ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 16.09.2021

Обарг Зеламха. Паччахьан Iедалан хьадалчашна къар ца велларг

Radiomarsho.com 

Маьршачу дахарх хаьдда, паччахьан къизалло шен халкъана тIехь латточу харцонна дуьхьал а ваьлла, церан паргIатонехьа къийсам латтийна Хорачуьра Гушмазукаев Зеламха (обарг Зеламха) вийна 108 шо кхочур ду карарчу баттахь. Цуьнан цIе яха йисна нохчийн исторехь

Депутат Саралиев: мигранташна терго ян еза дийнахь а, буса а   

Radiomarsho.com 

Нохчийн республикан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат а, къаьмнийн гIуллакхашкахула комитетан гIантден гIовс а волчу Саралиев Шамсаила некъ кховдийна мигранташца йолу проблема кхочушъян, царна тIехь дийнахь а, буса а терго ян а, болх бина бевлча аэропорте дIа бига а беза аьлла. Саралиевн дешнаш даладо News.ru портала. Саралиевс дIахьедина Оьрсийчохь хила ца беза аьлла "хIун деш бу а ца хууш, дан хIума доцуш, буьйла белла лелаш болу" мигранташ. Цо хьахийна белхан миграцица доьзначу хаттарехь Iаьрбийн пачхьалкхашкахь дийриг. Читать дальше...

Закаевна дуьхьал ву Кадыров. Стенна тIевирзина Нохчийчоьнан куьйгалхо Ичкерина?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Нохчийчоь йозуш йоцу республика ян идея цара шайн куьйгашца хIаллакйира, ша а, шен дас Кадыров Ахьмада а, керлачу тIамах нохчийн къам даьккхина бохуш, цхьана заманчохь Ичкерихула шен хилла агIончаш тешо гIертачу Кадыровс дукха хан йойъу. Таханалерачу Нохчийчохь КадыровгIеран культ дIахIоьттина яьлла. Цунна тоьшаллаш дукха ду, йоллу республикехула дIадиттина, даржийна суьрташ доцурш а. Кадыровна муьтIахь болчу регионан кIоштийн куьйгалхой "паччахь" олий бен цуьнга бистхуьлуш бац, нохчийн... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу туристана полисхоша еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна Абхазехь

Radiomarsho.com 

Ша пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь, бехктакхаман гIуллакх долийна кхаа полисхочунна дуьхьал, цара шаьш лаьцна волчу Оьрсийчуьрчу туристана Русских Артемана ницкъ бина хила мега аьлла шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бо республикин инарлин прокуратуро. Оцу хьукмато бинчу хаамца, кхушара Охан-беттан 7-хь полицин кхо белхахочо дIалаьцна хилла Оьрсийчоьнан вахархо а, цуьнан хIусамнана а, церан доттагI йолу кхин цхьа зуда а, юхкуш йолу наркотикаш эцархочо схьаоьцучу меттиге охьайиллина хиларан шеко йолуш. Читать дальше...

UFC-ца контракт йина нохчо Дураев ву санкцешна кIеллахь йолчу "Ахмат" клубан латархо

Radiomarsho.com 

UFC-ца контракт йина нохчийн латархо Дураев Альберт ву Америко кхайкхийначу санкцешна кIеллахь йолчу "Ахмат" клубан латархо. Цунна тIе тидам бахна журналистан Зидан Кариман. "Дураев иштта ву диктаторан Кадыровн латархойн клубан векал, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна кIеллахь йолчу. UFC ловзуш ю цIарца", – яздина Зидана. Интернетехь болчу хаамашца, Дураев ву Оьрсийчуьрчу "Беркут" (Absolute Championship Berkut)) клубан латархо, амма 2019-чу шарахь и клуб юкъаяхара "Ахмат" (World Fighting Championship Akhmat) клубана. Читать дальше...

Путина кхайкхам бина харжамхошка, "дош лардалуш болу депутаташ" харжа аьлла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилла Оьрсийчуьрчу махкахошка Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалацахьара аьллачу кхайкхамца. Цо аьлла иза вуно ладаме хилам бу мехкан дахарехь. Президента дийцарехь, оьрсийхой "лаам болуш бу парламенте жоьлла долу а, болх балуш болу а, лоруш болу, шаьш делла дош лардеш болу а нах бахкийта". Думехь болх барца йогIуш яц "популизм а, даьсса къамелаш дар а", цо доьхург ду вуно лакхара гIуллакх хууш хилар", аьлла президента. Путинна хетарехь, оьшуш бу,... Читать дальше...

Воронежан кIоштахь полицин декъана тIелатар дина вевзаш воцчу стага

Radiomarsho.com 

Воронежан кIоштехь, Лиски гIалахь, герз карахь эскархочун духар доьхна хиллачу стага полицин декъан гIишлонна уллехь герз а кхиссина, цу чу а вахна бомба эккхийтина. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, МВД-н зорбан сервисна тIе а тевжаш. Министралло бинчу хаамца, Iуьйранна ялхолгIачух ах долуш вевзаш воцу стаг, кIоштан полицин декъан территори тIе а ваьлла, полисхочунна чов а йина, къайлаваьлла машенахь. Baza телеграм-каналехь болчу хаамашца, эскархочун духар доьхна, тIехь  бронежелет а йолуш "Нива" машнца веъна иза ОВД-н гIишлонна тIе.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Александрова проиграла Жабер в первом круге турнира WTA в Штутгарте






ВВС НАТО проводят учения истребителей в Латвии, предварительно установив ангары для сокрытия самолётов от спутниковой разведки

Эксперт Свежакова поделилась советами, как есть в заведениях со шведским столом

Мэр Москвы рассказал о благоустройстве стадиона «Локомотив» в Люблине

Рубль на открытии торгов Московской биржи укрепился к доллару и евро