ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 11.06.2021

Полицин буьйранча бакъвинчу кхелахочун дов хоттур ду Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Ахты кIоштан кхелан куьйгалхочунна дуьхьал айдина гIуллакх, листина а даьлла, кхаьчна кхеле. Иза бехкево шегарчу даржах низамехь боцу пайда эцарна, хаам бина Талламан комитетан республикерчу урхалло. Талламан версица, 2015-чу шарахь цо бакъвина кхелехь Ахты кIоштан полицин куьйгалхо. Важа бехкевеш хилла мелла хаавеллачу шен белхахочунна еттарна. Кхелахо дуьхьалоян гIоьртина, ша бинчу сацамна дуьхьал арз лакха хьала ца дохьуьйтуш. Цо оцу Iалашонца 2017 шеран Iай доцу кхелан документаш хIиттийна... Читать дальше...

Кадыровхой тIелетта нах зуламах Iалашбечу хIусамна, ядийна цигара нохчо

Radiomarsho.com 

Зударий гIелонах кIелхьарбохучу хIусамна тIелетта Дагестанехь кадыровхой, царна гIодеш хьийзина меттигера полисхой. Оцу хIусам чохь хилла Нохчийчуьра едда йоI. Кадыровн гонерчу стеган йоI ю, боху иза. Нохчо а, цуьнан нийсархо а ницкъаша дIайигина. Мехкарий байъарна кхоьру бакъоларъярхой.

ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо бехк цабиллар дехна Кадыровга  

Radiomarsho.com 

ГIебартой-Балкхаройчуьрчу кхиазхочо къинтIера валар дехна шена Нохчийчоьнан кьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Бахьана ду цо Iедалхо сийсазвеш дийцинарг. "Масех де хьалха ас видео яьккхинера, дица мегар доцург дуьйцуш Кадыров Рамзанах. Иштта лела мегар дацара со сайлла воккха волчу стагаца. Со кхетта сой харц хиларх, сайна бехк цабиллар доьху ас", - боху кхиазхочо социалан машанашкахь гучуяьллачу видео тIехь. Хьалхо дийцина ма хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а... Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 24 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 289

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла коронавирусца болчу пациентех 24 стаг, цомгуш хилла кхин а 289. Уьнна духьалоечу оперативан штабан информацица, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь – 2, Кхарачой-Чергазийчохь, Адыгейхь, Нохчийчохь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велларг ву 10 781 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре лахара – Адыгейхь. Краснодар-мохк + 100 (49 495 ерриг а хенахь)... Читать дальше...

ГIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусамна тIелетта ХIинжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь тIелетта цIерачара ечу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамна. Нохчийчуьра бахкина нах а, меттигера полици а хилла дакъалоцуш. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина бакъоларъярхочо Анохина Светланас.  Корреспондентца иза къаелдеш а Iаш, дина тIелатар. Зударий дIалечкъинчу петар чулилхина божарий. Анохина а, цуьнца кхин йиъ йоI а петарара араяьккхина, маситтазза тоьхна царна. Гарехь, Нохчийчуьра бу гIелонах Iалашлуш шен цIера едда дIайига баьхкинарш. Анохинас Кавказ.Реалиига дийцарехь... Читать дальше...

Ца оьшучу вовшахтохараллашна гIо динарг колоне хаьжо мегаш ву 5-ъа шаранна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе хьажийна "ца оьшуш лаьррачу вовшахтохараллех" лаьцначу криминалан кодексан артиклана тIехь хийцамаш барх лаьцна проект, хаам бо Свобода Радионо. Оцу документца а догIуш, цу тайпачу юкъараллашна ахчанца гIо динчу нахана колонехь яккха хан тоха мега 5 шаре кхаччалц. Дийцарехь, цу тайпа хийцамаш бар къобалдина парламентан профилан комитето. Хьалхо Пачхьалкхан Думо шолгIачу ешарехь тIеийцира Росфинмониторинг урхаллина махкал арахьара бахархошна а, компанешна а доуьйту ахча тергонехь латто бакъо луш йолу а... Читать дальше...

Йохкархошна тIера ФСБ-н эпсаршна тIе кхаччалц. Хьанна кхел йо Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Йохкархошна тIера ФСБ-н эпсаршна тIе кхаччалц. Хьанна кхел йо Оьрсийчохь даймахкана ямартваларна а, шпионалла лелорна а аьлла, материал кечйина Настоящее Время телеканало. Колонехь даккха бархI шо хан тоьхна Ростов гIаларчу тIемагIуллакххочунна Кузьменко Татьянина, Украинана болх беш хилла аьлла, бехке а йина. Цуьнан доьзалхочун I4 шо кхаччалц тIаьхьатеттина хан. Оццу гIуллакхна тIехула лаьцначу Украинан вахархочунна Ширинг Константинна дуьхьал даьккхина "шпионаж" аьллачу артиклехь гIуллакх. Читать дальше...

"Нохчийн Рублевках" видео яьккхарна хьийзочо арз дина Страсбурге

Radiomarsho.com 

28 шо долчу Нохчийчуьра схьаваьллачу Нуханов Исламан цIарах арз чуделла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Документ кечдина Страсбурге хьажо бакъоларъяран "Мемориал" центрерчу (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла цуьнца. – Ред.) юристаша Агальцова Маринас а, Секретарева Натальяс а. 2019-чу шеран гурахь Нухановс ютьюбехула видео яржийра Соьлжа-ГIалин юккъера Кадыров Рамзанан гергарчийн а, гонан а хIусамаш гойтуш. Цул тIаьхьа вадийра иза шен цIера... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Дарья Касаткина

«Бомж» Дарья передает всем привет»: Касаткина ответила на слова Винер






РФ надеется на согласование конвенции по борьбе с ИКТ-преступностью в мае-июне

Самолеты из Оренбурга не вылетели в Москву и Санкт-Петербург из-за непогоды

Юные хоккеисты из Балашихи посетили мастер-класс профессиональных спортсменов клуба «Витязь»