ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 23.06.2021

"ТIехIотта каш хилар а бара къинхетам". ТIамо чахчийна дахар  

Radiomarsho.com 

Тахана а тезет хIоттоза ду нисса 20 шо хьалха Нохчийчохь шогIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскархоша шен хIусамера лаьцна нуьцкъала дIавигинчул т1аьхьа лар йоцуш вайначу Асхаров Юсупан кертахь. Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаш дIакхайкхийра шаьш "талорхойн кьуйгалхочуьнан Хаттабан уллера доттагI вийна" аьлла, амма цуьнан дакъа гина стаг вац. Цундела тахана а шен хIусамда дийна хиларе сатуьйсуш еха цуьнан хIусаманан Асхаров Лариса, хIора шарахь и сатийсам гIеллуш белахь а. ХIара истори йолаелира нисса 20 ша хьлха. Читать дальше...

Криминал кхуьуш хиларца а тIаьхьа цайисна Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь талла долийна зуламаш алсамдаларца хьалханча хилла Нохчийчоьнах. Кхушеран Дечкен-баттахь дуьйна Стигалкъекъа-батте кхаччалц лерича, динчу зуламийн терахь алсамдаьлла республикехь 41-на процентана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс масийттаза дIахьедина республика "уггар кхерамбоцу" меттиг хиларх лаьцна.

Кадыровга даржехь висар дехна Соьлжа-ГIаларчу гуламан декъашхоша

Radiomarsho.com 

"Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гулам" цIе а йолуш, Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхначу форумо гурахь хинболчу республикан куьйгалхочун харжамашка шен кандидатура йиллар дехна Кадыров Рамзане, хаам баржийна "Нохчийчоь Тахана" агенталло. "Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь хинболчу Нохчийн Республикан куьйгалхочун рогIерчу харжамашка хьайн кандидатура хьалхататта. …Хьан бакъо яц тхан лаам тIе ца эца", - аьлла ду тIеэцначу резолюцехь. Делегаташ теша, боху документо, Кадыровн кандидатура Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

Чувашерчу кхело юхаталла хьажийна Идель.Реалиин журналистан гIуллакх

Radiomarsho.com 

Чувашин Лакхарчу кхело Мангал-беттан 22-чохь юхаталла хьажийна магийна йоцчу митингехь дакъалацарна бехкеечу Идель.Реалиин журналистан Комарова Дарьин гIуллакх. Цунна дуьхьал административан гIуллакх айдаран бахьана ду иза 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Навальный Алексейн Чебоксары гIаларчу штабан координаторца Кочкин Семёнца къамелдеш хааялар. Кочкин лерина вара харжамашкахь гIалин депутатийн кхеташонехь дакъалаца, цуьнца доьзна харжамхошна хьалха къамел деш хилла иза. Ткъа полисхоша гулам тидина магийна йоцу акци санна. Читать дальше...

Оьрсийчоь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци Iехо гIерта, боху юристаша

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран "ОВД-Инфо" проектерчу юристаша харц лору Оьрсийчоьно шен бахархоша дIадахначу Iай Навальный Алексейгахьа хIиттийначу протестан гуламех лаьцна Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организаце хьалхо дахьийтина документ. Оцу хьокъехь яздо "Коммерсантъ" газето. Дуьйцург ду Оьрсийчоьно адамийн маршонаш хьешарх лаьцна бакъоларъярхоша динчу аьрзнийн хьокъехь Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацино шега деллачу хеттаршна дуьхьал Кремло дахьийтина жоп. Дуьненаюкъарчу хьукмато хаийтар дехнера Оьрсийчоьнан Iедале ша адамийн паргIатонаш... Читать дальше...

"Тхо дойъур ду аьлла, ойла яра тхан". Кавказера зудабераш доьзалера идарх дуьйцу бакъоларъярхочо (2 дакъа)

Radiomarsho.com 

Дагестанехь зударий къайлабохучу хIусамера меттигерчу полисхойн гIоьнца гергарчара дIайигина 22 шо долу Тарамова Хьалимат бахьана долуш иккхина скандал хIинца а ерзанза ю Нохчийчохь. Ша дIайига баьхкинчарна Тарамовас дуьхьало еш видео Iораяьккхина бакъоларъярхоша. Делахь а, Соьлжа-ГIалахь хIинца а къар ца ло, йоI шен лаамехь цIа йигина, бохуш. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Анохинас ма-дарра дийцира, йоI лачкъийна йигарх а, Кавказера зударий стенах уьду а, цхьайолчу меттигашкахь волонтераш царна гIо дан дуьхьал стенна хуьлу а. Читать дальше...

ГIалгIайчуьра митинг йохош гIара-серло оьккхуьйту гранаташ лелийна хилар билгалдаьлла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра митинг йохош гIара-серло оьккхуьйту гранаташ лелийна хилар билгалдаьлла ГIалгIайн жигархойн дов хоттучу Ессентукерчу кхело теллина 2019-чу шарахь Магасера протестан гулам бохош Росгвардин дакъоша гIара-серло йоккху гранаташ кхуьйсуш гойту видеоматериалаш. Адвоката Куриев Мохьмада дийцарехь, къайлабаьхьна болчу Росгвардерчу тешаша бакъдина доцург ду хIинца Iорадаьлларг – шаьш ца кхийсира гулам бохош гIара-тата доккху гранаташ аьлла дара церан дареш. "Оха тахана теллира талламо кхеле балийнарш Iорабаха чуделла видеотоьшаллаш... Читать дальше...

Беларусин авиакомпанешна санкцеш тоьхначийн декъаяхана кхин а 7 пачхьалкх

Radiomarsho.com 

Европан Цхьаьнакхетаралло Беларусан авиакомпанешна санкцеш кхайкхор къобал а деш, изза дехкарш дIакхайкхина Цхьаьнакхетараллехь йоцчу Европерчу кхин а 7 пачхьалкхо. Цара доьхку Беларусерчу кеманашна шайн территори тIе охьадисса а, цу тIера гIовтта а, шайн стигалхула дIасалела а. Юьйцу пачхьалкхаш ю Албани, Черногори, Къилбаседа Македони, Серби, Исланди, Лихтенштейн, Норвеги. Европан Цхьаьнакхетараллерчу 27 махко Лукашенкон режимна дуьхьал санкцеш кхайкхийра Мангал-беттан 4-чохь. Санкцеш юкъаяьхна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Финалисты «Мастерса» в Монте‑Карло опередили Рублева в рейтинге ATP






Посольство: российские организации работают в штатном режиме в Иране

Прокуратура ФРГ возобновила расследование о пропаже владельца OBI Хауба

Мужчину с травмой позвоночника спасли в Долгопрудном

Более 30 мировых премьер вошло в программу 46-го ММКФ