ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 17.06.2021

Вакцина ца тохийтахь кхерамаш туьйсу нохчашна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вакцинаци яран терахьаш лахара хилахь, коронавирусаца доьзна юха а шога дозанаш деттар ду аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша. Прививкаш ца яйтахь гIуллакх ледара хир ду, боху цара.

Вакцинаци ца яйтахь бераш школе а, бошмашка а дуьтур дац Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь WhatsApp мессенджер лелочарна юкъахь аудио яьржина, парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух озаца коронавирусах прививкаш ца яйтинчарна ден долчух дуьйцуш. Кавказ.Реалиин корреспонденто бинчу хаамца, аудио тIехь дуьйцу, аьхкенан садоIу хан чекхъяьлча школашка а, бошмашка а бераш дуьтур дац, нагахь санна, церан хIусамашкахь болчара COVID-19 уьнна дуьхьал мехий деттийтина цахилахь. Билггал къамел дийриг Даудов ву я вац хаа аьтто ца баьлла. Бакъду, хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана дIахьедира... Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 320

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 23 пациент, цомгуш хилла кхин а 320. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь - 2, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - цхьацца велла. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 267 168 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а. Читать дальше...

Герз лелорца доьзна дехкарш малдина Америкерчу Техас штатехь

Radiomarsho.com 

Штато доьхур дац герз лелочу нахе лицензи хилар а, талламах чекхвалар а Американ Техас штатан губернатора Эббот Грега тIе куьг таIийна, бакъо луш долу кехат а доцуш, биографи а ца толлуш бахархошна шайца герз лело бакъо луш долчу низамна. Цунах лаьцна хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Дийцарехь, Эббот дагахь ву къаьсттина и низам хьахо еарин дийнахь хир йолчу лерринчу церемонехь. Кхушара Гезгмашин-беттан 1-хь дуьйна ницкъ болуш хир долчу низамах пайда эца аьтто хир бу луьра зулам дина чувоьллина... Читать дальше...

Зудаберашкахьа гIо даьккхинчу оьрсашна герз диттина Абхазин вахархочо 

Radiomarsho.com 

Ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь Оьрсийчуьрчу шина туристана чевнаш йина меттигерчу ресторанехь. Шайца цхьана йолчу шина йоIана меттигера вахархо кочаэха воьлча, цу шингахьа гIо даьккхина хиллера цара. "Сайн доттагIца ресторанехь Iара тхо, иза (тIелеттарг) тхан стоьлана тIе а веана, тхоьца долчу зудаберех куьйгаш Iийтта вуьйлира. Оха дехар дира, дIагIахьара хьо аьлла. ТIаккха цхьахйолчу йоIана масийттазза туьйхира цо, тхо вовшах хьирчира. Цул тIаьхьа тапча хьала а яьккхина, тхуна тIе герз детта волавелира иза... Читать дальше...

"Ахматан" латархочо дийцина, Нурмагомедов а, Чимаев а цхьаьнакхетта хиларх

Radiomarsho.com 

Дагестанхойн а, нохчийн а спортхошна Нурмагомедов Хьабибна а, Чимаев Хьамзатна а юкъахь дов дац аьлла, дIахьедина UFC-н Оьрсийчоьнан латархочо, "Ахмат" клубан декъашхочо Гришин Максима. Латархочо бахарехь, журналисташа а, социалан машанашкахь лелачара а дина питана ду иза. "Яцара конфликт. Аьллачух нийса ца кхетийнера. Телефон а тоьхна, цхьанакхийтира и шиъ, къамелдан. "Оха иза ватIор ву" бохучух аьлча, аш и дешнаш кхеторе терра ду. Юьхьдуьхьал а ала йиш ю сан ишта, юй? Ткъа муха лерех кхета и ешархочунна а, ладугIучунна а? Читать дальше...

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула бехкебечаьргахьа гIо даьккхина полисхочо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан юкъараллан кхерамзаллин урхаллан хьаькамо Сапралиев Къурейша тоьшалла дина, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь дIаяьхьначу митингехь къепедацарш лелорна бехкебечарна тIехIуттуш. "Кавказский узел" интернет-ресурсо бина и хаам. Бехкаш дохкучийн агIор теш санна хьалхатеттина вара Сапралиев, амма кхелан ладегIаршкахь цо дIахьедира, таIзаре хIоттийначу шиммо - Барахоев Ахьмада а, Чемурзиев Бараха а ницкъбар ца хьехнера аьлла. Мелхо а, протестхой дIатебан хьийзара уьш, дийцина цо. Читать дальше...

Псковрчу десантхошна тохар дина аьлла шеконашца лаьцна нохчо

Radiomarsho.com 

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, лаьцна Алханов Мохьмад, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву аьлла, дIахьедина талламчаша, яздо "Кавказский узел" ресурсо. Дахначу кхаарин дийнахь лаьцначу Алхановга бехкаш кховдо дагахь бу герзашца талораш лелорна а, гIаттамхойн тобанехь дакъалацарна а, эскархошна кIелоярна а, хаам бина Талламан комитето шен сайтехь. Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. Читать дальше...

Прививкаш ца яйтахь шога дозанаш деттар ду аьлла нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Регионехь вакцинаци яр лахара хилахь коронавирусаца доьзна шога дозанаш детта декхаре хир бу Нохчийчоьнан Iедалхой. Уьнна дуьхьал къийсам латточу Оперативан штабан кхеташонехь дина ишта дIахьедар мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ВКонтактерчу" аккаунтехь зорбане яьккхинчу шен публикацехь а яздина цу цунах лаьцна. "Вайна юкъара цхьаберш бендоцуш лела шайца а, нахаца а. Прививкаш ца яйтахь ледара хир ма ю тIаьхьало. Цундела, сайн аьтто баьллачуьра, ас кхайкхамбина бахархошка, вакцинацех чекхдовла аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Лучшая теннисистка мира сделала заявление перед матчем с Еленой Рыбакиной






Путин поручил руководству Ставропольского края организовать фестиваль томата

Вместо Альп: где этой зимой катались российские горнолыжники? Выбор оказался неожиданным

Можно ли победить диаспору? Можно, была бы политическая воля

Идову, Мельникова, Далалоян и другие гости Премии СБК 2024 отвечают на вопросы «Плеймейкера»