ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 08.02.2022

Кадыров даржах ваккхар тIедожийна Путинна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера вохор доьхуш кхоьллинчу петицино дийнахь а, буса а бIе эзар сов куьйгаш гулдина. Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс Change.org порталехь хIоттинера иза. Цуьнан бахьана дара, Кадыровс ЯнгулбаевгIеран доьзална а, журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тийсина кхерам

Адвоката дийцина Нохчийчохь лаьцна латточу Мусаева Заремера хьолах лаьцна

Radiomarsho.com 

Адвокаташ юха а бахана Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема йолчу, иза Нижний Новгородера ядийна дIа а йигина, лецира полисхочунна тIекхетта, аьлла бехке йина – дийцарехь, зудчо цуьнан бетах мIараш тесна. Цуьнан хьал адвоката Добронравова Натальяс билгалдаьккхина чолхе санна, ткъа ша чохь латточу изоляторера хьелашна арз ца дира цо. Юриста дийцарехь, СИЗО-н белхалой кхеташ бу Мусаеван хьолах, цул сов, цIера кхача а латтабо цара цунна. Читать дальше...

"ЯнгулбаевгIарех хилларг бахьана долуш эшна Путин". ХIунда Iа тийна Кремль?

Radiomarsho.com 

Дечкен-беттан 21-чу дийнера схьа дуьйна бIеннашкахь арахьарчу а, Оьрсийчоьнан а хаамийн гIирсаша дийцира суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдих а, нуьцкъаша Нижний Новгородера нохчийн ницкъхоша Соьлжа-ГIала дIайигина, закъалтехь нисъеллачу цуьнан хIусамненах Мусаева Заремех а. Кадыров Рамзанна хетарехь, цу шиннан кIентий боьзна бу оппозицин 1АДАТ боламца. Билггал хиллачух дуьйцуш публикацеш бакъоларъяран зорбанаша арахецна ца Iаш а, яздира иштта Iедална муьтIахь болчу гIирсаша а, масала РИА Новости агенталло а, Russia Today телеканало а. Читать дальше...

Нохчийчуьра Iедалхой реза ца хилла Кадыровн критикех лаьцна кхин дIа комментариш йан

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Iедалхоша хIинцачул тIаьхьа комментариш йийра яц махкал арахьа бехачу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн дIахьедаршна тIехула. Цуьнах лаьцна шога дIахьедар дина регионан хаамийн министра Дудаев Ахьмада. Билггал цIерш а ца йохуш, цо юьхьяьхна хьенехан, цо ша ма-аллара, “питанчийн” - дуьххьара нохчийн, ткъа юха оьрсийн маттахь а къамел деш. “Буьйцурш бу масех цIий цIена доцу, доьналла доцу дIакъаьстинарш, тайп-тайпанчу дозанал арахьарчу мехкашкахь дIа а тарбелла, эвляъашна... Читать дальше...

Нижний Новгородехь Кадыровн критикан нана лачкъор талла дуьхьалояр къовсур ду бакъоларъярхоша

Radiomarsho.com 

Дечкен-беттан 20-чохь суьдхо лаьтттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, бертаза Соьлжа-ГIала цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема дIайигинчу Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн хьокъехь талламбан дуьхьало йина Нижегородскан кIоштехула йолчу Талламан комитетан урхалло. Талламан комитете дIахьедар динера "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс, иза лерина ву урхалло дуьхьалояр къовса. "Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша лелочунна шаьш реза цахиларх... Читать дальше...

Францера депортаци йина хилла Нохчийчуьра вахархо кхелхина. Гергарчара дIахьедо цунна дIовш делла хилар

Radiomarsho.com 

Францера депортаци йина, тIаьхьо Оьрсийчохь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо Мурадов Дауд кхелхина. Гергарчарна хетарехь, цунна дIовш делла хилла, хаамбо нохчийн Европерчу Ассамблеяс. Цкъачунна хилларг ма-дарра хууш дац, Оьрсийчоьнан нуьцкъаллин структураша жимачу стеган кхалхарх лаьцна комментарий ца йина. “Мурадовн 19 шо дара. Дахначу шеран аьхка цунна Оьрсийчу депортаци йира. Цига дIакхаьчначул тIаьхьа чувоьллира иза. Тхо Мурадовн гергарчаьрца зIенехь ду. Церан берриг доьзало Францехь политикан мухIажирийн статус ехна... Читать дальше...

Нохчийчоьнан куьйгалхо даржах мукъа витар тIедожош петици тидам боцуш йитина Кремло

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржах ваккхар тIедожош йолийна петици дош ца хетта Кремлана. Цуьнах лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Change.org платформина тIехь боьду кхаж юьхьйоцуш бу, боташца гулбина хила а тарло, аьлла хета цунна. Бакъду, сайта тIера муьлхха петицина кIел вазвала луург декхаре ву шен ц1е, фамили, электронан почта а язъян. Кадыров шен даржах ваккхар тIедожош петици Чиллан-беттан 7-хь Change.org платформина тIехь гIаръяьккхинарг ву оьрсийн оппозицин политик Яшин Илья. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Елена Рыбакина поднялась в мировом рейтинге






Синоптик Леус предупредил о сильном ветре в Москве в ближайшие сутки

Автолюбителям Подмосковья рассказали об обстановке на дорогах утром 18 апреля

Пассажиропоток на рейсах "Аэрофлота" Москва - Нижний Новгород вырос на 51%

Завершились совместные учения армий России и Таджикистана по антитеррору