ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 16.06.2021

Тиктокершна дуьхьал ву Кадыров: модехь болчу машанехь нохчийн куьйгалхочух "турпалхо" хилар

Radiomarsho.com 

Кадыровн эфирна бухахь Дагестанерчу кхиазхочо йитинчу комментарийна тIехула цуьнга гечдар дехийтинчул тIаьхьа, машанехь флешмоб йолийра "Кадыров - шайтIа" аьлла. Цул тIаьхьа оцу акцехь дакъалаьцна цхьамогIа тиктокерш декхаре бира иза къинтIера ваккха.

Царнаев ЖовхIарна вен кхел яр юхаметтахIоттор доьху Байденан администрацино

Radiomarsho.com 

Джо Байденан администрацино кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Шататийн Лаккхарчу кхеле, Бостонерчу марафонехь терроран акт ярна Царнаев ЖовхIарна вен кхел еш бина сацам юхаметтахIоттор хькъехь, президент (махкахь) вен кхелаш ярна хьул а ца деш дуьхьал велахь. Цунах лаьцна яздо " америкехь арадолучу Boston Herald (Бостон ХIералд) газето. Цо яздарехь, Юстицин министраллан юристаша оршотан дийнахь дIаделлачу документашкахь яздина Бостонера гонан хьалхара аппеляцин кхел галъяьллера, стохка... Читать дальше...

Страсбурго листа тIеэцна "Свобода" радионо Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал чуделла арз

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа тIеэцна Оьрсийчуьрчу аудиторина информаци латточу "RFE/RL" ("Радио Маьрша Европа/Радио Маршо") медиакорпорацин а, цуьнан инарла директоран Шарый Андрейн а арз. "Арахьарчу агентех" долчу Роскомнадзоран омрано тIедожийна ма-хиллара, шен материалашкахь маркировка ян "Радио Свобода" а, корпорацин кхин проекташ а реза цахиларна деттачу гIуданийн хьокъехь ду арз. Корпораци тешна ю ишта низам шена дуьхьалдаккхаро адамийн бакъонашкахула йолу Европан конвенци талхош хиларх. Читать дальше...

Тарамова лачкъийна йигарх лаьцна Нохчийчу хеттарш дахьийтина Москвано

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас официалехь кехат дахьийтина Нохчийчоьнан прокуратуре, бакъоларъярхойн шелтерера лачкъийна йигинчу нохчийн йоIах Тарамова Хьалиматах лаьцна "билггал хиллачух" хаам бе шайга аьлла. Пачхьалкхан Новости агенталло даржийна цунах лаьцна. "Селхана кехат дахьийтина ас Нохчийчоьнан прокуроре, хиллачух лаций билггал дерг а, нагахь санна, дуьйцург бакъ делахь, махкахь деш долчух а хаам бе аьлла", - дIахьедина Москальковас журналисташка. Нохчийн полисхоша Дагестанерчу... Читать дальше...

Нохчийчохь лаьттах доьллина герз карийна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин йистехь карийна артиллерийн хIоьънаш а, минаш а, гранатометаш а шаьш лелхийтарх дIахьедина Росгвардино. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахошца юкъахь дIаяьхьна ю и операци. Байсангуран кIоштарчу хьуьнан йистехь хааеллера и къайле. 70 сов тIеман гIирс бу лаьттах боьллина берриг а карийнарг. Бакъоларъяран органаша мах хадорца, масийтта шо хилла, и гIирс лаьттах боллу, яздо "Кавказский узел" гIирсо. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Дагестанехь карийра лаьттах доьллина герз. 12 гранатомет а... Читать дальше...

Оьрсийчохь видеотергаман юкъара система ю кхуллуш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалан дийцаршкахь ду пачхьалкхерчу гIаланашкахь мел йолчу видеотергаман камерийн юкъара система кхоллар. Оцу хьокъехь хаам бо "Коммерсантъ" газето, шен хьасташна тIе а тевжаш. "Халкъан видеотергаман платформа" 5 шера чохь кхуллуш дойъур ду 250 миллиард сом. "Ростехан" а, "Ростелекоман" а юкъара йолчу "Национальные технологии" ("Халкъан технологеш") компанин каралуш бу и болх. Платформа кхуллуш хилар бакъдина конструкторийн "Безопасный город" ("Кхерамзалле гIала") цхьанакхетараллин инарла конструктора Якимюк Оксанас. Читать дальше...

Культурин министраллан хьаькам йолчу Кадыровн йоIа йовзийтина шен йолан деклараци

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь шена хиллачу пайданах терахьаш довзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата. Мехкан синбахамаллин министран хьлхара гIовс хиларе терра, иза декхаре яра хаамаш Iорабаха. Ша зорбане яьккхинчу деклараци тIехь, цо билгалдаьккхина дахначу шарахь 850 эзар сом даьккхина ша аьлла. "Кавказ Пост" интернет-ресурсо хаам барехь, документа тIехь ишта билгалбаьккхина, Кадыровн йоьIан хIусамден бахам а, цо бина пайда а. Официалан зерашца, шен зудчул а шозза сов ахча даьккхина цо - цхьа миллион ах миллион сом. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу кхиазхочо бехк цабиллар дехна Кадыровга

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан къинтIера воккхуш, рогIера видео Iораяьккхина нохчийн инстаграм-пабликаша. ХIинца гечдар дехнарг ву Глазунов Максим цIе йолу жимстаг. Цуьнан маса шо ду а, иза муьлхачу гIалара ву а,  дуьйцуш дац. Цуьнан видеох лаьцна динчу йозанехь сийсазво иза публикацин авторша. "Миллионашкахь нохчий лам санна тIехIиттина стаг айхьа аьшнаш вале хьалха, Глазунов Максим, ойла стенна ца йира ахь", - яздина видео йовзуьйтуш. Ша кхиазхочо видео тIехь дийцарехь, карарчу беттан 12-чохь "Iаламат сийзазе... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалара полици юкъаозийна, вакцинаци яйта оьшуш хиларх бахархой кхетон

Radiomarsho.com 

Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархошлахь кхетош болх дIабахьар тIедожийна Соьлжа-ГIалин мэро. Оцу гIуллакхна Кадыров Хас-Мохьмада сацам бина полици а, муфтият а юкъаозо. Меттигерчу зорбанаша хаам барехь, шахьаран урхалхочо лерина кхеташо дIаяьхьна полицин дакъойн куьйгалхой а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хьаькам а цхьана юкъахь а волуш. Кадыров Хас-Мохьмада дIахьедина, вакцинаци шен лаамехь хила езаш ю, делахь а, цо бахарехь, оцу процедурех чекхбовлар оьшуш хиларх нахана дIахаийта деза, мегар дац нах цомгаш хилийта аьлла. Читать дальше...

Умаров Доккин тобанхочун гIуллакхехь теш волчо шена тIехь ницкъбо аьлла, дIахьедина

Radiomarsho.com 

Умаров Доккин тобанехь бакъоларъяран органийн белхахошна тIелатар дина аьлла, бехкевечу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Добриев Абон гIуллакх кхин дIа талла долийна Къилберчу тIеман кхело. ВидеозIенехула левина хилла, хьалхо оццу тобанхошца лелла ву аьлла, таIзар дина Дидигов Юнус. Умаров Доккин тобанхочун гIуллакхехь теш волчо шена тIехь ницкъбо аьлла, дIахьедина. Йоьдучу кхеташонехь прокурора дIадешна Дидиговс хьалхо талламаш болийначу юкъахь дина тоьшаллаш. ХIетахь цо хаам бинера, Умаровс буьйралла... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Кудерметова выиграла турнир WTA в Штутгарте в парном разряде






ТАСС: суд арестовал активы и счета замминистра обороны Иванова и его семьи

Новые варвары и Россия

ОНК: арестованный Тимур Иванов в стабильном состоянии, но встретится с психологом

Приметы на 25 апреля 2024 года: что категорически запрещается делать в этот день