ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 02.02.2022

Соьлжа-ГIалахь ЯнгулбаевгIарна дуьхьал митинге арабаьхна Iедалан белхалой а, студенташ а  

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь дIаяьхьина нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь и доьзал бу Кадыровна критика ечу анониман 1ADAT телеграм-каналаца боьзна.   Гулбеллачарна хьалха бистхилира нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад а, муфтий Межиев Салахь а, кхинболу Кадыров Рамзанна уллора официалан хьаькамаш а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзал а.   ГIалин юккъехь митинг хIоттийначу меттехь яьхна видеошца дуьстича, гулвелларг ву масех эзар стаг. Читать дальше...

"Кадыров террорхо ларар". Янгулбаев ИбрахIим – нана лачкъорах а, бехкзуламан гIуллакхах а

Radiomarsho.com 

Дечкен-беттан 31-чохь хаамаш баьржира "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нанна Мусаева Заремина а, вешина Янгулбаев ИбрахIимна а дуьхьал бехктакхамн гIуллакхаш дахарх. Ницкъахойн версица, Янгулбаев администратор ву, масех публикаци Соьлжа-ГIалахь экстремистийн леринчу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан. Оцу юкъанна канал лелош берш кхеташоне а ца кхайкхира, ткъа уьш "бовзуьйтуш" вара Нохчийчуьра омбудсмен Нухажиев Нурди. Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхело дIасавалар доьхкуш... Читать дальше...

Бакъонашларъярхочун доьзална тийсина кхерамаш талла деза прокуратуро, аьлла Думин депутата

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан думин комиссин куьйгалхочун депутатийн этикехула волчу гIовсана Арефьев Николайна (КПРФ фракци) хетарехь, депутата Делимханов Адама ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина аьлла, кхаьчна хаамаш Коьрта прокуратуро талла деза. "Суна хетарехь, иштта хIуманаш этикехула йолчу комиссино талла ца деза, иза Коьрта прокуратурин Iалашо ю. Иштта кхерамаш - уьш забарш яц. Оцу тайпа халкъана кхераме волу стаг учете а хIоттийна, иза тергалван веза", - аьлла Аревьевс "Интерфаксе". Де хьалха Делимхановс... Читать дальше...

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина, уьш Нохчийчоьне схьало аьлла, кхайкхамбина Кадыровс

Radiomarsho.com 

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина Кадыров Рамзана. "Уьш миччахь хиларх, мухха а лечкърх а, тхуна карор бу, оха хIаллакбийр бу", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Нохчийн маттахь къамел долош, цул тIаьхьа оьрсийн матте а волуш, инстаграме хIоттийначу видео тIехь Кадыровс кхайкхамбо, ЯнгулбаевгIар хила тарлучу пачхьалкхашка, доьзал Оьрсийчоьне схьало аьлла. "Муьлхха а нохчочо уьш буьтур бац, тхан устазийн мюридаша муххале а. Цундела, шайн пачхьалкхашкахь зуламаш ца дайтархьама, тIаккха Оьрсийчоь а... Читать дальше...

Пачхьалкхан думан депутато "коьртеш дохур ду" аьлла ЯнгулбаевгIарна туьйсу кхерамаш оьрсийн матте гочбинчийн

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран  гергарнаш а, шен эфирехь ша дийцинарг оьрсийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу бохуш, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама эфир дIаяьхьна инстаграмехь. Инстаграмехь вистхуьлучу Делимхановс доккхачу декъанна аьлла: "Хаалаш, дийнахь а, буса а, синош, бахамаш, тIаьхье ца кхоош, тхо шуна тIаьхьадевлла лелар ду, шун коьртеш даьхна, шу дайъалц. Тхан баккъал а шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иштта иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочъенйолчарех а…". ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Арине Соболенко предрекли победу на Уимблдоне-2024






Под «Открытым небом»: как стартовал 46-й ММКФ

Рыльце в пыльцу: когда в Москве ожидается пик цветения

В Подмосковье прошел отборочный этап фестиваля по робототехнике

Чистка "помощников" мигрантов началась: Увольнение ректора Институте русского языка только начало?