ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 24.06.2021

Футболан "Ахмат" клубо Google кхеле елла YouTube-канал дIакъовларна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу футболан "Ахмат" клубо Америкера Google корпорацина арз чуделла Москварчу арбитражан кхеле. Пачхьалкхан "Правосудие" системехь йоьшийла ду айдинчу гIуллакхах йолу информаци. КхоалгIа агIо ю гIуллакхехь Роскомнадзор. Претензийн маьIна довзуьйтуш дац системо, амма боху, арз кхаьчна YouTube видеосервисо "Ахмат" клубан аккаунт дIакъевлинчул тIаьхьа. Ткъа дIакъевлира YouTube футболан тобанна иза Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна кIел яхча. Санкцийн Магнитскийн тептара язйира... Читать дальше...

Дуби-Эвлара туьйранча Апти

Radiomarsho.com 

10 000 сирник хьайга елча, ахь хIун дийр дара царах, цIерш леторал совнаха? Ткъа сирникех ца ялуш-м яц хIума! Ер ахь, лаахь, мачаш, тайнигаш, тракторш, машенаш, нохчийн бIаьвнаш. Теший хьо итт эзар сирниках вуно хаза бека, лепа нохчийн дечиг-пондар бало аьлча? Ца тешахь, хьажа Дуби-Эвларчу Аптис сирникех кхуллучу дуьнене!

Латта къевсина, стаг вийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Мангал-беттан 23-чохь латта къовсуш герзаш диттина ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштахь. Цхьа стаг велла, кхоъ йина чевнаш а йолуш дарбан цIийне кхачийна. Полицино лаьцна къовсамхошна тIе герз диттина хила тарлург. Бехктакхаман дов айдина "Стаг вер" а, "Шиннан а, кхин сов а адамийн дахарна тIекховдар" артиклаша къастош болу бехк тIебаьхьина цунна. "I962 шарера волчу меттигерчу вахархочо бахамца доьзна цIеххьана иккхинчу девнехь таллархойн "Сайга" карабинца чевнаш йина    веа стагна. Лазийнарш дарбан хIусаме бигина... Читать дальше...

ЙоI йина аьлла кхаъ баьккхича, велавелла вац цхьа а да?

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 10-чохь Дагестанерчу кризисан центрна чулилхина, кадыровхоша Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалиматах бахьана даьлла, юха а дийца даьккхина Кавказерчу, аьлча а, Нохчийчуьрчу зударийн хьолах лаьцна. Кеп-кепара ду хетарг, дуьйцург, олург, яздийриг. Маршо Радионо хеттарш дира махкарчу бахархошка, муха еха тахана нохчийн зуда, юй-те иза шен дахарх йоккхаеш, ирсе? Нохчийн яздархочо Эльдарханова Зайнапа яздо: "ЙоI йина хьуна!" аьлча, цу кхоана велавелла вац цхьа а да. ЙоI йича, ур-аттал зингатна а новкъа догIу боху. Читать дальше...

Путина къобалдина Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашка Кадыров хьалхататтар

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь Мангал-беттан 23-чохь, "Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гулам" цIе а йолуш, вовшахтоьхначу форумо гурахь хинболчу республикан куьйгалхочун харжамашка шен кандидатура йиллар дийхира Кадыров Рамзане. И барам боьрззушехь онлайнехь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира къамел дина Кадыровца, къобалдина иза шегарчу дарже юхахаржар. Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, "халкъийн дуьненаюкъара гулам" аьлла дIабаьхьначу барамехь дакъалаьцна 23 пачхьалкхера веъначу 5 эзар сов делегата. Читать дальше...

Тепсуркаев Салманан зуда эшам хилла ца лору Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло, ша ца лору Геленджикехь лачкъийначу Тепсуркаев Саламанан зуда бехктакхаман гIуллакхехь эшам хилларг, аьлла жоп делла зудчо динчу дехарна дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиин корреспонденте Тепсуркаева Елизаветин агIолоцучу "Iазапна дуьхьалояран комитетехь". Каарачу ханна кхоччуш сацам бовзуьйтийла дац, ша иза бовзуьйтуш кехат хьажор ду аьлла талламчас телефонехула, дуьйцу "Iазапна дуьхьалояран комитетерчу" юриста Маннапова Лайсана. Тепсуркаевн... Читать дальше...

Европерчу лидерийн ойла: хIун дара-те Оьрсийчоьнца юкъарло меттахIоттийча?

Radiomarsho.com 

Путин Владимиран а, Джо Байденан а цхьаьнакхетар пайде хила тарло Оьрсийчоь дуьненаюкъарчу изоляцера яккха –нагахь санна цунна иза лууш делахь. Британерчу Financial Times газетана хетарехь, 2014-шIа шо тIедаллалц, Украинан малхбалехь конфликт йолаяллалц йолчу заманахь Оьрсийчоьнца еш хилла саммиташ меттахIотторах ойла еш бу Европера лидерш. Газето бина и тидам тергоне эцна The Bell газето а. Путин Европан хьалханчашца къамеле кхайкха лаам къадийнарг ю Германин канцлер Меркель Ангела. И ойла къобалйина Францин президента Макрон Эммануэла. Читать дальше...

"Кадыровн киллерна" дуьхьал арз хьажийна Страсбурге Орлов Олега

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран "Мемориал" центран (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза ца хилла и статус тIеэца - Ред.) куьйгалхочо Орлов Олега арз дахьийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Нохчийчоьнан куьйгалхочо долийна кхерамаш тийсар соцуш дац, цуьнгара и некъ караэцна хьийзачу наха шега а, шен накъосташка а къидIа а кхоьхьуьйту машанашкахула эвхьаза хаамаш, чIагIдо Орловс. "Цхьа зуда яьлла, тхуна евзаш а йоцу, цхьа Иконникова, цо ша " Кадыровн чалтач" ю боху. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Кудерметова и Хао-Чин вышли в финал турнира WTA в Штутгарте в парном разряде






«Свалила наповал»: работа студентки ПетрГУ поразила ученых из Москвы

Студенческие документы переходят в цифровую эпоху: что это значит для образования и студентов

Суд приговорил экс-директора частной школы к девяти годам колонии за покушение на убийство супруги депутата

Полиция начала проверку после избиения мужа Яны Поплавской в Москве