Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 07.06.2021

"Ахмат" клубо 70 миллион соьмана харж йина дIадахначу шарахь

Radiomarsho.com 

Бютжетера 69,4 млн сом дайъина Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубна 2020-чу шарахь. Оцу ахчанах ах – 33,6 млн сом – дайъина "спортан барамаш хIиттош а, цигахь дакъалоцуш а". Кхин а 21,6 миллион сом дайъина спортхошна "стипенди а, совгIаташ а" кхачош. Персонална алапаш луш дIадаьлла 7,7 миллион сом. Ткъа бухадуьсучу 6,4 миллион соьмах эцна спортан гIирс а, духарш а. Юстицин министраллин документ иштта довзуьйту "МБХ медиа" портало. 2019-чу шарахьчул кIезиг ю стохка клубо йина харж – хIетахь дайъира клубо бюджетера 118 млн сом гергга ахча. Читать дальше...

Бехк цабиллар дехийта гIерта шега, боху Кадыровн критика Халитов Хьасана

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критика Гуьржийчохь вехачу Халитов Хьасана керла видеокхайкхам дIаязбина нохчийн 1ADAT оппозицин телеграм-каналана. Цигахь цо дуьйцу шега бехк цабиллар деха, бохуш бу хьалхо ша шена дIовш дала гIертачу нахах лаьцна видео арахецар бахьана долуш, дийцнарг бакъ дацар а олуш. Халитов дIахьедина Нохчийчохь болчу шен гергарчарна Iаткъам беш бу аьлла. Халитов хьийзор доьзна ду онлайн эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кIоршаме сийсазвина гуьржийн... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 23 стаг велла коронавирусах. Цомгуш хилла - 276

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус шайца карийначу нахах велла 23 пациент. Цомгуш хилла кхин а 276 стаг. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгар кхеттачу нахах Краснодар-махкахь велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Верриг а коронавирусах пандемин муьрехь уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 10 683 стаг. Уггаре дукха ду пандемин дараш Краснодар-махкахь, лахара – Адыгейхь. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Iедалша дIакъовлуш бу кеманца махкал арахьарчу курорташка кхача тIаьххьара аьттонаш

Radiomarsho.com 

Ростуризм урхалло, Росавиацияна тIаьххье хаам бина, кеманаш лелар официалан кепехь юхаметтахIоттийна доцучу пачхьалкхашка кира а, некъахой а дIасалелон рейсаш совцош ю шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш. Карарчу хенахь Оьрсийчохь магош ду рожехь йоцу рейсаш ян, кхечу пачхьалкхийн гражданаш дIабуьгуш а, Оьрсийчоьнан махкахой цIабалош а, ткъа иштта дарбадайта а, деша а дIасабоьлху нах дIасалелош а. Туризман индустрин векало дийцарехь, карарчу хенахь коьртачу декъана цу кепарчу кира а... Читать дальше...

Нохчийчохь даьхкинчу догIанаша дестийна Шалажа-хи бердел лакхадаьлла

Radiomarsho.com 

Ца хеддаш даьхкинчу догIанаша дестийначу Шалажа-хино кхерамна кIел яьхьина Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштара Катар-Юьрт а, ШаIами-Юрт а. Оцу хьокъехь хаам баржийна махкарчу прессо, Оьрцан министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин пресс-векалтанна тIе а тевжаш. Сийсара, Мангал-беттан 7-чохь, хи лахлуш хааделла, боху урхаллехь. Шина юьртарчу бахархойн дакъошка а кхаьчна хи, къаьсттина Шалажна гергарчу хIусамашка, боху орцанхоша. Нах чохь беха цIенош, гонахара кхийолу гIишлош ца тIадийна, ШаIами-Юьртахь хино дохийна тIай... Читать дальше...

Украинехь Iазапна кIел латтош ву нохчийн батальонан бIаьхо, боху адвоката

Radiomarsho.com 

Имам Ушармин (Шайх Мансуран) цIарах йолчу нохчийн лаамхойн батальонехь гIуллакх дина Гуцаев Iаьлви кхобу къизачу хьелашакахь, Iазапна кIел ала тарлуш. Иштта дIахьедар дина Гуцаевн адвоката Левадный Александра кхелан ладегIаршкахь. 2021 шеран ГIура-баттахь дуьйна Киевна 130 километр юьстах йолчу, ханна стаг чувуллучу изоляторехь латтош ву нохчо, боху адвоката. "Итт дийнахь бен стаг чохь валлош а йоцчу изоляторехь ах ш оду иза кхобу, аьлла Левадныйс Киеверчу Шевченковски кхелехь къамел деш. Цо дийхира кхеле Гуцаев изоляторера дIахецар... Читать дальше...

Мраморан хIорд цIанбан йолалуш ю Туркойчоь

Radiomarsho.com 

Мангал-беттан 8-хь дуьйна "инзаре хIордан цIано яр" долош ю Туркойчоь. Мраморан хIорд "хIордан маршах" дIацIанбан сацам бина хиларх лаьцна дIахьедина кIиранан дийнахь туркойн Iаламан министро.

Нохчийчуьрчу ЛГБТ-нахах яьккхинчу фильманна делла Британерчу академин совгIат

Radiomarsho.com 

"Диканца догIийла Нохчийчу" ("Добро пожаловать в Чечню") цIе йолчу документалан фильм тоьлла Британерчу кинон а, телевизионан исбаьхьаллин а академин (BAFTA) гайтамехь, "Дуьненаюкъара" (International) номинацехь. Цунах лаьцна яздо "Настоящее время" портало BAFTA академин официалерчу сайтан хаамна тIе а тевжаш. "Диканца догIийла Нохчийчу" фильм яьккхина Америкерчу режиссера Фрэнс Дэвида. Араелира иза 2020-чу шарахь. 2017-чу шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьрчу "Новая газето" бовзийтинчу хиламех лаьцна ю иза. Читать дальше...

Гаагерчу кхелехь листа долош ду MH-17 рейс хIаллакьярх долу дов

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь, Мангал-беттан 7-чохь, Гаагерчу кхелехь дIадуьйлало 2014-чу шеран Товбецан-беттан 17-чу дийнахь Malaysia Airlines авиакомпанин Boeing 777-200ER кема чудожорах долчу девнан ладегIарш. Амстердам — Куала-Лумпур маршрутца MH-17 рейс кхочушъеш доьдучуьра чудаийтина лайнер. Белла чохь хилла массо а нах – 298 стаг. Кхел йолаелира 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан 9-чохь Амстердамехь. Бехкевийриг ву виъ стаг, кхоъ ву царех Оьрсийчуьра. Уьш бу: ФСБ-хь болх бина полковник Гиркин (Стрелков) Игорь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






Мужчина и беременная двойней женщина пострадали в пьяном ДТП в Москве

Появились кадры пожара в детской поликлинике на Бульваре Рокоссовского

В Минтрансе Подмосковья рассказали о работе транспорта в праздники

Чернышенко считает, что санкции являются подарком для российского спорта