ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 01.09.2021

Эстемирова Наталья ерах лаьцна сацам бина ЕСПЧ-кхело

Radiomarsho.com 

"Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Нохчийн бакъоларъярхо ерах жоьпалла Iедалхошна тIехь хиларх тоьшаллаш ца карийна кхелахошна, амма билгалдаьккхина зулам кхачам боллуш теллина цахилар.

ММА-н оьрсийн латархочо Кулицкий Артура гечдар дехна Кадыров Рамзане

Radiomarsho.com 

ММА-н латархочо, Hardcore латарийн декъашхочо, Акаб цIарца дика вевзачу Кулицкий Артура шена къинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ишта, "Оьрсийчоьнан Iедал а, къам" а. Инстарамерчу шен агIоне хIоттийна цо шина минотехь дIаязйина видео: "Со мелла вара, ас цхьа гIурт бийцина. Со билггал юьхьIаьржа ву"" аьлла, буха а яздина. "Оьрсийчоьнан Iедална а, президентна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзан Ахматовична а хьалха бехк ца биллар деха луур дара суна, айса баьхначунна. Читать дальше...

Оьрийчоьнан а, Абхазин а авторитетан къуьйшна юкъахь къовсам баьлла

Radiomarsho.com 

Абхазерчу зуламхойн кланан куьйгалхочунна Джангвеладзе Мерабна а, Оьрисйчуьрчу зуламхойн гонийн лидерна Калашов Захарийна (Шакро Молодой цIарца гоьваьлла) а юкъахь дов гIаьттина, зуламхойн тIегIанашкахь лаккхара меттиг къевсина. Джангвеладзен кланера масех къуьйн эла Калашовгахьа дехьаваьлла, оцу тIехула хьалха хилла "куьйгалхо" оьгIазвохуьйтуш. Шайн хьасташна тIетевжина бина цунах лаьцна хаам "Прайм Крайм" портало.  Ресурсан информацица, Усть-Лабинскерчу колонехь хан токхучу Молодой Шакрогахьа... Читать дальше...

"Дукха Iалашонаш яра сан". Стенах уьду Афганистанера мехкарий а, зударий а – бисинчийн кхолламех а

Radiomarsho.com 

Шайн хIусамашкара ара ма довла аьлла, "хьехна" тIалибаша зударшна: тобанан куьйгалло кхеторехь, цхьана ханна а, церан кхерамзаллин дуьхьа а боху цара, могIарерчу тIалибашна зударшца муха хила веза "Iаммалц". ТIаьхьо и низамаш мел а кIаддан чIагIо йо цара, яздо Настоящее Время телеканало. Амма массао а зуда кийча яц оцу хийцамашка хьежа, цкъачунна уьш балхара дIабоху, бурканаш тIеюхуьйту, хIаллакдийр ду бохуш, кхерамаш а туьйсу. Кабулера тIаьххьара эвакуаци ечу заманчохь шайн ма-хуьллу пачхьалкхера... Читать дальше...

"Арахьарчу агентийн" тептар дIадаккхар тIедожийна 20 сов зорбанан коьртачу редакторша

Radiomarsho.com 

Йозуш йоцчу оьрсийн 20 сов хаамийн гIирсийн коьртачу редакторша тIедожийна "арахьрачу агентийн" тептар дIадаккхар, иштта "арахьарчу агентех" юкъадаьккхина низам кIаддар а. Диллина кехат дахьийтина цара шайн тIедахкаршца Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, цуьнан пресс-секретаре Песков Дмитрийга, юстицин министре Чуйченко Константине а Кхайкхамна куьйгаш яздинчу редакторийн хаамийн гIирсаша зорбане доккхур ду кехат. "Зорбанан гIирс- арахьара агент" реестре язйина "Дождь" телеканал а ю царлахь. Читать дальше...

Кабулера эвакуаци яран жамIаш "боккха кхиам" бу аьлла Байдена

Radiomarsho.com 

"Бокка кхиам" бу америкхой а, кхечу пачхьалкхийн бахархой а, ишта афганхой а цхьаьна, Кабулера арабохуш дIаяьхьначу операцин жамIаш аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена. Афганистанера тIемалой арабахарца доьзна шинарин дийнахь шен къоме вистхуьлуш дина и дIахьедар цо. Американ дуккхаъчу политикаша а, комментаторша а критика йира Байденан администрацина, йинчу эвакуацина а, иза кхин дIа ца яхъян бинчу сацамна а, операци байначу беттан 31-чохь ерзорна а. Цара дуьйцура аэропортехь хуьлучу кегарих... Читать дальше...

Бесланехь кхаа дийнахь дагалоьцур бу терактехь белларш

Radiomarsho.com 

Бесланерчу номер 1 йолчу школехь бохам хилла 17 шо кхочучу юкъанна кхаа денна иэсан Вахта йолийна цигахь. Эзар сов стаг гулвеллера школан гIишлона гергахь. Тезетан церемони йолийна Iуьйранна 9 сахьт даьлча, ткъа исс сахьт пхийтта минот яьлча бийкира школан горгали – оццу заманчохь школан керта иккхинера тIемалойн тоба. Кхаа дийнахь школе богIур бу мехкан бахархой зезагаш дахка а, суьйранна чIурамаш дагор ду. 2000-чу шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша Кремлна Нохчийчохь... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра ял оьцучу инспекцин белхахочух шеко ю, цо ахча даьхьна аьлла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра ял оьцучу инспекцин декъан куьйгалхочо алапа ду а бохуш, шен гергарчийн чоьта тIе даьккхина бюджетера пхи миллион сом аьлла, шеконаш кхоллаелла прокуратурин. Кавказский узел интернет-ресурсо яздо цунах лаьцна. Талламан версица, белхахойн электронан куьйгъяздарх пайда а оьцуш, бакъо йоцуш бюджетера ахчанаш шен бевза-безачийн банкан картанаш тIе дохуш хилла цо. Дерриг а лачкъийнарг ду пхи миллион сом, хааме даьккхина ГIалгIайчоьнан прокуратуро. Наьсаран прокуратуро гучуяьхна махинацеш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA отреагировала на суперкамбэк Елены Рыбакиной






Собянин: Депо «Столбово» примет поезда Сокольнической и Троицкой линий метро

Вместо Альп: где этой зимой катались российские горнолыжники? Выбор оказался неожиданным

Кранч выбивают Кометс из борьбы за плей-офф

Елена Батурина поддерживает отечественных дизайнеров.