ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 20.01.2022

Хиллачу федералан суьдхочун Янгулбаевн зуда бертаза дIайигна кадыровхоша Лахарчу Новгородера

Radiomarsho.com 

Лахарчу Новгородехь федералан суьдхо хиллачу Янгулабаев Сайдин петарна чулилхинчу нохчийн полисхоша, стенга юьгу а ца дуьйцуш, дIайигна цуьнан хIусамнана Зарема. Могуш яц зуда, кхетамчуьра яьлла хилла иза ша аратекхош. "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" информацица, нохчийн полицин белхахоша уьш бехачу хIусамчу а лилхина, организацин белхахой дIаса а лестош, адвокатана бетах хIума а тухуш, иштта йиттина суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, цуьнан хIусамнанна а. Масех минот яьллачул тIаьхьа бакъоларъярхоша хаам бира... Читать дальше...

Урдунерчу нохчаша сий дон маьршачу Ичкерин символийн

Radiomarsho.com 

Урдунерчу нохчаша чIогIа дозалла до маьршачу Нохчийчоьнан - Ичкери пачхьалкхан байракхах. Евзаш йолчу берзан сурт го кхузахь масанхьа а – мешенашна тIехь а, духарца а, гIишлойн пенаш тIехь, цхьацца догIанаш тIеухкучу хIуманашна тIехь а…

ФСИН-н исс белхахочо йиттинчу Цагалаевн гIуллакх кхеле кхачийна

Radiomarsho.com 

Ярославлерчу номер 1 йолчу колонехь хан яьккхинчу Цагалаев Абубакарна йеттарна тIехула долийна бехктакхаман гIуллакх Заволжскерчу кIоштан кхеле дIакхачйна. Iазапаш хьегийтарх гIуллакхехула бехкевина ФСИН-н хIинцале балхара дIаваьккхина исс белхахо: Баланов Владимир а, Богданов Игорь а, Бровкин Алексей а, Вихарев Алексей а, Камиронов Игорь а, Коковин Иван а, Семенов Александр а, Цветков Руслан а Яблоков Максим а, хаамбина The Insider (арахьарчу агентийн тептаре язйина ресур) гIирсо. Стохка Чиллан-баттахь... Читать дальше...

IАДАТАН материалаш экстремистийн лерийна кхело

Radiomarsho.com 

Нохчийн Iедалхошна оппозицехь йолчу 1АДАТ-ан ресурсаш экстремистийн а лерина, уьш дIакъовла лууш йолу республикан Роскомнадзор а, юстицин министралла а, омбудсмен а юкъаозийна Нохчийчоьнан прокуроран гIовса чуеллачу искан буха тIехь Соьлжа-гIаларчу Заводской кIоштан кхело бина сацам бовзийтина. ГIуран-баттахь бина хилла бу сацам, амма машанехь Iорабаьккхина хIинца, яздо Кавказ.Реалиино. Федералан кхелахочун Мормыло Ольгин сацамца а догIуш, IАДАТ телеграм-каналера "Хаттар: Со Нохчийчохь вехаш ву..."... Читать дальше...

Иэс эшон гIерта Кадыров: Ичкерин васташца тIом болийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Дечкен-бутт болабелчхьана схьа хаамаш лела Нохчийчухула, берзан васт тIехь долу бедарш, кхийолу хIуманаш кегийчаьргара дIайохуш лела полици, бохуш. Дуьнено тIеэцна йоцчу Ичкерин гербна а, байракхна а тIехь дара берзан сурт. Оцу экхано боккха меттиг дIалоцу нохчийн синкхетамехь, барта кхолларалехь. Борз тIехь йолу хIуманаш нахера дIалехьайе ца боху Нохчийчоьнан цхьана а низамо. Я ерриг Оьрсийчохь а дац Ичкери а, цуьнан битамаш а иэсехь кхабар доьхкуш. Ичкерин битамаш дIалехьош рейдаш йолорах лаьцна... Читать дальше...

Нохчийн 17 шо долу кIант верах гIуллакх таллар сацийна Францехь

Radiomarsho.com 

Францин Реймс гIалахь 2018-чу шарахь вийначу 17 шо долчу Умаров Мохьмадан гIуллакх таллар дерзийна. Талламан палато сацийна гIуллакх "массо а фигуранташ бехкехиларх тоъал тоьшаллаш цахиларна", яздо Кавказ.Реалиино. Кху муьрехь кхиазхочун гIуллакхан хьокхехь кхел хир яц. Реймс гIаларчу ЦIечу жIаран гIишлона хьалха герз тоьхнера Умаровна 2018-чу шеран Марсхьокху-беттан 18-чохь . ТIаьхьо талламо сацамбира, вовшашца къийсалучу меттигерчу шина бандин юкъаметигаш къасточу заманчохь ларамза цигахь нисвелла хиллера иза аьлла. Читать дальше...

Оппозицехь лаьттинчу Ичкерин векална машенца совгIат дина нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Европерчу нохчийн диаспоран хиллачу жигархочунна Мицаева Рубатина йинчу денна совгIатна автомобиль елла нохчийн Iедалан векалша. Официалехь бинчу хаамехь билгалдаьккхина, машенан догIанаш Мицаевана Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионан юкъараллин фондан президенто Кадырова Айманис дIакховдийна аьалла. Ткъа догIанаш дIаделларг ву парламентан спикер Даудов Мохьмад а, хьалхара вице-премьер Висмурадов Абузайд а, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад а. Инстаграмерчу шен агIонех Мицаевас яздина... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA отреагировала на суперкамбэк Елены Рыбакиной






Жена Носкова рассказала, с чем пришлось расстаться ради лечения мужа

Концертный Директор в тарифе Maxi.

Порядка 30 тысяч человек стали донорами крови в Московской области с начала текущего года

Аэропорт Дубая ограничил число прибывающих рейсов на 48 часов из-за ливней