ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 13.09.2021

Пресса: Кадыров Рамзана йоIанна "дарба дина", КъорӀан а дешна

Radiomarsho.com 

Нарколепси олучу нервийн системица йоьзначу цамгарца балахьоьгуш хиллачу Читан яхархочуьнан Писаренко Александрин нанас дийцина НТВ телеканалан журналисташка, иза "тойина" хиларх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнах лаьцна яздо Кавказ.Реаллино. "Iаламат" хилла 10 шо хьалха, амма хIинцца юхаяьккхина лоьраша шаьш хIоттийна хилла диагноз. Оцу хенахь 10 шо долу Александра сих-сиха кхетамчуьра йолуш хилла. Кхечу цамгарийн билгалонаш а хилла цуьнца – эпилепси а, дерриг дегI лазар а, корта лазар а, дагар а, пхенаш ийзор а. Читать дальше...

Беларусин историн книжки тIера дIаяьккхина Алексиевич Светланин цIе

Radiomarsho.com 

Беларусин 11-чу классан историн дешаран книжки тIера дIадаьккхина Нобелан согIат делла йолу Алексиевич Светлана хьахор. 2020-чу шарахь дуьхьалонан акцеш йолаелча дуьххьара дуьйна Алексиевич юкъаяхнера беларусийн оппозицин Координацин кхеташонан президиумна. Историн керлачу дешаран книжкин чулацам теллина "Еврорадион" журналисташа, яздо "Карара Хан" телеканала. Керлачу книжки тIехь иштта яц Беларусин Лаккхарчу кхеташонан гIантдех Шушкевич Станиславах лаьцна информаци а. 1991-чу шарахь цо тIе куьг... Читать дальше...

Тутмакхаша мацалла кхайкхийна Иркутскерчу колонехь

Radiomarsho.com 

Иркутскан кIоштарчу номер 2 йолчу колонехь мацалла хьегар кхайкхийна тутмакхаша, цигахь чувоьллина ши стаг валарца доьзна. Цунах лаьцна яздо Сибирь.Реалии зорбан-гIирса, шен шина хьастана тIе а тевжаш. Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдон сервисан цIарах тIехьожучу прокурора бинчу хаамца, 2 тутмакх валарал сов, оцу колонехь лаххара 10-зза ницкъах пайда эцна чубоьхкинчу нахана дуьхьал. Сибирь.Реалиино яздарехь, Gulagu.net бакъонашларярхойн болам кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцарехь, чубоьхкина нах... Читать дальше...

Катаран арахьарчу гIуллакхийн министр цхьаьнакхетта талибийн Iедалан премьер-министраца

Radiomarsho.com 

Катаран арахьарчу гIуллакхийн министра Шейх Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Танис кIиранан дийнахь дийцарш дIадаьхьна Афганистанан коьртехь йолчу Талибанан Iедалан премьер-министраца, молла Мухьаммед Хьасан Ахундаца хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Шейх Мухьаммад ву кхечу пачхьалкхашкара Кабуле баьхкинчу лаккхарчу даржашкарчу Iедалхойх уггар лакхара дарж долу стаг, Товбеца-баттахь талибийн герзаца йолчу тобанаша иза дIалаьцчхьана. Шейха Мухьаммед бен Абдель Рахьман Аль Танис премьер-министрца... Читать дальше...

КемантIехь къола дарна лаьцна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо лаьцна "Москва-Иркутск" кемантIехь, цо къола дина хила мега аьлла шеко йолуш. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, Малхбален-Сибрехан транспортан полицин урхаллана тIе а тевжаш. Полисхойн версица, 24 шо долу Нохчийчуьра вахархочо лачкъийна шена уллехь хиъна хиллачу 43 шо долчу Иркустк гIалара яхархочуьнан тIоьрмиг чуьра й0 эзар соам а, банкан картанаш а. ТIаьхьо оцу картанашна т1ера ахча схьаэцна хилла. Лачкъийна чу ахчанан буьззина барам балош бац. Хилларг бахьана долуш талла долийна... Читать дальше...

Симферополехь а, Краснодарехь а цхьана дийнахь хIолламаш хIиттийна Дзержинскийна

Radiomarsho.com 

Симферополехь а, Краснодарехь а хIоламаш хIиттийна ВЧК (Ерригоьрсийчохь контрреволюцица а, саботажца а (моттаргӀанаш а лелош, болх талхор я юкъахбисийтар) къийсам латторан леррина комисси) кхоьллинчу Дзержинский Феликсна. Церемони хилла Гезгмашин-беттан 11-хь, Дзержиский вина 144-ъ шо кхочуш. Цуьнах лаьцна яздо"Карара Хан" телеканало, ГIирмерчу Оьрсийчоьно хIоттийначу Iедалца юххера уьйраш йолчу "Крыминформ" сайтана а, тIе а тевжаш. Симферополехь, реставраци а йина, юхадIахIоттийна Дзержинскийн хIоллам. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича






Возбуждено дело о взятке в 2 миллиона рублей на заведующую детсадом на Камчатке

Подмосковное предприятие представило лифт с дизайном от Лебедева

Зацепиться за угол. Какое жильё можно купить в Москве за миллион-полтора

Подключение системы отопления в Московской области