ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 03.06.2021

"Кхерийна ду адам". Нохчийчохь нах идоран хроника

Radiomarsho.com 

Белов Евгений Кхушеран бIаьстенан муьрехь лаххара а 92 стаг лачкъийна Нохчийчохь. Меттигерчу оппозицин 1ADAT телеграм-канало даладо и терахь. Оцу могIарарчу хиламех цхьаберш бовзуьйту Кавказ.Реалиино. Лечкъийначех мах баккхар Нохчийчохь кхушара дуьххьара стаг вадийра Зазадоккху беттан 6-чохь. Соьлжа-ГIалахь ницкъхоша Москвара кхаьчначу автобус тIера охьаваьккхина, дIавигира нана йолчу вогIу 22 шо долу Магашев Межед. Иза махка кхачаре хьоьжуш Iийнера Iедалхой. 1ADAT-о бахарехь, ненаваша Имамурзаев Майрбек вийна хьалхо... Читать дальше...

Дагестанца долчу дозанех лаьцна "мичча хенахь а" дийцарш дан кийча ду шаьш аьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Вести республики" газетан корреспондентан хеттаршна жоп лучу нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада хьахийна Дагестанан бахаман министраллан векалша шина регионан дозанех лаьцна динчув дIахьедарх. Дагестанерчу шен коллегашца конструктиве дийцарш дIадахьа даим а кийча ву ша аьлла, билгалдаьккхина спикеро, ишта административан дозанаш къасточу пачхьалкхан комиссин куьйгаллехь а волчу Даудовс. "Мичча хенахь а охьаховша кийча ду тхо. Вежараллин шина махко муьлхха хаттар а вовшашца дага а бовлуш... Читать дальше...

Ставрополехь нускал дадор толлуш ду

Radiomarsho.com 

Меттигерчу шина вахархочо маре йига дагахь  йоI ядийча долийна бехктакхаман гIуллакх толлуш ду Нефтекумскерчу кхело. Талламан версица, Чиллан-баттахь 33 шо долчу жимчу стага шен 30 шо долчу накъостаца цхьана лачкъийна йигинера 26 шо долу йоI, цо болх бечу меттиге а веана. Благодарный олучу гIалахь оцу дийннехь карийнера йоI полисхошна. Шинна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдира "Стаг вадор" аьллачу артиклехь. ДIасавалар а дихкина, цIахь лаьцна латтош ву и шиъ. "Кавказский узел" интернет-ресурсан хаамашца... Читать дальше...

Лас-Вегасе хьуьнарш шардан дIавоьдуш ву Чимаев Хьамзат

Radiomarsho.com 

UFC-н латархочун Чимаев Хьамзатан тренеро Андреас Майкла дийцина, ша верасалла лелочун юхавирзинчул тIаьхьа йолчу Iалашонех. Америкерчу Лас-Вегасехь Iаморашкахь хир ву Чимаев, кху шарахь дуьххьара шен октагонехь хиндолчу латарна кечлуш, хаам бина BJPenn.com ресурсо. Хаамийен гIирсо билгалдаккхарехь, иза меттавеанчул тIаьхьа Магни Нилца спортхочун латар кечдан Iалашо ю цуьнан командан. "И дика латар ду, тхуна лууш а ду. Оха хIуъа а дийцахь а, тIаьххьара дош Хьамзатан хир ду. Кепе а веана, тIедогIучу кIиранах лата лаьа шена ала а тарло цо. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 24 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 285

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 24 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 285 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь  а цхьацца велла. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 588 стаг. Краснодар-мохк + 96 (48 717 ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 59 (54 978) Дагестан... Читать дальше...

Гуьржийчоьнан латархо: Тбилиси ван дагахь ву Нурмагомедов

Radiomarsho.com 

Ийначу кепехь латархочо Двалишвили Мераба дIахьедина, Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб аьхка Гуьржийчу ван дагахь ву аьлла. "Цуьнан Iалашо ю - Гуьржийчуьрчу сан доттагIашца дикачух масех проект кхочушъян", - билгалдаьккхина гуьржийн спортхочо. Цо бахарехь, Хьабиб хьакъ вац цуьнца негативе хила, ткъа иза Сухуми воьдуш ву аьлла, дийцадаккхар, цунна хетарехь, цхьа Абхазерчу хаамийн гIирсаша яржийна информаци ю. "Гуьржийчуьрчу ММА-н фанаташна хьоьху ас, позитиве хилар цуьнца. Иза вайн мостагI вац... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра митинг йирзинчул тIаьхьа дIабаьхна полисхой Европан кхеле бевлла

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь митинг хиллачул тIаьхьа балхара дIабаьхначу ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н белхахоша арз дина Европерчу адамийн бакъонийн кхеле. Кавказ.Реалиига цара лаьцначу юристо Куриев Мохьмада дийцарехь, шаьш балхара бохийна хиларца а, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарца а доьзна ду чу делла арз. Цу тIехь билгалдаьккхина, шина минотехь протестхошна а, къоман гвардин белхахошна а юкъахIиттина, вовшахтасадаларш ца хилийтархьама митинге бевллачу нахаца къамел дар ду шайна дуьхьал даьккхинарг аьлла. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу вахархочо бакъ ца дина ша меттигерчу полисхоша лачкъийна вигар

Radiomarsho.com 

Полисхоша вигина шайн кIант аьлла, гергарчара дIахьединчу Аргунан кIоштарчу вахархочо Татаев Акрамана бакъ ца дина ша лачкъор. Стигалкъекъа-баттахь бакъоларъяран "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) хаийтинера цара цунах. Татаевс бахарехь, цхьана ахсахьатана бен лаьцна ца витина иза. "Со лачкъийна вигина бохуш, чIагIонаш йинера "Мысли Ислама" аккаунт лелочо. Массанхьа а хаамаш дIасакхехьийтинера, маьршаваккха Татаев бохуш. Читать дальше...

«1Adatан» модератор лачкъорах гIуллакх кхидIа талла Нохчийчу дIакхачийна

Radiomarsho.com 

«IAdat» Telegram-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорца айдина бехктакхаман гIуллакх Нохчийчу дIахьажийна Краснодарерчу талламчаша, хаам бина Iазапашна дуьхьалояран Комитето. Тепсуркаев лачкъийначул тIаьхьа иза Нохчийчу дIавигина хилар а, дукхкхболу тешаш а, оцу зуламна бехкеберш а оцу республикехь хилар а ду бахьана аьлла Кубанерчу талламчаша. Карладоккху, 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьллачу наха. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина о смене гражданства: «Я никому ничего не доказываю. В меня поверил Казахстан, чему я очень рада»






В России назвали проект Маска по освоению Марса фантастикой

В Подмосковье состоялось заседание общественного совета при Главгосстройнадзоре

Ефимов: доп. платежи отменят инвесторам при строительстве офисов внутри ТТК

Синоптик Тишковец: в Подмосковье выпало 45% от месячной нормы осадков