ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 01.02.2022

ГIалгIайчохь лаьцна жигархочунна тIелетта аьлла хета Нохчийчуьра бахархой

Radiomarsho.com 

"Мехк-Кхел" юкъараллин боламан  куьйгалхо волчу Султыгов Сараждина тIелатарна бехкехетачу кхааннан цIераш билгалъевлла ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран органашна, царех шиъ лаьцна. Де хьалха суьйранна Султыговс полицига дIахьединера, шена динчу тIелатарх. Цо дийцинера, Назранерчу шен петаран неI тоьхнера вевзаш воцчу шиммо аьлла. Султыговс неI схьайиллича, царех цхьаммо тоьхнера цунна, шолгIачо телефона тIе дIаяздинера хуьлуш дерг. "Фортанга" ресурсо зорбане даьккхина видеокамераша дIаяздинарг, цу тIехь гуш ду... Читать дальше...

Бакъоларъярхочун Янгулбаевн доьзална критика еш флешмоб йолийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу кеп-кепарчу кIошташкарчу масех иттаннашкахь бахархоша дIа а язъеш, видеош ехкина социалан машанашкахь, "доллу къоман сий ма дайъа" бохуш, ЯнгулбаевгIеран цIийнах болчаьрга кхайкхамаш беш. Царех цхьахволчо билгалдаьккхина, республикера дIабаханчийн "хьехарш" оьшуш дац регионехь аьлла. "Дахаро дегабаамаш бина нах бу уьш", - боху шен видеохь кхечо. Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда а, мехкан цIарах Пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адама а инстаграмерчу... Читать дальше...

"Кадыровн леларан кеп". Бакъоларъярхочо Игорь Каляпина дуьйцу Нохчийчохь нах хьийзорах а, лечкъорах а

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана, Мусаева Зарема, Лахара Новгородера Нохчийчу бертаза кадыровхоша дIайигина 11 де даьлла. Хулиганаллин шина эпизодехь бехкейина иза Соьлжа-ГIаларчу спецприемник чу йоьллина, инсулинах йоьзна, диабет цамгаран бала хьоьгуш йоллушехь. Мусаева муьлхачу хьолехь ю, билггал хууш дац – оцу доллу деношкахь цунна тIе ца витина адвокат, хьашт вац аьлла, цо кехатна куьгъяздина, боху. ХIара интервью зорбане яккха кечъечу заманчохь къаьстира, Нохчийчохь Мусаевана дуьхьал Iедалан векална ницкъбина аьлла... Читать дальше...

Нохчашна депортаци ярна дуьхьал митинг хилира Австрерчу Инсбрукехь

Radiomarsho.com 

Австрин бакъоларъяран организацеша а, нохчийн диаспоран векалша а Инсбрукехь "Дозанаша воь" цIарца митинг дIа а хьош, буьйлабелира урамехула. Iедалхойн терго тIеозо лууш бара уьш нохчий Оьрсийчоьне дIалуш хиларан а, цул тIаьхьа уьш Нохчийчохь лецаран а проблемина. Митинган декъашхошлахь бара Iедалца йозуш йоцчу Seebrücke, SOS Balkanroute, Stop Deportation, Antifa организацешца мухIажаршна гIо латтош болу жигархой а, антирасистийн юкъараллийн векалш а, овIанхойн организацеш а, иштта шаьш нохчий а. Читать дальше...

Суьдхочун Янгулбаевн юккъера кIант федералан лехамашка велла

Radiomarsho.com 

Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин юккъера кIант – Янгулбаев ИбрехIим- федералан лехамашка велла, ткъа Соьлжа-ГIаларчу кхело лаца кхайкхийна иза терроризме кхайкхамаш барна. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллин сайтехь бина цунах лаьцна хаам. Baza телеграм-каналан хаамашца, нохчийн бакъоларъяран органийн белхахоша лачкъийна Соьлжа-ГIала дIайигинчу Янгулбаев Сайдин хIумсамнанна дуьхьал а даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Мусаева Зарема бехкейина Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Новак Джокович в пятый раз получил спортивный «Оскар» как атлет года






Один человек погиб и 13 пострадали в ДТП с автобусом под Рязанью

Артисты МХТ им. А.П. Чехова выступили на космодроме Восточный

Юная мурманчанка завоевала бронзовую медаль на первенстве России по муайтай

"Бородатый мужчина с акцентом" набросился на мужа Яны Поплавской после небольшого ДТП