ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 17.09.2021

Нохчийчохь кхажтасарехь хIинцале а дакъалаьцна 27,18 % харжамхоша

Radiomarsho.com 

Хаьлхара жамIаш довзийтина харжамашкахь Нохчийчохь дакъалаьцначу харжамхойн. "Харжамаш" (ГАС-Выборы) олучу автоматизацин системо далочу терахьашца, делкъал тIаьхьа 3 сахьт даьлча кхажтасарехь дакъалаьцна 27,18 % харжамхоша. Нохчийчохь хоржуш ву республикан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан а, республикан парламентан а, Соьлжа-ГIалин думан а, ткъа иштта шина гIалан а, 14 муниципалан кIоштан а, 174 эвлан депутаташ. Оьрсийчуьрчу Ппачхьалкхан думан депутатийн харжамашкахь дакъалаца регистраци йина 14 партина. Читать дальше...

NYT: Google-а "Навальный" аппликаци дIаяьккхина шен белхахой ларбан

Radiomarsho.com 

Google-а шен Google Play-чуьра Оьрсийчоьнан бахархой тIекхочера "Навальный" аппликаци дIаяьккхина, компанин белхахошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхош долор ду аьлла кхерам тесча. Цуьнах лаьцна хаам бина New York Times газето, компанино бина сацам муха бу хуучу хьастана тIе а тевжаш, яздо Медиазоно. Газетан хьастанна ца лиъна билггала белхахойн цIераш яха, "Оьрсийчоьнан Iедалша оьгаздахарна кхоьруш". "Навальный" аппликаци болх бечуьра сецна ОьрсийчохьтIех Google play-хь а, App Store-хь а. Цунах лаьцна хаам бина Навальный Алексейн тобано... Читать дальше...

Кадыровс "Нохчийчоьнан халкъан артист" цIе елла актрисина Кабо Ольгина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан хьакъ долчу артистана Кабо Ольгина "Нохчийчоьнан халкъан артист" цIе елла, хаам бо РИА Новости агенталло. Цу хьокъехь арадаьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан омрин чулацам бовзийтина Соьлжа-ГIалин драмин театр кхоьллина 90 шо кхачар даздеш. Кабо-на цIе елла "Нохчийн Республикан театран исбаьхьалла кхиош доккха дакъа лацарна а, Нурадилов Ханпашин цIарах йолу нохчийн пачхьалкхан драмин театр кхоьллина 90 шо кхачарца а доьзна". 2020-чу шарахь Марсхьокху-баттахь нохчийн... Читать дальше...

"Царна дегаза хета". Шайгара яьллачу ледарлонна бехк ца биллар стенна ца доьху Дагестанан полисхоша

Radiomarsho.com 

Нагахь санна, Оьрсийчохь бахархойн бакъонаш эшийна меттиг нислахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой хьакъ бу массарна а гергахь цаьрга бехк цабиллар деха. Бакъду, Дагестанера полисхой кIелхьарбовла хьийза къинтIера ца баха, ур-атталла кхело шайна тIедожийнехь а. "Полисхойх" лаьцначу низамехь яздина ду, вахархочун бакъонаш хьаьшнехь, полисхоша шайн агIор иза къинтIераваккха везаш хиларх. Урхаллин омраца билгалъяьккхина ю гечдар дехаран къепе. Цуьнца а догIуш, "бехк цабиллар деха деза мел а йоццачу хеначохь... Читать дальше...

Эвлан вахархочо ларамаза "Хьекъале кхажтасаран" хьехарш дахьийтина шайн юьртан куьйгалхочуьнга

Radiomarsho.com 

Пензан кIоштахь Волчий эвларчу вахархочо Грибанов Андрейс, дагахь а доцуш, ларамаза кехат дахийтина юьртан администрацин куьйгалхочуьнга "Хьекъале кхажтасаран" хьехарш тIехь а долуш, цул тIаьхьа хьаькам еъана цу стеган цIа, улле вьккхина куьпан полисхо а волуш. Цунах лаьцна хаам бо "7х7" зорбан гIирса хиллачу къамелан аудио а ялош.   Грибановн кехатехь хьехарш хилла номер 899 йолчу куьпахь кхажтасарх лаьцна. Меттигерчу администрацин куьйгалхочо а,полицин белхахочо а хиттина цуьнга, хIун Iалашо йолуш дIасабахьийтинера ахь и хаам... Читать дальше...

"Навальный" аппликаци Оьрсийчохь гучура дIаяьлла Google play-хь а, App Store-хь а

Radiomarsho.com 

"Навальный" аппликаци болх бечуьра сецна ОьрсийчохьтIех Google play-хь а, App Store-хь а. Цунах лаьцна хаам бина Навальный Алексейн тобано, яздо Свобода Радионо. Иза хилла тахана, Гезгмашин-беттан 17-хь Iуьйранна, Оьрсийчохь кхаа денна лерина Пачхьалкхан дума хоржуш кхажтасар дIадолалуш. Оцу приложенехь зорбане боху оппозицин политикан сайта тIера хаамаш. Цу тIехь иштта ю "Хьекъале кхажтасаран" функци. Копьтерна тIехь приложени хIица а ю Google Play-хь, амма онлайн-туьканан мобилан версехь иза карош яц. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вторая ракетка Казахстана опустилась в чемпионской гонке WTA






КТК с начала 2024 г. отгрузил 21,1 млн т нефти c морского терминала

Тайный бизнес Ильича

Памятник природы «Гнездо белого аиста» в Подмосковье поставлен на кадастр

20 организаций были представлены на ярмарке вакансий в Люберцах