ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 12.06.2021

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла уьнах 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 291

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 291. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабаан хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина COVID-19 цамнарх 11 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Веррига а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 10806 стаг. Уггаре дукха нах белла уьнах Краснодар-махкахь, лахара ду и терахь Адыгейхь. Краснодар-мохк + 102... Читать дальше...

Путина жоп делла, ша киллер ву я вац, аьлла, NBC News-о динчу хаттарна

Radiomarsho.com 

NBC News телеканална интервью елла Оьрсийчоьнан перзидента Путин Владимира. Журналистца Симмонс Кейрца хиллачу къамелан кийсак зорбане яьккхина пIераскан сарахь, Манагал-беттан 11-чохь. Корреспондента хаьттина Путине, вуй иза киллер. Хаттар ша луш журналиста дагалецира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента ABC телеканало шега, Путин киллер хетий цунна, аьлла хаьттича, Байдена "хета" жоп делла хилар. Хаттар воьлуш тIеийцира Путина, элира, ша шен даржехь Iачу заманахь воьллу цхьацца бахьанашца шех лаьцна вониг олуш нисдаларх. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу криминалан авторитетан дов кхеле делла Новосибирскехь

Radiomarsho.com 

36 шо долчу, Нохчийчуьра схьаваьллачу Бай шех олучу Солтанов Бай-Iелин бехктакхаман гIуллакх кхеле кхачийна Новосибирскехь. Зуламхойн тIегIанашкахь лаккхара меттиг кара а эцна, криминалан авторитетан гIуллакхаш дIалелорна бехкево иза. Талламан версица, 2020-21-чу шерашкахь "криминалан тобанашкахь лахара статус йолу нах шен куьйга кIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, нахана тIеIаткъам беш лелар" бехкедо Солтахановна Бай-Iелина, Новосибирскан... Читать дальше...

Кадыровс комментари йина Чимаевс инстаграмера суьрташ дIадахарх лаьцна

Radiomarsho.com 

Инстаграмехь къамелдеш Кадыров Рамзана жоп делла шега цхьамма динчу хаттарна: стенна дIадаьхна спортхочо Чимаев Хьамзата инстаграмера шеца даьхна хилла суьрташ. "Суна баккъал а ца хаьа, цо уьш стенна дIадаьхна. Соьга цо и ца хиттина. Суна сайна а ца вевзина иза дукха хан йоццуш бен", - аьлла Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхидIа аьлла Чимаевх лаьцна: "вуно дика хиндерг долуш латархо ву иза", "похIма долуш кхиина кIант ву". Нохчех волчу UFC-н Швецерчу латархочо Чимаев Хьамзата цIеххьана "дIацIанйира" деношкахь шен инстаграм... Читать дальше...

Нохчийчоь а, коронавирус а: ца лаахь а, лууш санна вакцинаци яйтар

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бахархоша латкъамаш бо, коронавирусна дуьхьал нуьцкъаша прививкаш йойту шайга, бохуш. Нах мехий деттийта декхаре беш Iедалхоша административан ресурсах пайдаоьцу. Оцу кепашца махкара гайтамаш дикачу агIор хилийта хьийза Iедалхой, яздо Кавказ.Реалии портало. Махкара бахархой бертаза, лоьрашна тIе буьтур бац, балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш тийсар а, прививкашна нохчий дуьхьалбовлар а доза мегар ду Iедалшкара схьа долчу цхьана а хIуманах халкъ тешаш цахиларца. Я федералан Iедалх а, я меттигерчех а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Екатерина Александрова

Александрова впервые войдет в топ-15 мирового рейтинга






Реставрацию мозаик Нади Леже в Дубне завершат через 2 месяца

Ограничение движения на участке М-5 в Самарской области вновь продлили из-за погоды

Издание об истории Севастополя передали в главную библиотеку в Хабароаске

В городской гимназии № 7 Брянска состоялась акция «Сдаём вместе.День сдачи ЕГЭ родителями»