ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 03.02.2022

Iедалхошна ца карийна Соьлжа-ГIалахь Iедалехьа митинг вовшахтоьхнарш

Radiomarsho.com 

Роспортребнадзоран Нохчийн республикехула йолчу урхаллина ца карийна Соьлжа-ГIалин юккъехь Iедална муьтIахьчу кепехь митинг гулйинарш, меттигера хаамийн гIирсаша яздарехь, цига веънарг вара 400 эзар стаг. Митинг вовшахтоьхначарна карантинан низамаш хедорна таIзар дан тарлора, амма жоьпе озон стаг ца карийра. Цуьнах лаьцна яздо оьрсийн Свобода Радионо. Митинг дIаяьхьира Чиллан беттан 2-чу дийнахь. Кавказ.Реалии редакцин хаамца, цига бахка декхаре бинера бюджетан белхалой. Гулбеллачеран карахь дара цхьанатайпа плакаташ... Читать дальше...

ЯнгулбаевгIеран доьзалан гергарнаш гуш-хезаш царах дIакъаьстина

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар схьаваьллачу Келойн тайпанан векалша шайн долара ваьккхина иза а, цуьнан доьзалера нах а, неIалт кхайкхош. Доьзалан гергарчу нехан и дIахьедарш даржийна Iедалан ЧГТРК "Грозный" телеканалан инстаграмерчу официалан агIонехь. Шен цIе ца йоккхучу Янгулбаев Сайдин вешина хетарехь, дерриг тайп махкана хьалха а, нохчийн къоманна хьалха а йоьхьIаьржа ду "оцу сийдоцчу нахана наьIалт кхайкхорна". "Оха дIабоху, уьш тхан декъехь бац. ХIинццалц уьш тхан фамили лелош хиллехь а... Читать дальше...

Антикадыровн бренд: 1АДАТ боламан истори

Radiomarsho.com 

Оппозицин блогерийн-нохчийн гергарнаш кадыровхоша лечкъош цхьа тулгIе хьаьдира махкахь 2021- чу шеран ГIуран-баттахь а, 2022-чу шеран Дечкен-баттахь а. Нохчийчохь йолийна иза, цул арахьа а яьржира. ГIуран-беттан 24-чохь Астраханера дIайигира, уггар а дика вевзаш волчу нохчийн Iедалхойн критикан Абдурахманов Тумсон хIусамненан нана а, йиша а. Дечкен-беттан 20-чохь курхалла лелорах гIаттийначу гIуллакхехь теш санна хеттарш дан аьлла, бахьана а хIоттийна, Нижний Новгородера бертаза дIайигира Нохчийчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран а... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу Iедалхоша "бакъонашларъяран гIуллакхана" 2021-чу шарахь дайъина ворхI миллион сов сом

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан урхаллин пачхьалкхан тIедилларшца йолчу Кхеташоно 2021-чу шарахь ялх контракт тIечIагIдина адамийн бакъонехула долу хаарш совдаха хьажийна барамаш хIиттон. Дерриг вовшахтоьхча оцу Iалашонна дайъинарг ду ворхI миллион сов сом. Иштта, Оханан баттахь хиллачу 1,2 млн соьмана тендер лерина яра "Адамийн могушалла Iалашъяран а, лоьрийн гIо дIакхачоран бакъонаш ларъеш кхочушъяр" цIе йолу горга стол хIоттон а, иштта "Адамийн бакъонаш хаамийн гIирсашкахь. Бахархойн бакъонан культура ойъуш хаамийн гIирсийн васт"... Читать дальше...

Кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Путинца цхьанакхетар хилла Кадыровн  

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цхьанакхетар хилла Москвахь. Цуьнах лаьцна дуьххьара хаам арабаьккхира регионан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша, яздо Кавказ.Реалиино. Церан официалан сайта тIехь хаам арабелира еарин буьйсан хьалхара сахьт долуш. Амма билгалдоккхуш дац и "белхан" цхьанакхетар маца хилла а, хьа вовшахтоьхна а. Оьрсийчоьнан президентан сайта тIехь, йа кхаарин дийнахь, йа еарин буса а ца хьахийна Путинан а, Кадыровн къамелах лаьцна хIумма а. Читать дальше...

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсучарех дIакхетта нохчийн полисхой

Radiomarsho.com 

Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Думан депутата Делимханов Адама а ЯнгулбаевгIеран доьзал хIаллакбийр бу бохуш, кхерамаш ма-тийссара, шайгара а кхерамаш дIахьебеш, видеокхайкхамаш бина нохчийн лакхарчу даржашкарчу ницкъхоша. Доккхачу декъана, хаамбо "Медиазонас" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, амма "Медиазона" цунна реза яц) неIалташ кхийкхош, кхерамаш тийсина Нохчийчуьрчу Росгвардин хьаькамо Делимханов Шарипа (Делимханов Адаман ваша), Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Ирасханов Аслана... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Россиянин Сафиуллин потерял четыре места в рейтинге ATP






Рябков: Недопуск россиян на рейсы из Турции в Мексику связан с давлением США

В мае приморцы увидят «Сны Сибири»

Собянин: На майских праздниках парковка в Москве будет бесплатной

«Притягивает всё больше сторонников»: каковы перспективы дальнейшего расширения БРИКС