ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 18.02.2022

Францерчу нохчийн мухIажирна депортаци яр сацийна кхело

Radiomarsho.com 

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 22 шо долчу нохчочунна Ойсаев Джахарна депортаци яр сацийна кхело. Ойсаеван гIуллакх тховкIело яларан хаттаршкахула йолчу Къоман кхело (CNDA) теллина, хаамбо Amnesty International Франция организацино, кхело сацам бина, депортаци яро тховкIелоне догдахаран бакъонах вохаво иза, хIунда аьлча, Нохчийчохь Ойсаев Iазапе лаца тарло. Амма CNDA-н сацам хьехар дар санна ларалуш бу, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла дагахь яра и сацам тергал ца беш бита.  Ойсаев юкъарчу юрисдикцин кхеле велира... Читать дальше...

ГIирмерчу Iаморашкара тIемалой Нохчийчу юхаберзорах лаьцна хаамбина тIеман Министралло

Radiomarsho.com 

ТIеман Министраллин хаамца, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера Къилбан тIеман гонера 58-чу эскаран декъана юкъайогIу 42-гIа гвардин дивизи Нохчийчуьра шайн гуттара дислокаци хиллаче юхадерзор дIадолийна. Чиллан-беттан 17-хь Ханкала дIакхача езаш ю дуьххьара тоба, хаамбо РИА "Новости" гIирсано тIеман Министраллина тIе а тевжаш. ТIеман техника а, салтий а аьчкан некъахула дIабуьгуш бу. Некъан бахалла 1,5 эзар километр ю. Бронетанкийн а, машенийн а техника аьчкан некъан платформаш тIера охьаяха буьйлабелла тIемалой. Читать дальше...

Кадыровх лаьцна комментарий йиначул тIаьхьа шена кхерамаш тийсина, аьлла политолога Кыневс

Radiomarsho.com 

Вевзаш волчу оьрсийн политологана Кынев Александрна телефонехула "хьо лийр ву", аьлла ингалсан маттахь къамел хазийна. ЗIеневаьлларг +74953572715 номерца хиллера, дIа а яздина, юха хийцинчу зудчун озаца хазийна телефонехула "you will die" (хьо лийр ву), дийцина Кыневс. Getcontact гIирсана чохь и номер дIаязйина ю "Зуламхой, шаьш экономикан зуламаш толлучу декъера ду моттуьйтуш". Ша Кынев Александра комментари ца йо, кхерамаш стенгара боьвлла хила тарло. И зIе цуьнца яле масийтта де хьалха Кыневс... Читать дальше...

"Со нохчийн къоман мостагI вац, со кадыровцийн мостагI ву". Янгулбаев Абубакарца йина йоккха интервью

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерам тесира 30 шо долчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзал хIаллакбийр бу аьлла. "Уьш миччахь хиларх, мел чIогIа къайлабовларх, тхуна уьш карор бу, хIаллакбийр бу", - дIахьедира мехкан куьйгалхочо. Цуьнан гергарчо, Оьрсийчоьнан думан депутато Делимханов Адама чIагIо йира церан "коьртеш даха". Оцу кепара хаамаш битира социалан машанашкахь кхечу Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу даржхоша а. Иштта, кхерамаш туьйсучу флешмобах дIакхийтира ткъех... Читать дальше...

Зорбане даьккхина Нохчийчуьрчу зудчунна тIелеттачу Москварчу политикан бехказавийлар

Radiomarsho.com 

Москварчу Мещанскан кIоштарчу депутатийн Кхеташонан куьйгалхочо Закускин Александра ("Единая Россия") къинтIераялар дехна Чиллан-бутт болалуш ша тIелеттачу 68 шо долчу Нохчийчуьрчу яхархочуьнга. Цул хьалха депутатана социалан машанашкахь кхерамаш тийсина хиллера. Бехказавуьйлуш видео ГТРК "Вайнах" каналан инстаграмехь гайтира. Цигахь Закускин тIевогIу Юусупхаджиева Салимана, зезагаш а, стоьмаш, мерзалгаш чохь йолуш тускар а кховдадо. "Со оцу гIуллакхах вуьшта кхетта. Хьо сан ненан хенара стаг ю. Читать дальше...

Нохчийчохь Кадыровн юххерчу накъостан кIант "Ахмат" спортан клубан куьйгалхо хIоттийна

Radiomarsho.com 

Республикан урхаллин куьйгалхочун гIовсан Висмурадов Абузайдан кIант "Ахмат" латаран клубан коьрта куьйгалхо хIоттийна. Хьалхо Висмурадов Рамзан оцу клубан латархо вара. "Ахматера" керла хийцамаш бовзийтира цуьнан хиллачу куьйгалхочо Эдилов Валида. Керла директор шен инстаграмехь вовзийтина цо. "Иза гIиллакхе, шен амбицеш йолуш, болх безаш жима стаг ву, со теша, шена тIедиллина декхарш цо кхочушдийриг хиларх", - яздина Эдиловс. Висмурадов Рамзан хьалха дакъалоцуш вара "Ахмат" клуберчу ах-профессионалечу иэдинчу летаршкахь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Пятая ракетка мира Пегула не выступит на турнире WTA 1000 в Мадриде






ДТП с участием автобуса и «Газели» произошло в Москве, два человека пострадали

Пермь заняла 11 место в рейтинге городов с самой вкусной шаурмой

Mash: Михаилу Ефремову отказали в УДО

На М12 меняют тарифы: что стало с ценами