ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 18.06.2021

ДIалечкъинчу хIусамера ша дIайигарна дуьхьал хилла Тарамова

Radiomarsho.com 

ГIелонах бевдда зударий лечкъина бехачу бакъоларъярхойн хIусамера дIайигина Тарамова, ша сецочу полицин белхахошна дуьхьалтийсалуш яьккхина видео яьржина интернетехь. Ницкъхоша тIелатар деш оцу проектан координатора дIаязйинчу видео тIехь гуш ду и сурт.

Кадыровн полкан хьалханчас дIахьедина, ша "психиатрин лазартнера араваьккхина" аьлла

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командиро Чалаев Замида дийцина, кхетамах тиллачу нехан хIусамера нохчийн куьйгалхочо араваьккхина, Оьрсийчоьнан турпалхо вина шех аьлла. Халкъан кхоллараллан "Бенойра бIаьсте" фестивалехь, мехкан урхалхочун карара "Дашо седа"(Оьрсийчоьнан Турплахо цIе еллачарна луш долу совгIат) схьаоьцучу заманчохь дина цо ишта дIахьедар.  "Тахана кхузахь лаьтташ ву со, хIара совгIат схьа а оьцуш. Ткъа муха кхаьчна со кхуза, муха нисвелла со кху тIегIанехь? Кхетамах тиллачу нехан хIусамера схьавалийра ахь со... Читать дальше...

Кадыровн зударех бинчу талламна "Грозный" телеканало чуелла иск листа реза ца хилла кхел

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан "Проект" интернет-гIирсана дуьхьал пачхьалкхан "Грозный" телеканало чуелла хилла иск юхахьажийна Нохчийчуьрчу арбитражан кхело. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бечу талламехь шайн хаамаш юкъара журналисташа йоцца кийсиг эцарна латкъам бинера цара. Динчу дIахьедарехь телехьожийло 20 эзар сом тIедожадар хьехнера "Проектна", шайн интеллектуалан бакъонаш йохорах дIа а хаийтина. Иск талла дуьхьало йина кхелахоша, кхачо йоллу документаш шайга дIа ца кхачорна. Карладоккху... Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 24 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 334

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 24 пациент, цомгуш хилла кхин а 334. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь а, Нохчийчохь а,  ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша стаг велла, ГIалмакхойчохь а - цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 938 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а. Читать дальше...

Эшаршлакхархочунна Гетагазова Iайнаъна тIелатар динарг лаьцна

Radiomarsho.com 

Чохь даккха пхи дей-буьйсий хан тоьхна Магасан вахархочунна Мержоев Элезна, цо дов даьллачу хенахь йишлакхархочунна Гетагазова Iайнаъна тIара тоьхна аьлла. Дийцарехь, инцидент иккхина цхьахйолчу кафе чохь, яздо "Кавуказский узел" ресурсо. Мержоевс дIахьедарехь, дош дашера а даьлла, къовсаме ваьллачохь кьртах хIума тоьхнера цо Гетагазована, хаам бина Магасан кIоштан кхело. "Мержоевна бехк тIечIагIбина административан бакъо йохорца, пхий дей-буьйсий тоьхна цунна чохь даккха", - аьллачу кхелерчу хьостан дешнаш далийна "Интерфаксо". Читать дальше...

Шелтерера ша дIайигийта дуьхьал хилла Тарамова. ВИДЕО

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхойн Дагестанерчу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамера лачкъийна йигина Тарамова, ша сецочу полицин белхахошна дуьхьалтийсаелла. Шелтеран координаторо шен аккаунтехь Iораяьккхинчу ницкъхоша тIелатар деш дIаязйинчу видео тIехь гуш ду и. Арахьа лаьттачаьрца шайна бевзачу нахаца санна къамелаш а деш, петар чохь болчу зударша неI схьайоьллуш гуш ду видео тIехь. Масех секунд яьлча бевзаш боцучу наха цхьахйолчу йоIах катуху, тийсало уьш вовшех, видео тIехь хезаш ду хьоькху маьхьарий а. Читать дальше...

Меликов я Кадыров: хьаьнгахьа хир ю Кремль дозанаш къасточу хенахь?

Radiomarsho.com 

Дагестанна, Нохчийчоьнна юкъара доза къастош тIеэца беза сацамаш шина а агIонна товш хир бу ала вуно хала ду – яц пачхьалкхехь ишта барамаш дIакхехьа кхоьллина политикан кепаш. Дагестанан Iедалхоша хаийтина шайн республикан а, Нохчийчоьнан а юкъара доза цхьаццайолчу меттигашкахь билгало йоцуш дисина хиларх лаьцна. Мангал-беттан 2-чохь Дагестанан лаьттанийн а, бахаман а юкъаметтигийн министран гIовса Джанаев Хьабиба шен пресс-конференцехь дIахьедира, Дагестанан тIех яккхий претензеш яц Ставропол-махкаца а... Читать дальше...

Байденан а, Эрдоганан а барт ца хилла С-400 хаттарехула

Radiomarsho.com 

Джо Байденан администрацин аьллто ца баьлла, Туркойчоьнца барт бан, цо НАТО-но шен кхерамазаллина кхерам лору Оьрсийчоьнан герзан система эца бинчу сацамца доьзначу хаттарехула. Американ президентан къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчо Салливан Джейка журналисташка дийцарехь, хIокху кIиранах НАТО-н штаб-хIусамехь хиллачу дагадовларшкахь, Байдена а, Туркойчоьнан президента Эрдогана а дийцаре дира 20I7-чу шарахь масийтта миллиард долларна Оьрсийчоьнца дина махбар. Стохка ГIуран-баттахь Трампан... Читать дальше...

Баккъалла а боцу нах кхуллу компанеш

Radiomarsho.com 

Баккъалла а долуш санна компьютерца даьхна адамийн сурташ духкуш ду интернетехь эзарнашкахь. Американ Аз корреспонденто Митчел Динас теллина и проблема.

Истанг доцуш гIойла дац маре

Radiomarsho.com 

Ша шена дина истанг доцуш нохчийн йоI маре йоьдуш ца хиллийла хаьий шуна? И гIиллакх дицдина лаьттина. Амма хIинца дендеш ду. Бакъду, оьшур ду я дац таханлерчу нускалшна истангаш, хууш дац уьш дечу Гуьмсан кIоштан Ойсхарарчу исбаьхьаллин школехь, ткъа лаам болчунна дан-м Iамадо цигахь. Меттигерчу мехкарша а, зударша а меттахIоттийна и говзалла. Цара истангаш до доггах а, вуно хаза а.

Дагестанехь наркотикашца долчу хьолана Iедалхой бехкебина Нурмагомедовс

Radiomarsho.com 

Дагестанехь наркотикаш яржор сацорах жоьпалла Iедалан коьртехь болчарна тIехь ду. Йоьдучу пресс-конференцехь дина оцу кепара дIахьедар UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. "Ишта муха нисло хууш вац со, Оьрсийчуьра уггар а йорах наркотикаш Дагестанехь хуьлу. Цхьана наха хьекъалца беш болх бу и аьлла хета суна, уггар а йорахниш юкъа а йохуш: буц, молханаш, туьха", - дIахьедина Нурмагомедовс, цхьахволчо деллачу хаттарна жоп луш. Цунна хетарехь, Iедалхоша листа езаш проблема ю иза. Латархо тешна ву... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






Бешеный спрос: цена на машино-место в новостройках Москвы может превышать 20 млн

В парке культуры и отдыха Воскресенска функционирует зона буккроссинга

Практические советы по использованию услуг выкупа ресторанного оборудования для кейтеринговых компаний

Правительство Эстонии вынуждает Пюхтицкий монастырь отказаться от Московского патриархата