ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 27.01.2022

Америка саготта ю Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхор соцуш цахиларна

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто леррина дIахьедар дина зорбан гIирсашна, шаьш саготта хилар хоуьйтуш, Нохчийчуьрчу Iедалша адамаш лечкъорах а, дIалецарх а льацна саццаза хаамаш кхочуш хиларна, шайна юкъахь нохчийн бакъонашларъярхойн гергарнаш а, эмиграцехь беха оппозиционераш а болуш.  ДIахьедарехь ша хьахош ю Мусаева Зарема, кIира хьалха нуьцкъала Лахарчу Новгородера Нохчийчу дIайигна йолу бакъонашларъярхочуьнан Янгулбаев Абубакаран нана. Пачхьалкхан департамента кхайкхам бина... Читать дальше...

Нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIахецар дехна ПАСЕ-н сессехь

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) сессехь хаам бина "Iазап латторна дуьхьал комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна Дечкен-баттахь 20-хь дуьйна Соьлжа-гIалахь латтош хиларх лаьцна. Францин векало Гаттолин Андрес дIахьедира, Мусаева лачкъийна, хIинца а дIа а цахецна, цуьнан кIентан бакъоанларъярхочуьнан болх бахьана долуш аьлла. ПАСЕ-н депутата дIахьедира иза сихха дIахеца езаш ю аьлла. "Даггара а, чакхе... Читать дальше...

Германехь Оьрсийчоьнан махкахо лаьцна шпионаж лелорна

Radiomarsho.com 

Германерчу прокурораша лаьцна Оьрсийчоьнан махкахо, Москвагахьа шпионаж лелорна иза бехке а вина. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портала. Прокуратурин версица, Оьрсийчоьнан талламхошна хаамаш бухкуш хилла цо аэрокосмосан технологех лаьцна, ша аьлча Ariane ракетах лаьцна. Прокурораша дIахьедина, Ильнур Н. цIарца вуьйцуш волу и стаг Iилманан белхахо санна болх беш хилла Баварерчу университетехь. Иза лаьцна стохка Мангал-беттан 18-хь. Цара дийцарехь, Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан сервиса дуьххьара... Читать дальше...

"Кадыров – Кремлан лаам кхочушбархо". ДIаваккха тарлой даржера Нохчийчоьнан куьйгалхо?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедал декхаре ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана президентан гонерчу Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетера" журналист Милашина Елена а террористаш бу аьлла дина къамел тидаме эца, дIахьедина оцу Кхеташонан декъашхочо Гусев Павела. Цунна хетарехь, Кадыровс оцу кепехь цIерш тIекхолларо кхерамна кIел тосу Каляпинан а, Милашинин а могашалла а, дерриг дахар а. Кадыровс и шен дIахьедар телеграм-каналехула даржийна ЯнгулбаевгIеран доьзална гIело еш шен ницкъаш хьийзачу юкъанна... Читать дальше...

Нохчийчохь шен гергарчарна Iаткъамбар марсадаьккхина, боху блогера Халитовс

Radiomarsho.com 

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчоьнан Iедалшна критикаярхочо, блогера Халитов Хьасана хаам бина, республикехь бехачу шен гергарчу нахана Iедалша беш болу Iаткъам марсабаккхарх лаьцна. Халитовс дийцарехь, кху деношкахь балхара дIаваьккхина цуьнан да. Иза хехо болх беш хилла Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран фирмехь. Блогаран цхьа йиша, цо ша дийцарехь, бизнесах яьккхина кадыровхоша, нуьцкъала дIачIагIийтина цуьнга шен Закан-Юртара (ТIехьа-Мартанан кIошт) ателье. Халитов тешна ву, шен доьзална дуьхьал репрессеш еш хиларх... Читать дальше...

Нохчийн омбудсмена доьху Каляпинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула волчу векало Солтаев Мансура шен инстаграм-аккаунтехь тIедожочу кепехь дехар дина бехктакхаман гIуллакх схьаделла аьлла "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" куьйгалхочунна Каляпин Игорьна дуьхьал. Цул сов, нохчийн омбудсмена кхайкхам бина Каляпин юкъарваккха аьлла Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна(СПЧ). Шен тIедахкарш Солтаевс хьажийна СПЧ-н гIантдега Фадеев Валерига. Омбудсмена билгалдоккху, нохчийн Iедалшкахь тоьшаллаш ду... Читать дальше...

Ростов-на-Дону гIалахь хаам бина иттаннаш школашна бомбанаш йохкарх лаьцна

Radiomarsho.com 

Ростов-на-Дону гIалахь масех хаам кхаьчна анонимашкара иттаннаш школашкахь бомбанаш йоьхкина хиларх лаьцна. Берриг а цу тайпа хаам бу лаххара а 25, хоуьйту "Интерфакс" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш. "КП-Ростов-на-Дону" зорбан гIирсан хьасто дийцарехь, дийцарехь, уггар хьалхара цу тайпа хаам кхечира Горький Максиман урамехь йолчу № 49 школах лаьцна. Оцу информацина официаланан тIечIагIдар карарчу хенахь доцуш ду, амма журналисташка аьлла, хаамаш толлуш ду шаьш аьлла. Юьйцучу школашна хьалха ха деш бу лерринчу сервисийн белхахой. Читать дальше...

Американ векало Москвахь МИД-е деъна кхерамазаллин гарантеш ехар хьокъехь кечдина жоп

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москварчу векала Салливан Джона кхаарин сарахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле Малхбузенан цIарах яздина жоп деъна оьрсаша тIе дожорца йоьхучу "кхерамазаллин гарантешна" дуьхьал. Цуьнах лаьцна цкъа дуьххьара хаам бира зорбан-гIирсаша, цул тIаьхьа иза бакъдира Оьрсийчоьнан арахьаран политикан хьукмато а. Цуьнан сайта тIехь гучубаьллачу хаамехь дуьйцуш ду, Салливан, цуьнан дехарца, тIеэцна хилар Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн минстран когаметто Грушко Александара. Читать дальше...

Нохчийчуьра кхел кхоччуш реза цахилла вежарийн Магомадов Салехьан а, Исаев ИсмаьIилан а гIуллакх кхечу регионе дIадала

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Лаккхара суд реза цахилла вежарша Магомадов Салехьа а, Исаев ИсмаьIила а дина аппеляцин арз къасто - цаьршимма доьхург ду шаьшшинна гIуллакх кхечу регионерчу кхелехь къастадайтар. Цунах лаьцна хаам хаам бо "Настоящее время" телеканало, "СК SOS" кризисан тобанна тIе а тевжаш. "СК SOS" тобан зорбан-секретара Розанова Миронас дийцарехь, Нохчийчоьнан лаккхарчу суьдо тIечIагIдина Мгомадовна а, Исаевна а тIехь дIахьуш йолу ерриг а суьдан процесс низамашца йогIуш цахилар.   20 шо долу Магамадов Салехь а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича






В столице растет производство косметики

Суд арестовал замминистра обороны Иванова по делу о взяточничестве

Букеты от 1500 рублей: Россиянам объяснили, как заработать в Вербное воскресенье

В России стартовала акция памяти «Георгиевская лента»