ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 24.02.2022

"Тхо хIинца а оцу цIерпоштара охьадиссаза ду": нохчийн а, гIалгIайн а депортаци

Radiomarsho.com 

Советан заманахь миллионашкахь юкъ-кара нахана депортаци йира, амма къаьмнийн башхаллашца дерриг а махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш-ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирмера гIезалой, туркаш-месхетинцаш, гIалмакхой, корейцаш а. Къьамнашна депортаци яран кеп-кепара мах хадабо Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а Iилманчаша. Нийса дуй-те депортацех дийцар, нуьйцкъаша махках бахарх а ца дуьйцуш, Европера Iилманчаш сих-сиха "депортаци" терминна тIера ца бовлуш хилча. Читать дальше...

Украинан дозанашна чугIорта йолаелла Оьрсийчоь. Коьртаниг

Radiomarsho.com 

Чиллан-беттан 24-чу буса тIеман шуьйрачу масштабехь Украинан дозана чугIоьртина Оьрсийчоь. Сепаратистийн Донбассерчу республикийн кIошташкахь украинхойн ницкъаша лаьцначу позицешна тIелетта артиллери, ракеташца а, хIаваан а тохарш дина тIеман инфраструктурана а, аэродромашна а, пачхьалкхан дуккхаъчу ПВО-н гIирсашна а, иштта Iаьржа хIордан йистехь а, Киевна гергахь а. "Леррина тIеман операци ю" аьлла хуьлучух президенто Путин Владимира. Оьрсийн эскарш Донбассан сепартистийн республикашка чудалийна... Читать дальше...

Вевзачу бардан Муцураевн иллина тIехула гIуда тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан кхело бехкевина Сиржа-Эвлара Магамадов Аслан, бардан Муцураев Тимуран (кхелан сацамна тIехь язвина ву Муцараев) "Исламан умма" илли бахьана долуш, экстремистийн материалаш яржийна аьлла. Кхело тIечIагIдарца, 2017-чу шарахь дуьйна "ВКонтактерчу" шен агIонера "Музыка" декъе хIоттийна хилла Магамадовс "Исламан умма" илли (кхелан сацамехь – "Мы прежде…" илли). Социалан машанашкахь мониторинг дIахьочу юкъанна цуьнан терго йина хилла Оьрсийчоьнан УФСБ-н Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу урхаллин белхахочо Гончаровс. Читать дальше...

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дагалецира Сталинан репрессешкахь белларш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун йоIа, культурин министро Кадырова Iайшата дIакхайхийна, нохчий махках бахарна лерина "Иэсан суьйре". И дIаяхьа Iалашо ю Чиллан-беттан 25-чохь, официалехь вайнахана депортаци йина ши де даьлча. "500 эзар стеган дахар декъаделира шина декъе. Вешан тIаьхьарчу тIаьхьенна вайга далур долу уггар кIезиг дерг – дагахь латтор а, вайн къоман истори ларар а", - аьллачу Кадырова Iайшатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло. Цуьнца цхьаьна Даймехкан турслочун де даздан Нохчийчохь кIира хьалха тохабелира. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Хромачёва и Бабош выиграли турнир WTA в Руане в парном разряде






КП: Внук Пугачевой Пресняков закрыл себе дорогу в Россию поведением

Абитуриенты из Приморья прошли онлайн-отборы в ГИТИС

Пассажиру главного аэропорта Камчатки пришлось расстаться с излишками икры

Северная Корея провела первые учения по нанесению условного ядерного контрудара