ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 11.09.2021

"Авиценна" орден елла Кадыровна. Могушалла Iалашъярехь мехала дакъальцначарна луш ду и совгIат

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дIайоьдучу Къилбаседа Кавказерчу терапевтийн форумехь мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Авиценна" орден елла, могушалла Iалашъярехь а, медицинан Iилманаш а кхиорехь а мехала дакъалацарна. СовгIат дIакхачийна Кадыровга тераптевтийн Iилманан а, медицинан а Оьрсийчоьнан юкъараллин куьйгалхочо, РАН-ан академико Мартынов Анатолийс а, Оьрсийчоьанн Юккъерчу федералан гонийн пульмонолога Малявин Андрейс а, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. "Регионехь тахана гуш долчу могушалла Iалашъяран хьоло тоьшалла до... Читать дальше...

Шен кIантехь Iазап латтийначу дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Кест-кеста шен кIантана етташ хиллачу Нохчийчуьрчу дена дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Шела-кIоштан вахархо дIалаьцна, иза чохь вуьтуш сацамбар ду дийцаредеш аьлла, хааам бина REGNUM интернет-ресурсо, регионерачу прокуратуран пресс-гIуллакххошна тIетевжаш. Доьзалехь ницкъбеш хиларх кху шеран байначу баттахь кхаьчна информаци шен лерринчу тергоне эцнера мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис. Талламаш бинчул тIаьхьа гайтинчу жамIашца бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан сацамбира прокуратурано, кхиазхочуьнгахь Iазап латторна. Читать дальше...

Америкехь 2001-чу шарахь динчу терактехь эзарнашкахь байинарш дагалоьцур бу тахана дуьнено

Radiomarsho.com 

Ткъа шо хьалха, 2001-чу шеран Гезгмашин-беттан 11-хь ткъесна террорхочо-Iожалхочо, исторехь хиллачех уггар а доккха теракт дира, пассажирийн диъ кема а дадийна. 3 эзар гергга нах белира оцу зуламехь. Дуьненан йохка-эцаран центран шина бIаьвнах кхийтира тIаьхьий-хьалхий ши кема. Вашингтонна гергахь йолчу Пентагонан гIишлонехьа дерзийра террорхоша кхоалгIа кема. ДоьалгIачу кеманахь хилла пассажираш а, экипаж а дуьхьало ян гIоьртира террорхошна, амма кема дуьйхира Пенсильвания штатан аренца. 102 минотехь хилла уггар а къиза хиламаш бара уьш. Читать дальше...

Афганистанан хиллачу вице-президентан ваша вийна тIалибаша

Radiomarsho.com 

Афганистанан президент пачхьалкхера дIавахначул тIаьхьа цуьнан декхарш кхочушдийриг ша ву аьлла, дIакхайкхийна мехкан экс-вице-президентан воккхахволу ваша Салехь Амрулла вийна "Талибанан" (Оьрсийчохь террорхойн лаьрра, йихкина) гIаттамхоша. Reuters агенталлана тIечIагIдина Салехьан вешин кIанта, иза тIалибаша верах а, цуьнан гергарчарна дIаволла ца магорах а. India Today гIирсан хаамашца, Салехь Амрулла вийна тIалибашца Панджшерехь хиллачу вовшахтасадаларх. Кабул караерзийначул тIаьхьа и цхьа доза дара тIемалоша дIадаккхаза. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Появилось «закулисное» видео Елены Рыбакиной






На юго-востоке Москвы автохам зарезал мужчину за замечание

РОСТОВ. В Ростове приговорили к длительным срокам четверых жителей Ставрополья за подготовку теракта в ТЦ

Житель Москвы затопил соседей и выяснил, что его квартира продана

Ефимов: в 2024 году москвичи получили в собственность 106 нежилых помещений