ru24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 02.03.2021

Хаамийн гIирсаш: ФСБ-но харц кехаташ кечдина хилла Хангошвили верца доьзна лаьцначу зудчунна

Radiomarsho.com 

Германино нохчийн тIеман баьчча Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцначу Красиков (Соколов) Вадиман зудчунна харц документаш делла хилла ФСБ-но. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Der Spiegel, Bellingcat, The Insider порталаша бинчу талламна тIе а тевжаш, МБХ ресурсо. Майра Iоравоккхуш зорбанехь талламаш арабевлла дукха хан ялале, шайн йоцчу цIерашца даьхна кехаташ а долуш, кеманца аннекси йинчу ГIирме баха новкъабевлла хаабелла Красиковн зуда а, церан йоI а. Даьхначу кехаташ тIехь цхьана шарна хийцина ю шина а пассажиран йина хенаш. Читать дальше...

Журналисташна а, блогерашна а гIелоярца рекордсмен ю Нохчийчоь. "ЦIечу зонехь" ю пхи республика

Radiomarsho.com 

Уггаре луьра интернет-цензура лела а, журналисташна гIелоен а меттиг ю Нохчийн республика. Оьрсийчоьнан "цIeчу зонехь" ю, стохкалерчу мониторинган жамIаша бахарехь, Къилбаседа Кавказера кхин а йиъ республика. Оцу хьокъехь дIахьедар дийриг ю бакъоларъяран "Агора" тобан "Машанашкара маршо" проект ша кечйинчу "2000 шеран интернетан маршо: репрессийн шолгIа го" артиклехь. Ерриг а Оьрсийчохь журналисташна а, блогерашна а йина гIело I03-зза, еккъа цхьана Нохчийчоьнна кхочу царех 40. Эксперташа тидаме эцна интернетна кеп-кепехь бина тIеIаткъамаш... Читать дальше...

Хьан вийна ши нохчо, стенна юхавогIу спортера «дIавахана» Чимаев Хьамзат?

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин мэр шен гергарниг хIоттош ву Кадыров Рамзана; Нохчийчуьрчу шина стеган декъеш карийна Москварчу хьешан цIийнахь; Швецерчу нохчийн UFC-латархочо Чимаев Хьамзата ша спорт юьту аьлла

"Медиазонан" а, Scanner Project проектан а талламашца, Немцов верна кхин а нах бехке болчух тера ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис верна бехке хила тарло аьлла хетачу нахах лаьцна шаьш юкъахь бинчу талламах артикл арахецна "Медиазона" ресурсо а, юкъараллан антикоррупцин Scanner Project проекто а. Настоящее Время телеканало яздина цунах лаьцна. Телефонийн биллингийн буха тIехь а, кеманашца дIасалеларца а, видеокамераша дIаяздинчуьнца а аьтто хилла церан Немцов веран хронологи юха хIоттон. ТIечIагIдарца, Нохчийчуьра бахархой, тIаьхьо оцу зуламна бехкебина, хенаш токхуш болу нах, нохчийн полисхошца а... Читать дальше...

Наношца бераш къуьйсу оьрсийн дай Нохчийчохь лечкъа

Radiomarsho.com 

Кхо шой ах шой хан ю Москвахь ехачу Краснова Екатеринас шен кIант Ваня лоьху. Цуьнан хилла цIийнда Москвахь вина ву, ткъа 2019-гIа шо довш кIантаца цхьана Нохчийчохь хан яьккхира цо, хIинца ГIалгIайчохь ву. Нене кIант дIалуш, кхело бинчу сацамах уьдуш ву иза, боху Екатеринас. "Правовая инициатива"  проектан юристаш бу Екатеринин гIуллакхах йист яккха гIертарш. Вайнехан ламасташца, да-нана къаьстича, бераш я деца, я цуьнан доьзалехь диса дезаш ду. "Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзал къаьстачу заманчохь дукха хьолахь дайшкахьа хуьлу кхелаш... Читать дальше...

Швецерчу нохчийн UFC-латархочо Чимаев Хьамзата ша спорт юьту аьлла

Radiomarsho.com 

Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедина, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. И хаам цо баржийна Инстаграмехула. "Хетарехь, со ваьлла, кхета, ас доьхка схьа ца даьккхина, амма иза бац кху дуьненахь коьрта толам, хаьа, шуна иза новкъадогIур дуйла, амма сан даго а, дегIо а боху соьга: чекхдели", - яздина спортхочо. Ша ММА-хь яьккхинчу йоццачу хенахь Чимаев Хьамзат гIаравелира турнирашкахь цIехьана баккхий толамаш бахарца. Уьссаза леташ уьссазе а туьйлира иза... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу шина вешин декъий карийна Москварчу хьешан цIийнахь

Radiomarsho.com 

Москварчу "Амай" отелехь вийна карийна Нохчийчуьра шахьара вахана хилла ши стаг. Уьш 21 а, 28 а шераш долу вежарий бу, хаам баржийна "МК" газето. Оршотан дийнахь, зазадоккху-беттан 1-чохь, карийна церан декъий, яздо хьосто. Карарчу муьрехь шина вешин кхалхар толлуш ю полици. 2017 шарахь баьржина хиллачу хаамца, коьртах йина чевнаш а йолуш, Нохчийчуьрчу вахархочун дакъа карийра Оьрсийчоьнан коьрта шахьарарчу Царицыно кIоштахь.

Къилбаседа Кавказера кхо вахархо бехктакхаме озийна аннекси йинчу ГIирмехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу кхаа вахархочунна ницкъаша стаг вадорна кхел йийр ю, хаам баржийна аннекси йинчу ГIирмера РИА "Новости Крым" агенталло. Талламо бахарехь, Нохчийчуьра Ялте веъначу кхаа стага стохка аьхка вадийна меттигера вахархо, боккхачу барамехь ахча даккха гIиртина цуьнгара. Амма ахча каралучу муьрехь лецна талорхой Оьрсийчоьнан ФСБ-н ГIирмерчу урхаллин белхахоша. Карарчу муьрехь лецна, изоляторехь латтош бу бехктакхаме ийзийнарш. Бехк буьззина тIеэцна цара шайна. Лохуш ву Iедало цаьрца хилла кхин а ши стаг.

Соьлжа-ГIалин мэр шен гергарниг хIоттош ву Кадыров Рамзана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин мэран дарже шен дешичин кIентан, 30 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмадан кандидатура кховдийна. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо. Кадыров Хас-Мохьмадах мукъадолучу дарже хIоттош ву экономикан, территори кхиоран а, йохк-эцаран а министр Iийна Таймасханов Галас, хаам бина Зазкдоккху-беттан 1-чу дийнахь мехкан куьйгалхочун пресс-векалто. Даржехь хийцина Кадыров Рамзанан шича, Шелан кIоштан куьйгалхо лаьттина Ибрагимов Турпал-Iела а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Потапова всухую обыграла Шнайдер в 1-м круге турнира в Мадриде






В локомотивном парке РЖД большое пополнение

Кемеровский Парк Олимпийской славы стал лучшим спортивным кластером России

В какие цвета нельзя красить яйца на Пасху: их всего три

Ювелир Бакатов оценил обручальное кольцо Баскова в стоимость однушки в Москве