ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 08.01.2022

Нохчийчохь нах лецарна дуьхьал 400 сов стаг митинге ваьллера Страсбургехь

Radiomarsho.com 

Iедалхошна оппозицехь болчу блогерийн Нохчийчуьра гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь нах хьийзорна а дуьхьал тахана, Дечкен-беттан 8-чохь Францерчу Страсбургехь митинг дIаяьхьна. Акци вовшахтоьхначех цхьаъ ю, Кавказ.Реалиино яздарехь, даймохк дIатесна Нохчийчуьрчу бахархойн организацеш вовшахтуху Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхашкара жигархой а. Митинг вовшахтоьхначара мах хадорца, акцехь дакъалоцуш хилла Евробертан мехкашкара 400 сов стаг. Ичкерин байракхаш а, "Стенгахь ву Тепсуркаев Салман? Читать дальше...

Кадыровн критикаш лечкъорах Путине дIахьедарна жоп делла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. Нах лечкъор талла аьлла, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъара а бакъонашларъярхой президенте Путин Владимире бовларх лаьцна иштта комментарий йина министро. Цуьнан жоп инстаграмехь зорбане даьккхина пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло. Бакъоларъяран белхаца цхьа а юкъарло доцу нах бу Путине кхайкхам бинарш, Кадыровн критикаш а бац аьлла, дIахьедина видео тIехь нохчийн министро. Читать дальше...

Кхелхина нохчийн дуьххьарлера кинорежиссер Татаев Илес

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дахначу пIераскан дийнахь кхелхина Советан заманахь дуьйна гоьваьлла кинорежиссер, къоман киноматографи кхоллархо, скульптор Татаев Илес. Иза дуьненчу ваьллера 1938-чу шеран Стигалкъекха-беттан 1-чу дийнахь Йоккхачу АтагIахь. 1944-чу шарахь доллу нохчийн къомаца Казахстане хьажийна а вара иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан хьехархойн факультете деша вахара иза. Соьлжа-ГIаларчу телевизионехь режиссеран гIоьнча санна болх бина цо 1964-чу шарахь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Россиянка покинула WTA-1000 из-за проблем со здоровьем






Как стал возможен крупнейший теракт за десятилетия?

Желудков поделился прогнозом на матч «Крылья Советов» - «Зенит»

Около 55 млрд рублей потребуется на создание дороги к курорту «Новая Анапа»

Брутальный Tank 400 добрался до России. Он оказался на 500 тыс. рублей дешевле Tank 500 2024