ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 28.02.2022

"Динехьа а, пайхамарехьа а тIом" бу аьлла Нохчийчоьнан муфтийс Украине гIортар

Radiomarsho.com 

Бусулбанаш декъал бийр болуш бу Украинера тIом, цигахь кхелхинарш "шеко йоцуш шахIидаш бу", дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа. Луларчу махка гIортаран пайден тоьшаллаш далош, Межиевс бусту нохчийн эскархой, "Эфиопин армин могIарехь керстано урхалла дечу мостагIашна дуьхьал тIемаш бинчу Мухьаммад пайхамаран асхьабашца". "Тахана цигахь тIемаш беш болу бусулбанаш – КъорIанехьа а, пайхамарехьа а бу, шайна и боьхалла коча ца яийта, иштта, шаьш а Мухьаммад пайхамаран асхьабийн некъа тIехь хиларна", - дIахьедина мехкан муфтийс. Читать дальше...

Украинехь беха Нохчийчуьра бахархой Киевехь дуьхьало латтош бу

Radiomarsho.com 

Нохчийн ши батальон – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а – дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьал Киевехь. Украинехь вехачу жигархочо Бакаев Iелас бахарехь, Къилбаседа Кавказан кхечу къаьмнийн векалш а цхьана кийча бу агрессоршна дуьхьал Украинехьа тIом бан. Къамел динчо къастийра, шайн лаамехь вовшахкхеттачу батальонийн могIарш жигара дузуш хиларх Чиллан-беттан 24-чохь дуьйна: "Нохчий а, кавказхой а дакъалоцуш бу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал, шаьш бехачу меттигашкахь. Амма проблема ю, могIарчу бахархошка герз луш цахилар. Читать дальше...

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аккаунт дIакъевлина инстаграмо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелош хилла @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт дIакъевлина инстагрмо. Исс миллион стаг вара оцу аIгоне язвелла. Социалан машано важа агIо дIакъевлинчул тIаьхьа йиллина яра  и аккаунт, яздо Кавказ.Реалиино. Формалехь аккаунт лерина яра Нохчийчуьрчу туризмана, амма оцу пена тIехь зорбане дохура мехкан урхалхочо лелочух суьрташ а, видеош а. Оцу агIонехула эфираш дIахьора Кадыровс. @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтана лерринчу программашца стохка ГIуран-баттахь анализ йича къаьстира... Читать дальше...

Европерчу нохчийн диаспоро дIахьедина, Украинерчу арахьарчу легионех дIакхета кийча хиларх

Radiomarsho.com 

Евросоюзан мехкашкара нохчийн диаспоран векалш кийча бу Оьрсийчоьнан тIеман агрессица къийсам латточу Украинехьа гIодаккха, нагахь санна, тIаьхьарчу шайн кхерамзаллех а, Оьрсийчу шайна депортааци йийр яц аьлла, гарантеш а лахь. Украине оьхуш бу цуьнан агIор тIемаш бан кийча болу арахьарчу мехкийн бахархой – Украинан президентан офисо хаамбина, арахьара ши легион дIаюззал нах вовшахкхетта хиларх. Президентан офисан хьехамчас Арестович Алексейс дIахьедина, кеп-кепарчу дуьненан пачхьалкхашкара Украинана гIо кхочуш хиларх... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Что чаще всего едят на завтрак дети Елены и Новака Джокович?






Собянин назначил нового главу Стройкомплекса Москвы

С 27 по 30 мая 2024 года в Москве состоится юбилейный Форум «Неделя Российского Ритейла»

«Мотомосква» ведет собственные поиски виновного в убийстве в Люблине

Собянин рассказал о зеленых облигациях