ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 06.06.2021

Кхиазхой лецарх полицига жоп доьху Францерчу нохчаша

Radiomarsho.com 

Лахара Рей департаментехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь шайн кхиазхой лецар низамехь дацара аьлла, кегийрхойн дайша-наноша жоп дехна полицига. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздора кхиазхой лецарх, "бертаза акци кечйина, дIаяхьа дагахь хиллера" бохуш, уьш нохчий хилар а билгалдоккхуш. Цхьана дай-наной я адвокаташ а боцуш, шина дийнахь хеттарш динера цаьрга полисхоша. Байначу беттан 27-чохь маьршабехира уьш хаамийн гIирсашка цхьа а дIахьедар а ца деш. Лецначу кхааннах цхьанна а бехкаш дехкина а ца хиллера. Читать дальше...

ЧIирхошна юкъахь маслаIат дина Веданан кIоштахь

Radiomarsho.com 

Некъан хьовзамехь Iоттабеллачу сингаттамехь нах а бойуш нисбеллачу бохаман шина агIонна юкъахь маслаIат дина Веданан кIоштарчу МахкатIехь. Яздо цунах лаьцна "Грозный информ" агенталло. Оцу эвлара ши вахархо велира хьалхо луларчу Тевзанарчу Зулпухаровн карах хиллачу некъан бохамехь. "Махкарчу динан урхаллан векалша эвсара болх барца и дов дерзон аьтто баьлла. ЗулпухаровгIарна гечдина веллачу шиннан гергарчара", -билгалдаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято. Карладоккху, Нохчийчоьнан муфтиятехь вовшахтоьхна... Читать дальше...

Словакин футболистах мах бала аьтто бац "Ахматан"

Radiomarsho.com 

Нохчийн футболан "Ахмат" клубан проблемаш ю массо а арахьарчу компанешца, церан таро яц ур-атталла, 22 шо долчу Словакин спортхочух Альмаши Ладиславах мах дIабала а. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло тоьхначу санкцийн тIаьхье ишта ю. "Шу шаьш кхеташ дуй, проблемаш хиларх? Альмаших ахча дала тхан аьтто бац, словакаша боху: официалехь ахча чоьта тIе даккха. Тхан таро яц", - аьллачу "Ахматан" коьртачу тренеран Талаллаев Андрейн дешнаш далийна Sport.ru гIирсо. 2021-чу... Читать дальше...

Шена дIовш дала гIортарх дIахьедина Кадыровн критико

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь вехачу нохчийн диссиденто Халитов Хьасана бехкейина Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш, шена кIело ян гIерташ хилла уьш аьлла. Цо интернетехь Iораяьккхина, муьлш бу цахуучу зудчо а, стага а цунна дIовш далар дийцареден аудио. Халитовс дийцарехь,  ФСБ-н Ильяс цIе йолу белхахо а, Дагестанехь еха нохчо Абдулсаламова Милана а ду и шиъ. Карарчу хенахь Гуьржийчоьнан доазана тIехь ю Абдулсаламова: цунна тIедиллина зуламе план кхочушъяр. Зудчух даьцна хаамаш Iорабаьхна нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Россиянка Хромачёва вышла в финал турнира WTA в Руане в парном разряде






Диетолог Соломатина: готовое мясо в маринаде может быть опасно

Детские площадки в Истре обработали от клещей

Блиц-обзор выставки Salone del Mobile 2024 в Милане

Подмосковные борцы завоевали 5 медалей на первенстве России