ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 16.02.2022

Стамбулехь виъ нохчо бехкево Кадыровна луьйчарна тIелатарна

Radiomarsho.com 

Кадыровн критикашна тIелетар дарх гIуллакх кхеле делла Туркойчохь. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь ялх стаг дIалецица Стамбулехь. Царех виъ – Нохчийчоьнан бахархой бара. Блогер Халитов Хьасан а, Шишани Iабдулхьаким а хIаллакван дагахь бара зуламхой

Кадыровгахьа "эзарнашкахь декъашхоша" флешмоб дIаяхьарх дIахьедина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Грозный" пачхьалкхан телевизионо а, кхинйолчу мехкан официалан зорбан гIирсаша а дIахьедина, "Оьрсийчоьнан эзарнашкахь бахархой" схьакхетарх Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гIо лоцуш а, йозуш йоцчу хаамийн гIирсашна а, бакъоларъярхошна а дуьхьал хIоттийначу онлайн-митингах. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкара цуьнан декъашхоша цхьатеррачу плакаташца суьрташ зорбане дехира. "Грозный" ЧГТРК-н инстаграме хIиттийначу суьрташ тIехь нехан карахь ду: "Кадыровн митингехь ду! МостагIаллин "Новая газета"... Читать дальше...

"ФСБ-га хеттарш Iаламат дукха ду": Нохчийчуьра криминалан къу лаьцна Стамбулехь

Radiomarsho.com 

Цхьатерра масех интернет-ресурсаша, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира, 2021-чу шеран гурралц "криминалан къуьнан" статусехь хилла криминалан авторитет Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский цIарца вевза) Стамбулехь лацарх. Телеграм-каналийн информацица, Домбаевн а, цуьнца цхьаьна хиллачийн а Iалашо хилла, Туркойчохь а, Европехь а бехачу Кадыров Рамзанан рожан критикашна кIелонаш ян. Туркойн къайлахчу сервисаша а, меттигерчу зорбан гIирсаша а цкъачунна йеш комментарий яц Оьрсийчоьнан бахархой лецарх лаьцна. Читать дальше...

Кхел хилале Iазап лайначу нохчочо бакъоларъярхойн гIо ца оьшу аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу вахархочунна Цагалаев Абубакарна тIехь набахтехь Iазап латторна тIехула дийцаре дарш дуьйладелла селахана кхелехь. Бехкевеш исс стаг ву, ткъа царна юккъера виъ хьалхо кхело хенаш йиттина хилла ву иштта тутмакхашна тIехь Iазап латторна. ХIинццалц Цагалаевн адвокат яра "Общественный вердикт" Фондера (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю, амма фонд оцу сацамна реза яц – ред.) Бирюкова Ирина. Амма "Ярославлера гIуллакхна" леринчу "Общественный вердиктан" сайта тIера хаамца, цхьана ханна цуьнца зIе хедира... Читать дальше...

Туркойчохь кхеле дIаделла нохчийн оппозиционерашна тIелатар кечдеш хиллачийн гIуллакх

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан терроризмаца къийсам латтон Урхалло а, Стамбулан Коьртачу прокуратурано а чекхбаьккхина махкахь беха нохчийн оппозиционерашна тIехь шпионаж ярна а, тIелатар дарна а хьокъехь болийна таллам. 25 агIо йолу бехкеваран акт хьажийна Стамбулан шогачу бехктакхамийн гIуллакхашкахула йолчу кхеле. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Стамбулехь ялх стаг дIалецира – Оьрсийчуьра бахархой, Нохчийчуьра Абдулаев Iабдул, Ахметов Равшан, Расаев Беслан, Абдулмуслимов Асланбек, Украинан вахархо Ефрим Игорь, Узбекаистанан вахархо Юсупов Амир а. Читать дальше...

Резервехь лаьттарш дIагулбе аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчуьрчу ярташкахь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ярташкарчу администрацешкахь официалан кехаташ дIасакхехьийтина, тIеман гуламашка цхьацца резервехь лаьтта стаг схьагулвар тIе а дожош. Гудермесан кIоштахь даржийна кехат ду меттигерчу администрацин куьйгалхочун гIовса Исмаилов Мохьмада Чиллан-беттан 4-хь тIе куьг яздина. Цхьана бетта чохь резервехь лаьттачунна кхачор ду 23 эзар 700 сом, яздина ду кехатехь (документ Кавказ.Реалиигахь ду – ред.). Гудермесан кIоштан администрацехь тIечIагIдира иза бакъ кехат хилар. Нуьцкъаллин органашца а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Арине Соболенко предрекли победу на Уимблдоне-2024






В МИД заявили об охоте на российских военкоров

Адвокат Блиновской сообщила, что СК просит продлить той арест

Магнитная буря вызвала северное сияние в центральной России

Актриса Светлана Немоляева обрадовалась, что здоровье еще позволяет ей работать