ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 03.09.2021

Деллачу жIаьлица видео яьккхинчу кхиазхойн дай-наношкара юьхь яьккхина

Radiomarsho.com 

Деллачу жIаьлин дакъа квадроциклна тIаьхьа а тесна, видео яьккхинчу берийн дай-наной Нохчийчохь полицин декъа балийнера. Цаьрца а, кхиазхошца а цхьаьна къамел дина Устрада-ГIаларчу полицин декъан белхахоша. Шайн хиллачу цхьанакхетарх видео инстаграме хIоттийна цара. Ролика тIехь цхьахволчу дас чIагIдо, масех дийнахь церан цIенна гена доццучехь и жIаьла делла Iуьллуш хиллера, боьха хьожа а хIоьттина бохуш. Метигерчу вахархочо бахарехь, оцу берашна тIедиллина хилера цо, жIаьлин дакъа лаьттах долла аьлла. Читать дальше...

Меттигерчу школехь дай-нанойн комитетан куьйгаллехь хиллачунна йиттина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Хьехархойн а, дешархойн дай-нанойн митингехь къамел динчу Дагестанерчу Цунтинскан кIоштан Гугатли эвларчу вахархочунна Мусаев Мусана йиттина. Меттигерчу школан хьехархочо Тинагаджиев Мохьмада дийцина КавказРеалиига, ХIинжа-ГIала дIавигина Мусаев могушалла Iалашъяран министраллан вертолетца делкъал тIаьхьа аьлла. "Iуьллуш ву иза, вистхуьлуш а вац. Нашатыран спиртах хьожа яккхийтира цуьнга, лазар теден мехий а туьйхира", - дийцина Тинагаджиевс. Цо бахарехь, Мусаевна йиттина пIераскан рузба дирзинчул тIаьхьа, машенахь дIа а вигина. Читать дальше...

Немцовн фондо шена делла €10 эзар политикан тутмакхийн доьзалшна дIакхачийна Навальныйс

Radiomarsho.com 

Чиллан-баттахь Немцовн Борисан цIарахчу фондо шена делла 10 эзар евро преми таIзар динчу веа жигархочун доьзалшлахь дIасадекъна Навальный Алексейс. Хаам баржийна цунах лаьцна политико шен инстаграмерчу аккаунтехь. Навальныйс бахарехь, Немцовн йоIе Немцова Жанне дехар дина хилла цо, "шел а холчахь болчу" оцу доьзалшна 2,5 эзар евро дIахьажаде аьлла. Коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК экстремистийн организаци а, арахьара агент а лерина Оьрсийчоьнан Iедалша) операторан, экстремизме кхайкхамаш бина аьлла... Читать дальше...

ММА-н латархочо Кулицкий Артура гечдар дехна Кадыров Рамзане

Radiomarsho.com 

ММА-н латархочо, Hardcore латарийн декъашхочо, Акаб цIарца дика вевзачу Кулицкий Артура шена къинтIераваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ишта, "Оьрсийчоьнан Iедал а, къам" а. Инстарамерчу шен агIоне хIоттийна цо шина минотехь дIаязйина видео: "Со мелла вара, ас цхьа гIурт бийцина. Со билггал юьхьIаьржа ву"" аьлла, буха а яздина.

Нохчийчоьнан цкъа а ца хилла суверенитет, аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна, шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо, уьш гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Исторех лаьцна шена хетарг довзийтина цо министрийн кабинетца тIаьххьара дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь. "ХIара мохк вайн бу, кхин цхьаьннан а бац. Шейхан Мансуран заманера схьа дуьйна хIу ду вай къийсинарг? Дин лело а, нохчочун кодекс Iалашъян таро хилийта гIерташ къийсам латтийна вай. Вайн халкъан турпалхой схьа а эцна... Читать дальше...

Пхеа шерачохь Къилбаседа Кавказехь шаьш 250 тIемало верах дIахьедина Росгвардино

Radiomarsho.com 

2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь тIемалой бара аьлла хета 250 стаг верах дIахаийтина Росгвардино. ГIаттамхой кечбеш хилла 29 база а йохийна шаьш, боху цара ишта. "2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Федерацин Къилбаседа Кавказан территори тIехь йиъ эзар сов леррина операци дIаяьхьна, цигахь вийна 250 тIемало, уьш кечбеш хилла 29 база а,  193 тIемалойн куп а хIаллакйина, 517 къайле карийна", - яздо Новости агенталло, Росгвардин пресс-гIуллакххойн информацина тIетевжина. Читать дальше...

Десантхошна тIелеттачаьрца хилла вац Алханов, боху адвокато

Radiomarsho.com 

2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна тIелатар динчех ву аьлла, таIзаре хIоттийна Нохчийчуьра вахархо Алханов Мохьмад бехке вац аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато. Кавказский узел ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Цуьнан дегIа тIехь цхьана а тайпа муонаш дац, цо тIемашкахь дакъалаьцна аьлла, тIехула тIе талламо бехкехиларх тоьшаллаш ца далийна. Товбеца-беттан 16-чу дийнахь лаьцна ву, талламо Басаев Шемалан тобанхо лоруш волу Алханов Мохьмад. Дуьйцучу зуламан декъах хилла вац Алханов Мохьмад, тIемаш боьлхучу заманчохь кхиазхо хилла ву иза... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина приблизилась к первой ракетке мира






Вторая река Москвы – обзор новостроек вдоль Яузы

Opinion: на юбилей высадки союзников в Нормандии могут приехать Обама и Трамп

Залог спокойного отпуска: как вовремя узнать о протечке и не затопить соседей

Астрономы предупредили о магнитных бурях в конце апреля