ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 09.06.2021

Ши пурстоп а вийна, полицин каравахана Сочера вахархо

Radiomarsho.com 

Сочи гIаларчу вахархочо таллархочун топ тоьхна вийна, Адлеран кхелан сацам кхочушбеш, шен доьзал хIусам чуьра арабаккха веъна ши пурстоп. "Стага ша хаийтина шегара даьллачух лаьцна, полицин каравахана", - хаам бо "Интерфаксо" Сочерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина тIе а тевжаш. Бохам хиллачохь таммаш болийна Iедалхоша. Деношкахь Дагестанехь стаг вен гIортарх йолчу шеконца лецира 35 шо долу Хасу-Юртара вахархо. Шеца дов иккхинчу нахах цхьаъ лаза а веш, оьккху коьчал кхоьссина цо.

"Къилбаседа Кавказан курорташа" кхеле делла телеграм-канал

Radiomarsho.com 

Москвара арбитражан кхел реза ца хилла листа шен сий дожадо "kavkaz_leakbez" телеграм-канало хIоттийначу посто, аьлла, "Къилбаседа Кавказан курорташ" хьукмато (АО "Курорты Северного Кавказа") чуделла арз. Бахьане диллинарг дара шен могIаршкахь коррупци лела мессенджерехула алар. "Къилбаседа Кавказан курорташна" шен репутаци талхош го экономика кхиоран министраллин агIор шех жоп луш хилла Бабич Михаил федералан тIеман-техникан юкъараллин урхалле дехьаваьлча а "кавказхойн бюджеташна" тIехиина Iан воллу... Читать дальше...

Ловзочу тайнигца ЛГБТ-битамаш карийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчуьрчу информацин "Грозный-информ" агенталло Роспотребнажзоран республикерчу урхалле хаттар хьажийна поп-ит тайниган хьокъехь – доьху цуьнца ЛГБТ-боламан пропагандин битамаш зер. ТIе пIелг таIийча тIера резаьнкин ноьдарчий "лелха" тайниг ю юьйцург. Психологаша стресс дIайоккхуш ловзор хьоьху иза. Арз дахьийтинчарна хетарехь, "лартIахь бац" тайниган беснаш: стелаIодан беснаш бу цуьнан – ЛГБТ-боламан байракхан санна. "ХIора денна и тайниг ловзош долу бер цхьана зама яьлча кхетар душ а еххачу хенахь шена гергахь хилларг хIун ю... Читать дальше...

КъинтIера воккхур я валар тоьла: Кадыровн критико дуьйцу Нохчийчуьрчу кхерамех

Radiomarsho.com 

Телехьожийлехь йоьдучу эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир маьттазчу маттахь сийсазвинчу журналистана Габуния Георгийна ечу кIелонан теш нисвеллера стохка Гуьржийчуьра нохчийн бизнесхо Халитов Хьасан. Шена кIелоярна Кадыров Рамзанан агIончаш бу аьлла, тешначу Халитовс чIагIдо, шена дIовш дала гIоьртинера бохуш. Автомобилаш тIехь бизнес лелош вара Халитов: шен автосервис яра цуьнан, машенийн меженаш юхкура цо, Оьрсийчу йохка машенаш юьгура. Габуния Георгий вен гIортина аьлла, шеконаш кхоллаелла Боков Васамбек бахьана долуш... Читать дальше...

Навальная Дарьяга дIаделла Женевехь цуьнан дена кхачийна совгIат

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран Навальный Алексейн 20 шо долчу йоIа Навальная Дарьяс къамел дина Женевехь жигархойн форумехь. Шарахь цкъа гулло и форум, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин Кхеташонан рогIера гулам тIекхочучу муьрехь. Кхушара Организацин Кхеташоно гуллуш ю Женевехь Мангал-беттан 21-чохь, лаьттар ю Товбеца-беттан 15-чу дийнналц. Набахтехь латточу Навальныйна делла Доьналлин совгIат схьаэцна барамехь Навальная Дарьяс. Цигахь йистхуьлуш цо иштта аьлла: "Шуна гург со хила езаш яцара, сан да вара, амма иза Оьрсийчоьнан набахтехь ву. Читать дальше...

ТIехь Iазап латторна компенсаци еш, 52 эзар евро дала кхачийна ГIалгIайчоьнан вахархочунна

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ECHR) 52 эзар евро дала кхачийна 47 шо долчу ГIалгIайчуьрчу Цечоев Мохьмадна шена тIехь гIелоярх лаьцна цо чуделла арз листинчул тIаьхьа бинчу сацамца. Оцу хьокъехь хаам баржийна оршотдийнахь бакъоларъяран "Мемориал" центр0 (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза ца хилла и статус шена тIеэца – Ред.). 2004-чу шарахь ша низамехь йочу тIемалойн тобанца цхьаьна Несарна тIелатарх даредина хилла цо – хIктахьлерчу тIематасадаларехь вийра 78 стаг... Читать дальше...

Бозуш боцчу кандидатех 100 эзар ву 15 шера чохь харжамашка цавитинарг

Radiomarsho.com 

2007-чу шарера схьа Оьрсийчоьнан Iедало кеп-кепарчу харжамашкахь, тIе ца чIагIвеш, юьстахвитина возуш воцу а, "системех" йоцчу партешкара а 100 эзар гергга кандидат. Иштта ду "Важные истории" портало далийна терахь. Иштта билгалдоккху цо Путин Владимир Iедалан коьрте хIоьттичхьана схьа харжамашкахь шаьш-шайггара хьалхатетталучу кандидатийн юкъара терахь цIеххьана лахделла хилар. 2003-чу шеран Пачхьалкхан Думин харжамашка шаьш-шайгара язбелла кандидаташ 60% хиллехь, 2016-чу шарахь бацара иштанаш 8% бен. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко вышла в полуфинал турнира WTA-1000 в Майами






Март в Expostroy

«Нас интересует, кто заказчик». За терактами на территории России стоят западные спецслужбы?

В Таджикистане задержаны девять подозреваемых в связях с террористами из "Крокуса"

Перерождение Новосибирска: концепция «город в городе»