ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 07.01.2022

Нохчийчохь нах лечкъорна тIехула Путин Владимире кхайкхам бина бакъоларъяран юкъараллаша

Radiomarsho.com 

Оьрсийн а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара  дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла, яздо... Читать дальше...

Доьзалш дIасакъестарехь хьалха ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а

Radiomarsho.com 

Стохка Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь доьзалш дIасакъастаран терахь алсамдаьлла шозза-кхузза ала мегар долуш. И терахьаш 11 беттан бен дац. Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхечу регионашкахь доьзалш къастар иштта лакхара дац

Коронавирусах велла Нохчийчохь эскаршна тIехь буьйралла дина Квашнин Анатолий

Radiomarsho.com 

Москвахь велла коронавирусан уьнах армин инарла Квашнин Анатолий. Новости агенталло бина цунах хаам, тIеман хьаькамийн Клубан куьйгалхочунна тIетевжина. Нохчийчохь урхалла дира инарлас Квашнина Вовшахтоьхначу эскархойн тобанан 1994-чу шарахь. 1995-чу шеран Чиллан-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн эскарийн буьйралла дан хIоттийра иза. ТIаьхьо, 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман Инарлин штабан коьрте ваьккхира. Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалошна дуьхьал Дагестанехь хиллачу операцешкахь куьйгалла а дира Квашнина 1999-чу шарахь. Читать дальше...

"Низамехь волчу къуьнан" Аушев Хьамзатан телхина дакъа карийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Сурхо-ХитIе эвлана гергахь карийна телхина дакъа, хетарехь, криминалан гонашкахь "низамера къу" Хьамзат ГIалгIа аьлла вевзачу 31 шо долчу Аушев Хьмазатан ду. ТIаьххьарчу шерашкахь психиатрин дарбан хIусамашкахь молха-дарба лелош вара иза. Бертал Iуьллучу докъана уллохь карийна тапча. Иза кхалхаран бахьанашлахь дуьйцу, радикалан динан хьежамаш болчу меттигерчу бизнесхошна тIе ясакх йожон гIоьртича иккхинчу конфликтна тIехула вийна хилар, ткъа иза ца тайнера криминалан авторитеташна-вежаршна Аушев Мохьмадна а, Назирна а. Читать дальше...

Зорбан гIирсаш: Казахстанехь вийна дуьхьалонан акцийн 26 декъашхо

Radiomarsho.com 

Казахстанехь вийна дуьхьалонан акцийн 26 декъашхо, 18 чевнаш йина ву, 3 эзар сов стаг лаьцна ву низамаш лардон органийн белхахоша. Цунах лаьцна хаам бина "Хабар 24" телеканало, республикан МВД-на тIе а тевжаш. Тасадаларшкахь кехлхина ницкъаллин структурийн 18 белхахо, чевнаш хилла ву – 748. Хаамаш бу Iедалан ницкъаша берриг а махкахь шайн караэцна хиларх лаьцна гIалийн а, кIоштийн а хьукматийн гIишлош а, ткъа иштта полицин дакъош а. Казахстанан президента Токаев Касым-Жомарта Дечкен-беттан 7-хь... Читать дальше...

Казахстанан МВД-но дIахьедина Алма-Атахь Республикан майда "цIанйина" аьлла

Radiomarsho.com 

Алма-Атахь Республикан майда "цIанйина зуламхойн тобанех", яздо "Информбюроно", Казахстанан МВД-на тIе а тевжаш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода). Азаттык Радионо дийцарехь Республикан цIарахчу майданахь герз тоьхна адамашана тIе. Майданехь лаьтташ хилла хьалхо цхьацца дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцна болу жигархой. Журналиста Данияров Ануара дийцарехь, еарин сарахь, меттигерчу хенаца 18 сахьт 43 минот яьлча Назарбаевн цIарахчу проспектера майдане еъна гIагIдиллина техника, цу чуьра тоьхна автоматаш. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу кхело кхин дIа а лаьцна вуьту Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело сацамбина карарчу беттан 6-чохь вежарий Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а лаьцна вуьтуш. И шиъ бехкево гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бакъонашларъярхошна гIуллакх политикан бух болуш хета. Лакхарчу кхелан кхеташонехь ладуьйгIира ТIехьа-Мартанарчу кхелан кхеташонан аудио протоколе, цу юкъара, адвокато латкъамбина процессуалан къепе йохорах дакъа, дIахадийнера. Кавказ.Реалиига дийцина цунах лаьцна процессана тIехь терго латточу бкъаонашларъяран кризисан "СК SOS" тобано. Читать дальше...

Дубровкехь йинчу терактах кино яьккхинчарна тIехьа бевлла лелла ФСБ-н белхахой

Radiomarsho.com 

Москвахь Дубровкехь 2002-чу шарахь дIалаьцна хиллачу гIишлона спецназо йинчу штурман тIаьхьалонех документалан фильм йоккхучу америкахойн журналисташна тIехь терго латтийна къайлахчу сервисаша (ФСБ). Цара бечу балхах дуьйцуш хилла Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, операцех лаьцна дIахьедина хилла къайлахчу сервисийн лакхарчу куьйгалле а. Къайлахчу сервисех дуьйцучу Agentura.ru сайто бина цунах лаьцна хаам, президента комментарешца долу документаш зорбане а дохуш, яздо Свобода Радионо. Театран... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина: знаю, что меня поддерживают в России, но болельщиков из Казахстана намного больше






На северо-востоке Москвы построят два новых корпуса по программе реновации

В ЦМД «Южное Бутово» «долголеты» смогут пройти компьютерное психологическое тестирование 21 апреля

«МК»: в Москве задержали супругов, которые снимали порнофильмы с подростком

Поэзия, игра на трубе и показ собственной коллекции: как прошёл кастинг «Мисс Офис» в Ярославле