ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 06.01.2022

Царнаевна елла компенсаци Бостонерчу терактехь лазийначарна хьажо сацам бина кхело

Radiomarsho.com 

Бостонерчу марафонехь 2013-чу шарахь теракт ярна вен таIзар кхайкхийначу Царнаев ЖовхIарна коронавирусан пандеми бахьана долуш делла федералан компенсаци цуьнгара схьадаккха сацам бина Бостонерчу кхело, Массачусетсан прокуроро хьалхататтарца. Цунна кхачийна $1400  терактехь лазийначарна дIахьажор ду. Лерина ларъечу Колорадо штатерчу набахтехь латтош волу Царнаев а нисвелла пандемино динчу зенашна дуьхьал программехула компенсаци яла вовшахтоьхначу цхьа миллион ахмиллион америкхойн тутмакхашлахь, хаамбо Daily Mail. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а бераш алсам леш хилар къаьстина

Radiomarsho.com 

2021-чу шеран Дечкен-баттера Лахьан-батте кхаччалц къаьсттина дукха кегий бераш деллачу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь билгалъяьлла Дагестан, Ростовн а, Краснодаран а кIошташ а. Росстата далийна и зераш. Билгалъяьккхинчу хеначохь Дагестанехь 332 бер делла (Москва дIаяьккхича шолгIачу меттехь), Краснодаран кIоштахь 219 бер делла (пачхьалкхехь 4-гIа меттиг),  Ростовн кIоштахь 215 (тептарехь 5-гIа меттиг). ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а бераш кхалхар лахделла къастийна. Читать дальше...

Оьрсийчуьра виъ эзар стаг а, компанеш а санкцеш бухахь ю

Radiomarsho.com 

Карарчу 2022-чу шеран зерашца виъ эзар гергга стаг а, компанеш а арахьарачу санкцийн тептаршкахь ю, хаамбина "Интерфаксо". Билгалдоккху, ООН-н а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, Евробертан пачхьалкхийн а, Австралин а, Японин а, Украинан а санкцийн тептарехь ду юкъарчу терахьера оьрсийн бахархойн а, компанийн а цхьа дакъа. Оцу юкъанна, санкцеш дуьхьалъяьхначу Оьрсийчоьнан компанешлахь хIора пхоьалгIа бохург санна цхьаъ арахоьцуш ю. Оьрсийчуьрчу 1 554 предприятех хьакхаделла тоьхна дозанаш. Читать дальше...

Дуьненчохь дуьххьара цхьана дийнахь ши миллион сов стагаца хааделла коронавирусан ун

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса пандеми йолаелчхьана дуьненчохь COVID-19 вирусца ши миллион сов стаг хаавелла. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран юкъаралло (ВОЗ) бина и хаам. ВорхI эзар дархо кхелхина цхьана дийнахь. Дечкен-беттан 4-чохь Iуьйранна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь пандеми йолаелчхьана дуьххьара миллион сов коронавирус кхетта стаг къаьстина. Масех де хьалха 24 сахьтехь билгалбаьхначел а шозза сов бу тIаьххьарчу зерашца. Дуьненахь коронавирусан ун чIагIдалар дузу, дуьххьара Къилбан Африкехь гучуяьллачу... Читать дальше...

Казахстанан къоме вистхилла Кадыров, махкара протесташ "провокци" ю а олуш

Radiomarsho.com 

Казахстанехь йоьлхучу дуьхьалонан протестех лаьцна вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо кхайкхамбина урамашка бевллачу нахе машаре хила аьлла. Кадыровна хетарехь, цхьана питано арабаьхна бу протестхой. "Таханалера хьал - Казахстанера газан проблема хилла ца Iа, цхьаммо долийна питана ду, шайн цхьа хеттарш кхочушдархьама", - дIахьедина Кадыровс нохчийн праламентан спикерца Даудов Мохьмадца йоьдучу эфирехь къамел деш. Кхечу Оьрсийчоьнан субъектийн дацахь а, арахьарчу политикан хеттаршна... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича






В Московской области росгвардейцы задержали подозреваемого в умышленном причинении тяжкого вреда здоровью

Американские ученые раскрыли подробности заражения людей оленьей зомби-болезнью

Отделения МФЦ в Люберцах 1 и 9 мая работать не будут

Певица Бабкина с ансамблем выпустила кавер «За гусли — да» на песню Инстасамки