ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 14.06.2021

Дагестанан хиллачу куьйгалхочун вешин кIант вийна. Бехкево цунна ММА-н латархо

Radiomarsho.com 

Кхо де хьалха йиттина, Дагестанан хиллачу куьйгалхочун Алиев Мухун вешин кIант кхелхина дарбанан цIийнехь. Шайн хьостана тIетевжина, и хаам бина шен телеграм-каналехь республикехь арадолучу "Дагестан" журналан коьртачу редакторо Бисавалиев Мохьмада. Цо яздарехь, Алиевн гергарчунна йиттинарг хила тарло ММА-н латархо Вагабов Ислам. Де хьалха хиллачух лаьцна видео гучуелира машанехь. Информаци зорбане йоккхучу хенахь, Кавказ.Реалиин корреспонденто хиллачу инцидентех лаьцна хоттуш, дахьийтинчу кехатна... Читать дальше...

Тарамова: "Сан бакъонаш талхош яц"

Radiomarsho.com 

Дагестанехь карийна, Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалимата харцдо, ша Оьрсийчуьрчу ЛГБТ-машанца йоьзна ю бохург. Иштта цо дIахьедина доьзалехь шен бакъонаш талхош цахиларх лаьцна а

ЛГБТ-ца ша йоьзна ю бохург бакъ ца до Тарамовас

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу кризисан центрехь карийна Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалимата пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлана еллачу интервьюхь бакъ ца дина, ша ЛГБТ-машанца йоьзна ю бохург. Иштта цо дIахьедина, доьзалехь шен бакъонаш хьоьшуш цахиларх лаьцна а. "Грозный" телеканало зорбане даьккхина, мехкан куьйгалхочун гонерчу Тарамов Аюбан йоIаца Тарамова Хьалиматца хилла къамел. ЙоIа дийцарехь, цунна дага а ца догIу, ша Дагестанехь, зударийн зуламах ларбечу бакъоларъярхойн хIусаме муха нисъелла. "Сан бакъонаш ларйо доьзалехь а... Читать дальше...

СаIудийн пачхьалкхо ХьаьжцIа бахкар дихкина махкара боцчу нахана

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхо коронавирусан пандемия бахьана долуш стохка санна кхушара а доза тоьхна хьаж дан бакъо еллачу шен бахархошна. Цунах лаьцна хаам бина оцу мехкан могушалла Iалашъяран министро

Дийнахь-буса коронавирусах 22 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 293

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 22 пациент, цомгуш хилла кхин а 293. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 11 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 4, Нохчийчохь а, Адыгейхь а шишша, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 853 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг  Къилбаседа ХIирийчохь. Читать дальше...

"Аватаран" автор ша ву бохуш, юха а кхеле ваьлла Закриев Руслан

Radiomarsho.com 

Нохчийн яздархочо Закриев Руслана дIахьедина, кхозлагIа а къовса дагахь ву ша Американ режиссерца  Кэмерон Джеймсца "Аватар" филман автор ша ву аьлла. Голливудан блокбастер ша хилар кхелехула тIечIагIдайта дагахь ву иза. Кхул хьалха шозза кхеле ваьллачу Закриевн аьтто ца белира. Адвоката Казацкер Дмитрийс бахарехь, 20th Century Fox International кампанин Оьрсийчуьрчу векалте Закриевс иск кховдийна. Цо чIагIдо, Хамовникан кIоштан кхело шинарин дийнахь дуьйна листа долор долуш ду чуделла арз, бохуш. Читать дальше...

Къилбаседа-ХIирийчуьрчу министран вешин карах жимстаг велла

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу юьртбахаман министран Вазиев Казбекан вашас, Вазиев Эльбруса 19 шо долу велосипедахь воьду жимстаг вийна, тIе машен тоьхна. Mash телеграм-канало яздо цунах лаьцна хаам. Некъан бохам Iоттабелла карарчу беттан 12-чохь Транскам цIе йолчу федералан трасси тIехь. Ford машенахь воьду Вазиев ца кхиъна машеннна урхалла дан, галваьллачу цо некъан йисттехь вогIучу велосипедхочунна тIетоьхна шен машен, хаам бина Къилбаседа -ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Машенлелорхо лаьцна ву... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция первого матча Елены Рыбакиной на турнире в Штутгарте






В Москве открылся 46-ой Московский Международный кинофестиваль

В Москве полицейские задержали занимающегося незаконной миграцией члена ОПГ

Газпром подал в суд несколько исков о передаче акций

Экспозиция пожарной охраны Москвы приглашает! Рассказываем о пожарных рукавах