ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 08.09.2021

212 стаг лачкъийна хIокху аьхка. Нохчийчохь ницкъ баран хроника

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин  1ADAT телеграм-канала дийцарехь, кхун аьха республикехь лачкъийна лаххара 212 стаг. Кавказ.Реалиино зорбане яьхна цу тайпа кхоллам хиллачу цхьаболчу нехан истореш. Мангалан-баттахь Чири-Эвлана ницкъаллийн структурийн белхахоша го бина, кегийрхой лецна хиларх лаьцна хаам бира 1ADATа. Верриг а дIалаьцнарг вара 17-20 шераш долу 10 стаг. Оццу баттахь Хьалха-МартантIехь лачкъийра 100 гергга меттигера вахархо. Рейдаш яхйелира цигахь цхьана кIиранах. ДIабигнарш бара 20 шаре кхаччал хан йолу кегийрхой. Читать дальше...

Туркойчуьра схьадеана дов

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу экс-полисхочун Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийна ХалитовгIеран а, НаурбаевгIаран а цIийнах болчу нахана. Истанбулехь вехаш хиллачу шена а, шен доьзална а, кхерамаш туьйсуш, тIелеттера, боху Арсанукаевс махкахой. Ткъа, иттех шо хьалха Кадыровс чIир кхайкхор юкъара а доккхуш, маслаIатан комисси хаьржира

Якутехь ницкъ барна а, стаг верна а бехкево ГIалгIайчуьра ши вахархо

Radiomarsho.com 

Бехкзуламан гIуллакхехула ГIалгIайчуьрчу шина вахархочунна дехкина бехкаш тIечIагIдина. Уьш кхеле хIиттийнера, хьалххе тобанца барт а бина, стаг лачкъийна дIа а вигина, верна яздо SakhaPress гIирсо. Талламан версица, машенчохь къайладаьккхина деши дохьуш богIучу ГIалгIайчуьра бахархошна хааделлера, шаьш бохьу ах мохь новкъахь байна хилар. Машенийн урхалладечарех шеконаш гIаьттинчу цара пхеа декъахочуьнца юкъахь пхеа дийнахь тIаьхь ницкъбина хиллера царна, боху талламхоша. Цхьахволчу машенлелорхочун... Читать дальше...

"Арахьара агенташ бац, журналисташ бу". Оьрсийчоьнан зорбанаша акци йолийна

Radiomarsho.com 

Гезгамашин-беттан 8-чохь, журналистийн цхьааллин Дуьненаюкъарчу дийнахь, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн журналисташа акци йолийна "Иноагенташ бац, журналисташ бу" аьлла. Свобода Радионо яздо цунах лаьцна. "Арахьарчу агентех" долчу низамна дуьхьал юкъаяьккхинчу акцехь дакъалоцуш ю 40 сов хаамийн ресурс. Оьрсийчоьнан Iедалхоша "Зорбанаш –" арахьара агенташ" тептаре яьккхина "Дождь" телеканал, "Медуза", "Важные истории", The Bell, "Медиазона", Republic, "Новая газета", "Мох", "Бумага", "Тайга.инфо"... Читать дальше...

Бесланехь теракт ярна велла дIаваллалц чувоьллина Курлаев Нурпаша латкъам бан дагахь ву

Radiomarsho.com 

Бесланера номер 1 йолу школа дIалаьцначаьрца хилла ву аьлла, таIзар дина Кулаев Нурпаша латкъамбан Iалашо йолуш ву шен сацамна. Дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан цхьаццайолу материалаш дIаехна цо. Адвоката Плиев Альберта кхачам боллуш шен гIуллакх дIа ца даьхьна аьлла цо. Mash Gor телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам. Къилбаседа ХIирийчуьрчу омбудсмено Цгоев Тамерлана тIечIагIдина, Кулаевгара ши арз шега кхаьчна хилар. "Бакъонаш Iалашъян векал винчун компетенцица царна жоьпаш лур ду дIахIоттийначу кепехь", - аьлла хьаькамо. Читать дальше...

Дозанал арахьа бехачу нохчашна конкурс кхайкхийна. КадыровгIеран сурт дилла деза цара

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада конкурс кхайкхийна Кадыров Ахьмадан (мехкан куьйгалхочун да), Кадырова Айманин (мехкан куьйгалхочун нана), Кадыров Рамзанан шен а  "тоьлла исбаьхьаллин сурт" дилла аьлла. Къовсамехь дакъалаца кхойкхуш бу дозанал а арахьа беха нохчий, хаамбина Даудовс шен инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, вице-премьер Висмурадов Абузайд а, нохчийн парламентан депутат Ханбиев Мохьмад а, Австрехь нохчийн мухIажар верца доьзна дукхазза хьехийна... Читать дальше...

Коьртахь йовлакхаш доцу зудабераш школа чу ца дитина директоран гIовс балхара дIаяьккхина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Коьртахь йовлакхаш доцуш деша бераш чу ца дитина Дагестанерчу Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школан директоран гIовс Курбанкадиева Адамкади балхара дIаяьккхина. Кайтагскан кIоштан дешаран декъан хьаькамо Магомедов Шемала бина и хаам, яздо "360" телеканало. Коьртахь хIума йоцу дешархой-йоьIарий пенаца дIа а хIиттийна, школа чу ца буьтуш яьккхинчу видеоно йоккха гIовгIа эккхийтинера. Оцу гIуллакхан хьокъехь талламбар дехнера Дагестанан прокуроре Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхочо Москалькова Татьянас. Читать дальше...

Шина доьзале чIир хьейина Нохчийчохь. Стенгахь ю Кадыровс вовшахтоьхна маслаIатан комисси?

Radiomarsho.com 

Ницкъаллин структурашкахь болх бинчу Шуьтарчу Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийна шина доьзална: ХалитовгIарна а, НаурбаевгIарна а. Туркойчохь веха оппозицин блогер Халитов Хьасан Наурбаев Рустамца цхьаьна Истанбулерчу шен доьзална тIелеттера, "зуда а, шо кхаьчна йоI а юьйр ю" бохуш, чIагIдо экс-полисхочо. Нохчийн Iедалхой камерана хьалха луьйш, сийсазде бохуш хиллера цуьнга. Яржийначу видео тIехь божарийн тоба, шайлахь Арсанукаев а волуш, Халитовн а, Наурбаевн а гергарчийн керта а оьхуш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Полина Кудерметова проиграла Плишковой в первом круге турнира WTA в Руане






Илья Прозоров: «Региональные банки должны участвовать в трансформации экономики России»

Алиев потребовал перестать проводить политику двойных стандартов, ткнув Блинкена в проделки США

На востоке Москвы загорелся автомобиль

Ситуация под Авдеевкой на сегодня. Карта боевых действий от 16 апреля 2024 года