Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 05.06.2021

Даймахкана ямартло йина аьлла 8 шо хан тоьхна Ростовхь т1емагIуллакххочунна

Radiomarsho.com 

Ростов гIаларчу тIеман кхело колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийна тIеман декхарш кхочушдечу Кузьменко Татьянина пачхьалкхана ямартъяьлла аьлла. Цуьнан доьзалхочун 14 шо кхаччалц дIатеттина хан такхар. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам. Бехк тIелаьцна Кузьменкос. Леринчу къепехь толлуш дара цуьнан гIуллакх. Ахмедов Олег куратор волчу Украинерчу Херсонан тIеман иччархойн декъехь хилла ю Оьрсийчоьнан тӀемагӀуллахко Кузьменко. 2017-2018-чу а шерашкахь украинхошка дIакхачош хилла цо пачхьалкхан... Читать дальше...

Митинг хиллачул тIаьхьа дIабаьхначу полисхойн гIуллакх теллина бевлла ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н 12 белхахочунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх листина дели. Уьш бехкебо шайна тIедиллина омра кхочуш ца дарна: протесте бевлла нах дIасалоьхкучу Росгвардина новкъарло йина цара. Кавказ.Реалиига адвокато Цороев Виситас дийцарехь, карарчу хенахь материалаш йовзуьйтуш ю, цул тIаьхьа бехк тIечIагIбайта прокуратуре кхачор долуш ду гIуллакх. "2019-чу шарахь дуьйна оцу гIуллакхна со тIаьхьаваьлла лелаш ву... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 23 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 314

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 23 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 314 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - пхиъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 636 стаг. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, лахара терахь ду Адыгейхь. Читать дальше...

Навальныйн бахам лоьху пурстоьпаша, цуьнгара 29 миллион схьадаккхархьама

Radiomarsho.com 

29 миллион сом цуьнгара схьадаккха Iалашонца кхелан пурстоьпаша лоьху оппозиционеран Навальный Алексейн бахам а, ахча а. Оццул мах хадийна политико хаамийн гIирсаша "Путинна кхача кечбийриг" лоручу бизнесхочунна Пригожин Евгенийна дала дезачу ахчанан. Шех лаьцна харц информаци яржорна цунна дуьхьал иск яьккхинера совдегаро. "Интерфаксо" яздина цунах лаьцна кхелан пурстоьпийн Федералан урхаллан (ФССП) директоран Аристов Дмитрийн хаамна тIетевжина. Цо дIахьедина, политик колонехь воллушехь цуьнан хьокъехь гIуллакх дIахьош ду хIинца а аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

«Был риск завершить борьбу еще в первом матче». В России оценили победу Рыбакиной в Штутгарте






Почти 2 тыс саженцев высадят в Красногорске в рамках акции «День добрых дел»

В Москве скончался чемпион СССР по футболу в составе «Динамо» Аркадий Николаев

Россия сохраняет для европейцев память об их наследии: Мария Захарова отреагировала на слова Шольца о Путине и Канте

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24