ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 04.09.2021

Ша гIоза-декъал ю, боху Нохчийчохь хьийзош ю бохуш юьйцучу Тарамова Хьалимата

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь кхайкхам баьржина, зорбанан гIирсаша лачкъийна, ницкъ ловш ю бохуш юьйцучу Трамова Хьалимата. Цуьнан къамел зорбане даьккхина pro_chechnya инстаграм агIонехь. Жимачу зудчо боху ша кIадйелла шех а, шен доьзалах а лаьцна харц хабарш а, эладташ а даржорах. Видео яккха дезна шен боху цо шен, ша йийна, подвала чохь латтош ю, хьийзош ю бохуш наха харц хабарш даржош хиларна . "Хоуьйту ас со лортIехь ю, со ца йийна, со сайн доьзалца а, гаргарчу а, юххерчу нахаца ю, ас чIогIа доьху йитахьара со", - боху йоIа. Читать дальше...

Росгвардин белхахоша теристашна йиттина Краснодаран кIоштахь

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь видео яьржина, Росгвардин белхахоша федералан территори санна билгалъяьккхинчу Сириус цIе йолчу хIордаца йолчу меттехь садоIуш болчу туристашна етташ яьккхина йолу. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. 10 минот йохалла йолчу видео тIехь Росгвардин ши эскархо ву шайх эххар ведда кIелхьарваьллачу стагана чхьонкарш тухуш. Эшам хилларг ву шеца йолу зуда ницкаллин структурийн белхахойх ларъян гIерташ дуьхьалхIоьттинарг. "Кубанские новости" новости газетан телеграм-канало дийцарехь... Читать дальше...

Донбассера конфликт дIаерзош дакъалоцур ду Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Radiomarsho.com 

Донбассера тIеман конфликт дIаерзор дийцаре дийр ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дакъа а лоцуш. Цуьнах лаьцна дIахьедина Украинин вице-премьера Стефанишина Ольгас, хаам бо Радио Свободано. Стефанишинас дийцарехь, Вашингтон юкъаяхна оцу балхана Американ а, Украинин а президенташ цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн в, Украинин а президенташ Джо Байден а, Зеленский Владимир а цхьаьнакхийтира Вашингтонехь Гезгмашин-беттан 1-хь. Кхечарна юкъахь цаьршимма дийцаре дира кхерамазаллица а... Читать дальше...

20 шо хьалха Америкехь хиллачу терактех лаьцна материалаш схьаястар тIедожийна Байдена

Radiomarsho.com 

Американ президента Джо Байдена омра делла Юстицин министраллана, 2001-чу шарахь Гезгмашин-баттахь терроран тIелатарш динчул тIаьхьа ФБР-ра бинчу талламан материалаш талла аьлла, уьш къайлаха йолчура схьаястар а, зорбане яхар а Iалашонца. Цунах лаьцна хаам бо Американ Аз портало. "Президентан дарже хIотта кампани дIахьуш, ас дош деллера Гезг-машин беттан 11-чу дийнахь Америкина терроран тIелатарш дарца доьзна документаш схьадостур ду аьлла. Айса аьлларг кхочуш деш ву со ибохаме де хилла 20 шо кхочуш", - аьлла ду Байденан дIахьедарехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Хромачёва и Бабош выиграли турнир WTA в Руане в парном разряде






Джо Байден заявил, что если США уйдут с мировой арены, мир останется без лидера

О награждении государственными наградами Российской Федерации № 279

Спикер Ил Тумэна о доле Якутии в АЛРОСА: никаких угроз нет, обстановка очень хорошая

Ъ: следствие обратится в суд с ходатайством об аресте Иванова в среду