ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 07.02.2022

Кадыровс шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Гуьржийчуьра дIавахана бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар

Radiomarsho.com 

"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" хилла юрист Янгулбаев Абубакар шен кхерамазалла ларъярхьама ша ГIуран-баттахь дуьйна Iийначу Гуьржийчуьра дIавахана. Хьалхо Янгулбаевна а, цуьнан доьзална а биллина кхерамаш тийсира нохчийн Iедалхоша а, Оьрсийчоьнан парламентан депутата Делимханов Адама а. Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиига дийцира, Тбилисерчу нах лелачу меттигашкахь шен терго йеш хиларх хаам кхаьчна шега, аьлла. "Цуьнах лаьцна соьга хаам бина кхерамазаллехула болчу говзанчаша. Сайна тIехь бевлла нах ца хаабелира суна... Читать дальше...

Меттигерчу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалхарчу" декхарех лаьцна дIахьедина нохчийн министро

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бехачу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалха" декхарш ду аьлла, дIахьедина регионан информацин министро Дудаев Ахьмада. Инстаграмехь бинчу шен кхайкхамехь цо билгалдаьккхина, дуьйцург Iедалан кеп-кепара гIуллакхех лаьцна -спортера бизнесе кхаччалц дIасадаржор ду аьлла. Хьаькамна хетарехь, социалан машанашкахь шайн агIонаш "хьалхатоьттучу" меттигерчу блогерша Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а къахьегарх пайдаоьцу. "Регионан куьйгалхочун Рамзан Ахматовичан къинхьегам бахьана долуш... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Мюнхенера векалтна хьалха Нохчийчохь лелочу таIзаршна дуьхьала акци дIаяьхьна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Мюнхенера коьрта консульствана хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна критика ечу нехан гергарнаш лечкъорна а, уьш хьийзорна дуьхьал митинг дIаяхьна. Коьртачу декъанна акцехь тидаме лаьцнера ЯнгулбаевгIеран доьзал, Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, уьш бу оппозицин 1ADAT телеграм-канал лелораш. Консульствана некъал дехьа хIоттийначу оцу митингехь дакъа лецира 70 сов стага. Гулбеллачеран карахь дара плакаташ "Буданов – Ахьмадан некъан хьалханча" (оьрсийн полковник Буданов... Читать дальше...

"Кадыровс болх ца бойтура". Суьдхочун статусах ваккхарх дуьйцу Янгулбаев Сайдис

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу суьдхойн квалификацин коллегино Чиллан-беттан 3-чохь кхелахочун статусах ваьккхина мехкан Лакхарчу кхелан суьдхо лаьттина бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да, лаьцна латточу Мусаева Заремин хIусамда Янгулбаев Сайди. Спецстатусах ваьккхинчул тIаьхьа цунна дуьхьал даккха тарло бехктакхаман гIуллакх. Суьдхочун бакъонаш совцон "Оьрсийчоьнан Федерацин кхелахойн статусех" долчу Федералан низаман масех бух бу. Ду царлахь, кхечу пачхьалкхан вахархочун паспорт эцар, йа ханна ваха цхьахйолчу пачхьалкхо хьуна бакъо ялар... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу шина вешин гIуллакхна юкъагIорта, аьлла дехна Американ Iедалхошка 100 эзар сов стага

Radiomarsho.com 

"Чолхе хьал: нохчийн шиъ жима стаг валарна кхерам бу" цIарца дуьненаюкъарчу ЛГБТ-н бакъонаш ларъяран All Out платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг. Тайп-тайпана мехкашкара бахархоша доьху Американ Iедалхошка глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу зIенех а пайда а оьцуш Соьлжа-ГIалахь чохь латтон ши ваша, 20 шо долу Магомадов Салахь а, 17 шо долу Исаев ИсмаьIил а кIелхьараваккхар. Петицехь билгалдоккху, 2021-чу шеран Чиллан-беттан 4-хь, ши ваша дIалаьцначу дийнахь, Американ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA сообщила о достижении Рыбакиной после победы над Швентек






«Чуть не слиплось»: российская пушистая булочка отравилась шоколадом

Абитуриенты из Приморья прошли онлайн-отборы в ГИТИС

В Софии возобновили снос памятника Советской армии

КП: Внук Пугачевой Пресняков закрыл себе дорогу в Россию поведением