ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 22.06.2021

Кхело 2 млн евро дала кхачийна Нохчийчуьра бахархой барах долчу девнехь

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ши миллион евро гергга ахча дала декхарейина Оьрсийчоь 2005-чу шарахь Бороздиновская юьртахь 11 вахархо варца доьзна листинчу девнан сацамехь. Страсбургерчу кхело Оьрсийчоьнан Iедал бехке лору адамийн бакъонаш ларъярх йолчу Европан коныенци талхорна, шайлахь адаман даха йолу бакъо а цхьаьна. Тешаша а, бакъоларъярхоша а динчу дарешца а догIуш, 2005-чу шеран аьхка Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу "Восток" батальонан бIаьхоша вийна меттигера цхьа къано... Читать дальше...

Кадыровн критикаш байъа кийча ву “Грозный” ТВ-н директор

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан “Грозный” телеканалан коьрта хьаькам вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна резабоцчарна кхерамаш тийсарца. Ахмадов Чингиса “байъа” дош делла уьш. "Кадыровн мостагI нохчийн къоман мостагI ву", иштаниг шена а ву мостагI, дIахьедина цо

Зуламаш дарца Нохчийчоь массо а регионел хьалха ю

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане яьккхина кхушеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц йолу зуламийн статистика. Регистрацехь долчу зуламийн лидер ю Нохчийчоь – стохкалерчу оццу хенаца дуьстича, дина зуламаш совдевлла 41,2%. Кхиина зуламаш дар Петербургехь а – 35,2%, ГIалгIайчохь а – 27,5%. Зуламийн дукхаллица билгалъяллачу 10 регионийн декъахь бу Къилбаседа Кавказера кхин а кхо мохк – Дагестан, Адыгей, Къилбаседа ХIирийчоь. Ерриг Оьрсийчохь шо доладелчхьана регистраци ярца тидамеэцна зулам ду 845 эзар гергга... Читать дальше...

"Тхо дойъур ду аьлла, ойла яра тхан". Кавказера зудабераш доьзалера идарх дуьйцу бакъоларъярхочо

Radiomarsho.com 

Дагестанехь зударий къайлабохучу хIусамера меттигерчу полисхойн гIоьнца гергарчара дIайигина 22 шо долу Тарамова Хьалимат бахьана долуш иккхина скандал хIинца а ерзанза ю Нохчийчохь. Ша дIайига баьхкинчарна Тарамовас дуьхьало еш видео Iораяьккхина бакъоларъярхоша. Делахь а, Соьлжа-ГIалахь хIинца а къар ца ло, йоI шен лаамехь цIа йигина, бохуш. Нохчийчуьра едда йоI юха доьзале дIайига гIерташ меттигаш хьалха а нисбелла. Бакъду, бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна... Читать дальше...

Гуьржийн деоккупацин комисси кхоллар "эрна ду", боху Сухумехь

Radiomarsho.com 

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин Республикан арахьарчу гIуллакхийн министралло "беса болх" бу, заманца богIуш а бац, аьлла Гуьржийчоьнан Iедало деоккупацин комисси кхолла бинчу сацамах. Иштта боху оцу хьокъехь министралло ша йинчу комментарехь. "Деоккупацин комисси" кхолла сацамбарца Гуьржийчоьнан Iедал шайн бахархошна а, дуьненан юкъараллина а гайта гIертачух тера ду ша "оккупацехь йохкучу территорешца" дерг шогга "къасто" дагахь хилар дIахаийта. Тбилисино гойту и тема шен тергамехь юйла а... Читать дальше...

Москалькова, ницкъаша вакцинаци яйтарх лаьцна: "Харц ловзарш ду уьш"

Radiomarsho.com 

Москалькова, ницкъаша вакцинаци яйтарх лаьцна: "Харц ловзарш ду уьш" Оьрсийчохь адамийн бакъонашна тIехьажа векал йинчу Москалькова Татьянига дуккха а аьрзнаш кхочу COVID-19 уьнна дуьхьал мехий цадеттийтинчу нахера, шайна ен дискриминаци елхош. Оцу хьокъехь омбудсмено дIахьедина "Вести FM" радиостанцин эфирехь. Нах лаамза вакцинаци ян тIетеIоро оьшIазалла гIаттайо, нах карзахбоху, аьлла хета Москалькована. Масал далош, цо дийцира "Норильский никель" компанехь белхахошка, цара мехий ца деттийтахь "аьхка мукъаденош хуьлийла а... Читать дальше...

Маьждигашка, килсашка лела дихкина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу  Роспотребнадзоран урхаллин куьйгалхочо Павлов Николайс, махкахь коронавирус марсайолуш хиларца а дузуш, омра арахецна алссам адамаш гуллучу меттигашка, уггаре хьалха маьждигашка а, килсашка нахана бахар доьхкуш. "Далла гIуллакх деш пайдаэца интернетехула ечу онлайн-трансляцех, кхечу дистанционан кепех", – боху Роспотребнадзоран сайте хIоттийначу омрано. Урхалло декхаре бо динан ламасташ дIахьош болу Iеламчаш хIора дийнахь коронавирусан тестех чекхбийла а, дIахьочу динан барамашка богIучу нехан могIарш ма-хуьллу гатбан а. Читать дальше...

Гуцериев, МАЗ, БелАЗ - Европан Цхьаьнакхетараллин санкцийн тептарахь

Radiomarsho.com 

Европан Цхьаьнакхетаралло Оьрсийчуьра бизнесмен Гуцериев Михаил язвина Беларусан Iедало адамийн бакъонаш талхорца доьзна кхайкхийначу санкцийн тептара. Лукашенко Александран режимна дуьхьал кечдина санкцийн доьалгIа тептар къобалдина оршотдийнахь. Ткъа Гуцериев вевза Беларусан Iедалшца юкъарлонаш долу "Русснефть" компанин куьйгалхо санна. "Коммерсанто" бечу хаамца, Оьрсийчуьра совдегар, бизнесан "Сафмар" тобан куьйгалхо Гуцериев Михаил санкцийн тептара язвина цо Лукашенкона тIекарло латтош хиларца доьзна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Что чаще всего едят на завтрак дети Елены и Новака Джокович?






Владимир Брилёв: «Благотворительный базар в Lotte Hotel для дружеских делегаций из 44 стран – это круто!»

Представитель Meta Стоун не признал в московском суде вину в оправдании терроризма

Виктория Боня решила вернуться в Россию

Новая школа на 1030 мест появится в районе Кунцево