ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 15.09.2021

Ичкерица хIун дов ду Кадыровн

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь харжамаш тIекхочуш а болуш, Ичкерин заманахь хилла хьаькамаш схьа а гулбина, царца масех сахьтехь дехха къамелаш дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана

Масхадовн кIанте "Соьлжа-ГIалан юккъехь эккха" аьлла кхайкхам бина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьамоггIа дIахьедар дина парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца цхьаьна шен инстаграмехь хиллачу шен эфирехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан кIанте Европехь вехачу Масхадов Анзоре кхайкхам бина цо, даймахка цIа а волий "Соьлжа-ГIалин юккъехь хьой эккхийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, цу кепара Масхадовс тоьшалла дан деза "ша доьналла долуш" хиларан. Цул тIаьхьа Ичкерин тIемалойн хиллачу командире, Ичкерин премьер-министре... Читать дальше...

"Коммерсант": "Вымпелкоман" 2 млн клиентах хаамаш баьржина интернетехь

Radiomarsho.com 

"Вымпелком" ("Билайнан" бренд) интернетан операторан 2 миллион гергга абонентах лаьцна хаамаш интернетехь маьршша хьажа аьтто болуш хьал нисделла кх деношкахь. Цунах лаьцна яздо "Карара Хан" телеканало, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш. Маьршша тIекхача аьтто болуш дара абонентийн паспорташ а, электорнан почта а, телефонийн номерш а. Информацин тIекхочийла яр Марсхьокху-беттан 2-хь дуьйна Гезгмашин-беттан 13-чу кхаччалц. "ТМТ Консалтинг" агенталло бинчу хаамца, берриг а "Вымпелкоман" абонентийн терахь ду 2,86 миллион стаг. Читать дальше...

Ерриг школаш оьрсийн маттана тIеяьхна Абхазерчу Гали кIоштахь

Radiomarsho.com 

Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайийначу Абхазехь кхоччуш дихкаина дешархошна гуьржийн маттахь деша. Цуьнах лаьцна дIахьедина Гуьржийчоьнан маслаIат даран а, бахархойн цхьатерра бакъаонаш хиларан а хаттаршкахула волчу пачхьалкхан министран аппаратехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Тбилисехь эргIада бахна бу хилларг бахьана долуш, цара дIахьедар дина берийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна. Пачхьахкан министран аппаратехь билгалдоккху, гуьржийн мотт школашкахь леларца йоьзна проблемаш хилар Ахалгорин кIоштахь а. Читать дальше...

UFC-н латархо хилла Нохчийчуьрчу Дураев Альбертах

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу нохчийн латархочух Дураев Альбертах хилла UFC чемпионатан латархо, Dana White`s Contender Series (DWCS) (Дейна Уайтан претендентийн  сери) турнирехь бразилхо Биттенкур Като хьалхарчу раундехь эшийначул тIаьхьа. Тасадалар дIадирзича UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйнас контракт кховдийра Оьрсийчуьрчу спортхочуьнга, хаам бо ТАСС агенталло. "Ас хаьттира Уайте: "Хьуна товш буй ас беш болу болх?" Цо элира: "ХIаъ". Кхо шо дара со оцу контракте ладоьгIуш волу, хIинца летира, туьйлира, кийча ву лата хIора баттахь. Читать дальше...

Жимахволчу Буша а, Клинтона а, Обамас а вовшахтухур ду афганхойн мухIажаршна гIо дан гIертар

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хилла кхо президент – республиканхо Буш-жимахаверг Джордж а, демократаш Клинтон Билл а, Обама Барак а – юкъавахна Афганистанера эскарш арадаьхначул тIаьхьа Америке богIучу афганхойн мухIажаршна гIо дан кхоьллинчу керлачу вовшахтохараллина. Цуьнах аьцна хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Экс-президенташа а, церан хIусамнаноша а дакъалоцур ду шинарин дийнахь кхоьллина хиларх лаьцна дIахьединчу Welcome.US олучу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллин а, бизнес-структурийн а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Сафиуллин не смог выйти во второй круг турнира ATP в Барселоне






На пределе возможного: пожарные и спасатели Москвы покорили «Пожарный Олимп»

Этап чемпионата высоких технологий начался в Подмосковье

В Рыбинске состоялся турнир по самбо памяти Шахова

RTL: считавшийся погибшим немецкий миллиардер Хауб мог инсценировать смерти и сбежать в Москву