ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 11.01.2022

Салтичунна кхел йийр ю скульптурина тIара тохарна

Radiomarsho.com 

Краснодаран махкахь бакхтакхаман гIуллакх долийна арме вигинчу шина къона салтичунна дуьхьал, ницизмна реабилитаци ярехула йолчу артиклехула. Болчу хаамца, Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо ницкъаллин латаран приемаш гайтина скульптурина тIехь

Бехке яц? Аун Сан Су Чжина тIехьерчийна а, цунна тIекхоьллина а долу къинош

Radiomarsho.com 

2021 шеран Чиллан-беттан 1-чу дийнахь тIеман карчамца даржах йохийна йолу Нобелан машаран совгIатан лауреат, Мьянмехь лидер Iийна 76 шо кхаьчна Аун Сан Су Чжи 4 шарна набахте хьажийна тахана мехкан коьртачу шахьарахь Нейпьидо гIалахь къевлинчу хьелашкахь йирзинчу кхело. Шен лехамашкахь ехачу Малхбузено, хуьлуш ма-хиллар, тIех тидаме ца оьцуш чекхбалийтина и хилам – иза дозу, дагтIера Аун Сан Су Чжи йожар доцуш, Мьянмерчу тIеман хунте безам бацарца а. Аун Сан Су Чжи хIинца бехкейийриг ду COVID-I9... Читать дальше...

ЕСПЧ кхело 360 эзар евро компенсаци яла сацам бина Бесланерчу закъалтхошна

Radiomarsho.com 

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Бесланехь закъалтан лаьцна латтийначу 39 стагана 360 эзар евро компенсаци ялар тIедожошсацам бина. Цунах лаьцна аьлла ду кхелан сацамехь. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша, теракт кечъеш хиларх хаам боллушехь, тоам боллуш оьшург цадина закъалтхой ца лецийта. Мелхо а, аьлла ду сацамехь, штурм низамаш лардечу органийн белхахоша лелийначо байъийтина къин а алсам закъалтхой. Ша аьлча, "ФСБ-н лерринчу ницкъаша штурм еш лелийна цIетуху тоьпаш... Читать дальше...

Шен гергарчаьрга видеокхайкхам бертаза байтина, боху Абдурахманов Тумсос

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна луьра критика ярца вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос хаам бина, шен гергарчаьрга шаьш цхьаммо а лецна цахилар хьокхехь видеокхайкхам бертаза байтина бу аьлла.   "Дождь" телеканалан эфирехь (Оьрсийчоьнан Iедалаша иноагент лаьрра ю иза, амма ша телеканал реза дац цунна) Абдурахмановс тIечIагIдина видео тIехь берш баккъалла а шен гергара нах хилар. Цо иштта тIе тидам бахийтина, къамелдинчерах цхьаъ набахтехь чувоьллина хиларна,... Читать дальше...

Владивостокан мэри реза ца хилла Солженицынна хIоттийна эсалла дIаяккха

Radiomarsho.com 

Владивостокан мэри реза цахилла Карабельная набережная олучу меттехь яздархочунна Солженицын Александарна хIоттийна эсалла дIаяккха, демонтаж яр бух боцу Iалашо ю аьлла. Цунах лаьцна гIалин администрацин векало хаам бина "Интерфаксе", яздо Радио Свобода зорбан гIирсо. 2021-чу шарахь Владивостокан гIалин думан депутата Шинкаренко Максима хаттам беллера администраце и скульптура дIаяккхар тIодожош, иза юкъараллина хетарг тидаме цаоьцуш хIоттийна ю аьлла. Мэрин векалша хIолламан демонтаж яр оьшуш хIума дац аьлла жоп делира... Читать дальше...

"Кадыров ца хестор а хета зулам дар". Нохчийчохь лелочу репрессийн логика

Radiomarsho.com 

Янгулбаев Абубакар – бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист ву. Дахначу шеран ГIура-бутт бовш Нохчийчуьра цуьнан гергарчех шовзткъа стаг лаьцнера Iаьржачу барзакъца болчу, цабевзачу наха. ТIаьхьадогIучу деношкахь цуьнан виъ деваша воцург берриг дIахийцира, хIинца а хууш дац уьш стенгахь бу.                                                                                        Нохчийчохь цуьнан гергарчийн хIусамашкахула рейдаш йинчул тIаьхьа ГIуран-беттан 28-чохь Пятигорскехь лецира ша юрист а. Читать дальше...

Кубанехь бIаьхойн сийлаллин хIолламна тIара тохарна бехктакхаман гIуллакх долийна

Radiomarsho.com 

Краснодаран махкахь бакхтакхаман гIуллакх долийна арме вигинчу шина къона салтичунна дуьхьал, ницизмна реабилитаци ярехула йолчу артиклехула. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо, Оьрсийчоьнан Талламан комитетана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо ницкъаллин латаран приемаш гайтина скульптурина тIехь. Иштта зулам дина аьлла гIуллакх долийна иза деш видео яьккхинчу кхечу, хетарехь, цIера Дагестанера волчу салтичунна дуьхьала а. Читать дальше...

Ночийчуьрчу къона салтичо Кубанехь "садукъийна" спецназхошна хIоттийначу хIолламна

Radiomarsho.com 

Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо шен ницкъ гайтина тIеман полигонехь хIоттийначу кхелхинчу эскархошна хIоттийначу хIолламна тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду эскархочун духар доьхначу жимачу стага монументан цхьана фигурана, цкъа дуьххьара лерга улле тIара а тоьхна, вукха фигурина садукъош прием а, йина скульптурина мийра тухуш. Операторш бу цо лелориг дIаяздеш цуьнан эсарахой-накъостий. Хезаш ду уьш боьлуш. Читать дальше...

Токаевс дIакхайкхийна ОДКБ-н мисси Казахстанехь дIайирзина аьлла

Radiomarsho.com 

Казахстанан президена Токаев Касым-Жомарта дIакхайкхийна, ОДКБ-н (Организация Договора о коллективной безопасности – Коллетиван кхерамазаллах лаьцначу Бертан вовшахтохаралла) мисси дIайирзина аьлла. Оцу миссица а догIуш, махка хьажийнера оцу вовшахтохараллана юкъахь йолчу 5 пачхьалкхан эскархой, республикерчу цхьайолчу гIаланашкахь къепедацаршка йирзина дуккха адамаш дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хилча. Ницкъаш арабахар долалур ду Дечкен-беттан 13-хь, цунна оьшур ду 10 де, дIахьедина Токаевс, шинарин дийнахь парламентехь къамел деш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина о смене гражданства: «Я никому ничего не доказываю. В меня поверил Казахстан, чему я очень рада»






Команда из Ногинска взяла серебро на турнире по мини-футболу

"МК": в Москве задержали учителя, растлившего девочек в разных школах

Представитель Успенской назвал фейком сообщения о ее плохом самочувствии

Кирилл Поляков рассказал о будущих остановках ВСМ Москва-Петербург