинговой структуры Альфа-банка