ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 22.02.2022

Кадыровн парадокс. Вежаршна-гейшна таIзар кхайкхор ду

Radiomarsho.com 

20-шо долу Магамадов Салехь а, 18 шо долу Исаев Исмаил а – нанас дена вина ши ваша ву. Уьш нохчий а, ЛГБТ-н персонаш а бу, Кадыров Рамзана республикехь гейш бац бохуш, дуьхьало яхь а. Социалан машанашкахь шайн идентификалла ларъеш, оппозицин телеграм-каналца юкъарлонаш леладора цара. Адвокаташна хетарехь, и ду бахьана, Нижний Новгородехь уьш лецаран а, царна тIехь кхел яран а. Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело Чиллан-беттан 22-чохь вежаршна шаьш дечу таIзаран сацам бовзийта безаш бара. Читать дальше...

Москвахь митингехь ОМОН-н белхахойх тийсавеллачун таIзар тIечIагIдина

Radiomarsho.com 

Навальный Алексейгахьа Москвахь хIоттийначу митингехь ОМОН-н ницкъахойх леттачу нохчочун Джумаев Сайд-Мухьаммадан хьокъехь дина хилла таIзар хийцанза дитина Москва гIалин кхело. Цунах лаьцна хаамбина "Новости" агенталло, кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Стохка Марсхьокху-баттахь Iедалан векалшна дуьхьал кхаа эпизодехь ницкъ баккхарна бехкевинчу Джумаевна Москварчу Тверскойн кхело набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра. 2021-чу шеран Дечкен-баттахь Навальный Алексейгахь Москвахь хIоттийна митинг йирзинчул тIаьхьа видео гучуелира... Читать дальше...

Мехкадаьттанах хуьлучу пайданах дахар "фантастика" ю аьлла зорбан министро

Radiomarsho.com 

Мехкадаьттан индустрино таро лур яц махкана федералан дотацеш тIе ца эца, хIунда аьлча, цунна хьежочу ресурсаша метта ца хIоттадо дайина ахча аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан зорбан министро Дудаев Ахьмада. Иштта жоп делла цо, нохчийн мехкадаьттанах пайда хуьлу, Кремлан дотацеш схьа ма эца бохучу Кадыров рожан критикашна, яздо Кавказ.Реалиино. "Грознефтегазан" а, "Чеченнефтехимпроман" а куьйгалхошна тIетевжина Дудаевс дIахьедина, болх бечу мехкадаьттанан буру латтон цкъацкъа хьежо деза, иза доьхкича кхочучу ахчанел а алсам. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан регионашлахь Дагестан, Нохчийчоь ю уггар дукха дотацеш еллачех ю

Radiomarsho.com 

Федералан бюджетера уггар а дукха дотацеш кхаьчначу Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхара а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна Дагестано а, Нохчийчоьно а.  2021-чу шарахь субъекташна делла цхьа триллион сов сом. Диллинчу хьастийн хаамашца, 2021-чу шарахь Дагестанна кхаьчна 77,5 миллиард сом. Уггар лакхара гайтами бу иза Оьрсийчоьнан регионашлахь. ШолгIа ю Якути (56 миллиард), кхоалгIа – Нохчийчоь ю 51,8 миллиард соьмаца, хаамбо РБК агенталло. Ма-дарра аьлча, дотацеш алсам кхочучу пхеа субъекташна (аннекси... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция первого матча Елены Рыбакиной на турнире в Штутгарте






Крупный завод по рециклингу полимеров открыли в Егорьевске

Посольство России в Берлине заявило о разрушении послевоенного примирения

Концерт в честь Дня труда прошел в Красногорске

Бастрыкин потребовал доклад по делу об убийстве нижегородки приемной дочерью