ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 08.06.2021

Францин президентна тIара тоьхна, иза нахаца къамеле волуш

Radiomarsho.com 

Францин президентана юьхьа тIе тIара тоьхна Тен-ЛʼЭрмитаж коммуне вахначохь, иза бухарчу бахархошца къамел дан дагахь, дIахIиттийна лаьттачу турникеташна тIевахча. Инцидент иккхина Мангал-беттан 8-чохь Францин къилба-махбалерчу декъехь. Ши стаг лаьцна хилам бахьанехь, боху Le Figaro газето.   Инцидент хилла Москварчу хенаца 14-30. Делкъе ян Валанс гIала ваха кечлуш хилла Макрон. Амма ша вазвеш маьхьарий деттачу наханна тIевахана иза. Оцу юкъанна юьхьа тIе тIара тоьхна цунна баьццара коч а йоьхна, юьхьа тIехь маcка а йолуш лаьттачу стага. Читать дальше...

Ахматан некъ, я боларх йоьхна бюджет

Radiomarsho.com 

“Ахмат” латархойн клубана 69 миллион сом дайъина стохка Нохчийчоьнанбюджетера. Иза гойтуш бу Оьрсийчоьнан юстицин министралло бина хаам. Амма Дагестанерчу латархочуннаНурмагомедов Хьабибна 440 миллион сов сом дала кийча бу Соьлжа-ГIалахь, нагахьцо шен карьера дIаерзош тIеххьара латар "Ахмат" клубехь дIахьахь.

ШарIехь дац Кадыровс лелориг, аьлла шен шина кIентан декъий дIадоьхучу дас

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан вахархочо Тимурзиев АхьмадханаНохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дIадехна Соьлжа-ГIалахь 2020-чу шеран ГIуран-баттахь вийначу шен шина кIентан декъий. Белларш дIа цабохкийтар ШарIо магош дац, и нах мел баккхий зуламхой хиллехь а, билгалдаьккхина Темурзиевс "Фортанга" портале хIоттийначу видео чохь. "Суна хаьа, мел хала ду беллачийн гергарчарна, церан лазамах со саннарг бен кхетар вац. Сан дагна кхачор доцу тезет ду иза. Сан ши кIант бакъ ву ца боху ас. Воьйтур вацара ас цаьрга цхьа а, шаьш а болуьйтур бацара. Читать дальше...

ШайтIа аларна жоп лур ду ахь. Стенна оьшу Кадыровна шега гечдар дехийтарш?

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзане гечдар доьхуш марафон дIайоьдуш ю Нохчийчохь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. Кеп-кепарчу регионийн бахархоша рогI-рогIана "шайтIа" олу мехкан куьйгалхочух, ткъа тIаьхьа шайна къинтIера валар доьху, социалан машанашкара шайн аккаунташ дIа а йохуш. Шен деца-ненаца Подмосковьехь вехачу 15 шо долчу дагестанхойн кхиазхунна тIехула иккхира тIаьххьарчу муьрехь, гечдар доьхуш скандал. Инстаграмехь Кадыровн йоьдучу трансляцехь, "шайтIа" ду иза аьллера цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIо йира... Читать дальше...

Ницкъхо верна кхеле озийна Нохчийчуьра полисхо къайлаваьлла лела

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра полисхо Зубайраев Хизар 30-зза гергга кхайкхина кхеле, амма ца вахана цкъа а. Карелера лерринчу ницкъийн "Гром" тобанера 34 шо кхаьчна хилла Флегонтов Александр верна жоьпе ийзаво иза. Нальчикера гIалин кхел иза варе хьийжира кху беттан 7-чохь хиллачу шен рогIерчу ладегIаршкахь а, боху "Медиазона" портало. Зубайраев цавар бахьанехь сацийна дов хаттар. Вийначун гергарчарна а, церан адвокатна а хетарехь, иза хан яхъян гIерта – шо доьрзуш, Дечкен-баттахь, жоьпаллах хьалха волу иза, шераш дIаихина хиларца доьзна. Читать дальше...

Байдена Вашингтоне, КIайчу цIийне, хьошалгIа кхайкхина Зеленский

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан халкъан кхерамзаллин гIуллакхашкахула хьехамча волчу Салливан Джейка хаам бина журналисташка Джо Байденан Украинан президентца Зеленский Владимирца телефонехула хиллачу къамелан хьокъехь. Ша хазахетарца кху аьхка КIайчу цIийнехь тIеоьцур ву Зеленский, аьлла Байдена. Украинан суверенитет ларъярехьа ву ша, аьлла Американ президента. Мангал-беттан 16-чохь Женевехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентан а цхьаьнакхетарх йолу шаьшшиннан позицеш а йийцарейина Байдена а... Читать дальше...

ЙоI яларца доьзна лаьцна хилла дагестанхо бехказваьккхина Москварчу кхело

Radiomarsho.com 

Москварчу кхелехь бехккъасторхоша жоьпаллах мукъаваьккхина 20I8-чу шеран бIаьста пачхьалкхан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн институтан (МГИМО) студент, Казахстанера схьаяьлла Байсафа Томирис ерна бехкевеш хилла дагестанхо Меджидов Муртазали. Дагестанехь премьер-министр лаьттинчу Меджидов Мухтаран воI ву иза.   Ялх бехккъасторхочух пхеамма жоьпаллах мукъаваккхарца, кхелан цIа чохь дIахецна Меджидов лаьцна кхобучуьра.  Оцу хьокъехь ТАСС агенталле хаам бина адвоката Яндарбаев Шемала. 2018-чу шеран... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Потапова всухую обыграла Шнайдер в 1-м круге турнира в Мадриде






Порядка 1 тыс ям ликвидировано в двух округах Подмосковья за неделю

Врач оценил состояние здоровья арестованного замминистра обороны Иванова

За 4 года число киберпреступлений, совершенных детьми, возросло в 74 раза

Шойгу отстранил арестованного Иванова от должности заместителя министра обороны