ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 10.02.2022

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело ара ца ялийтина бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лацаран хьокъехь кховдийна апеляцин латкъам къобалбан. Цо СИЗО-хь мел-кIезга а Оханан-бут тIе кхачалц хан йоккхур ю. Мусаеван адвоката Шиндяпин Аркадийс дийцина Кавказ.Реалиига оцу апеляцин латкъаман чулацамах лаьцна. Цигахь билгалдаьккхина бехкеечо бехкаш тIе ца лацар, Нохчийчуьрчу шен доларчу хIусамера дIасаялар а дихкина, цIахь лаьцна йита таро хилар а, иштта диабет цамгар токхуш хилар а. "Кхелан... Читать дальше...

"Цхьаьна ца догIу бехкаш". Терроризмана бехкевинчу нохчочо дIахьедо гIуллакх бух боцуш хиларх

Radiomarsho.com 

Нохчех схьаваьлла, Норильскехь вехачу 37 шо долчу вахархочун Висаев Аптин хьокъехь Красноярскан кIоштан къайлахчу сервисийн урхалло (ФСБ) беш хилла таллам бирзина. Иза бехкево, "терроран тохар дан стаг юкъаийзорна" а, и кхочушдеш гIодарна а, иштта бакъо йоцуш герз латторна а. ХIинца цуьнан гIуллакх кхеле дIакхачон дезаш ду. Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоха кхерам бу цунна, амма цуьнан гергарчара чIагIдо, юьхьанца дуьйна и гIуллакх бух боцуш, цара шаьш айдина ду бохуш. Къайлах теш   Талламан версица... Читать дальше...

Думан Нохчийчуьрчу депутата кхайкхам бина, лехамашкахь болчу Iедалан критикашна хаамийн гIирсашна тIекхочийла сацаде

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутата Саралиев Шамсаила хьехна экстремизна а, терроризмана бехкебина, федералан лехамашка беллачу нахана оьрсийн хаамийн гIирсашкахь къамелаш дарна доза тохар. Нагахь санна парламенто и низам тIеэцахь, режимна критика ечу оппозицин жигархойн а, политикийн а таро хир яц зорбанан гIирсашна тIекхача. "Федералан а, дуьненаюкъара а лехамашкахь болчу нехан къамелаш Оьрсийчохь сацаде аьлла, кхайкхам бо аса. Вуьшта аьлча, Зуламан кодексан муьлххачу артиклана тIехула зенаш а дина... Читать дальше...

Бакъоларъярхочун нана нуьцкъаха Нохчийчу дIайигаран хьокъехь Оьрсийчоьно ЕСПЧ-нна бух ца балийна

Radiomarsho.com 

Нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема дIайигарх лаьцна Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелан (ЕСПЧ) хеттаршна жоьпаш делла Оьрсийчоьно. Ткъа "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетехь"(КПП) Кавказ.Реалиига дийцира, оьрсийн Iедалхоша зуда дIалацаран хьокъехь бух ца балийна, аьлла. "ЕСПЧ-но тхуна схьахьажийна Iедалхойн жоьпаш, царна юккъехь Зарема дIайигаран бух балош цхьа а информаци яц, иштта дуьйцуш дац, теш санна дакъа лоцуш ю, бохучу оцу бехктакхаман гIуллакхе иза стенна ийзайо а. Читать дальше...

Нохчийн ши къу лаьцна туркойн махкахь - Хьусейн Слепой а, Ахмед Шалинский а

Radiomarsho.com 

Нохчех схьаваьлла тутмакхийн ши эла лаьцна Туркойчохь аьлла, хаамбина зорбанан гIирсаша. Вуьйцург ву 55 шо долу Ахмадов Хьусайн -Слепой цIарца дика вевзаш волу, 41 шо долу Домбаев Ахьмад а, криминалан гонашкахь Шалинский цIарца гIараваьлла волу. Бакъоларъяран органаша цкъачунна и хаам тIечIагIбина бац. "Прайм Крайман" цIе яккхазчу хьасташа чIагIдарца, Хьусайн Слепой бехкехета 2021-чу шеран бIаьста Стамбулехь герзаш деттарна гунахь ву аьлла, хIетахь цхьа нохчо вийра, шолгIаниг лазийра. Шалинский... Читать дальше...

Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла цхьааллин пикет дIаяьхьна Казанехь

Radiomarsho.com 

Селхана, Чиллан-беттан 9-чохь жигархочо Нурмухаметов Ильдара цхьааллин пикет дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера мукъавакхар тIедожош. "Шеца реза мел воцчунна чIирца кхерамаш туьйсу Кадыровс. Даржах мукъаваккха!" аьлла тIеяздинчу плакатца Бауманан цIарахчу коьртачу ураме ваьллера иза. - Оппозицин политико Яшин Ильяс петици зорбане яьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо даржера мукъаваккха аьлла, со цунна тIетов – дIахьедина Нурмухаметовс. – Петици хIотторан бахьана дара Кадыровс массарна а хазош ЯнгулбаевгIеран доьзална а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Рыбакина призналась, что её жизнь сильно изменилась после победы на Уимблдоне






Жители Подмосковья могут подать заявку на фестиваль «Земля открытий» до 1 мая

В Калуге проходят соревнования по пожарно-спасательному спорту

В Королеве стартовал финал областных соревнований по шахматам «Белая ладья»

В Подмосковье возбуждено уголовное дело против мигранта, который избил фельдшера из-за отказа выдать «липовую» справку