ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 08.03.2022

Сталинан депортацехь хIаллакхилларш дагалоьцу Зазадокху-беттан 8-чохь балкхараша

Radiomarsho.com 

78 шо хьалха хилла депортаци дагалоьцу балкхаройн къомо Зазадокху-беттан 8-чохь. ХIетахь 37 эзар стаг, доккхачу декъанна къаной, зударий, бераш, Юккъерчу Ази дIахьовсийра. Депортацин инициатор а, иза вовшахтоьхнарг а вара Берия Лаврентий. Официалехь аьлларг дара, ШолгIа дуьненан тIом боьдучу заманчохь нацистийн Германигахьа болчу коллаборционистийн вовшахкхетаршкахь дакъалаьцна бу балкхаройн къоман векалш аьлла. 1944-чу шеран исс баттахь дуьненчу делира 56 бер, кхелхира – 1 592 адам. Официалан хаамашца... Читать дальше...

ТIамехь байъинчу салтех керла хаамаш: 3 ХIирийчуьра, 1 Дагестанера, 1 ГIалгIайчуьра

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а хаамбина, Украинехь Оьрсийчоьно долийначу тIелатарехь махкара бахархой кхалхарх. Дагестанерчу Буйнакскан кIоштан куьйгалхочо администрацин официалан агIонехь кадам бина Лахара Казанище олучу эвларчу вахархочух Солтанмурадов Мусалимах, яздо Кавказ.Реалиино. "Иза вийна шен белхан гIуллакх кхочушдечу заманчохь. Лахьан-баттахь 40 шо кхочур дара Мусалиман", - аьлла ду хаамехь. Къилбаседа ХIирийчуьрчу Камбилеевское эвларчу администрацино дIахаийтина Качмазов Артур валарх. Читать дальше...

Кадыровна а, Оьрсийчуьрчу кхечу нахана а дуьхьал санкцеш яьхна Японино

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 9,  Беларусин 12 стагана а, цхьа могIа шина а пачхьалкхашкарчу компанешна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино. Тептарехь нисвлелла Ротенберг Аркадий а, Борис  а, Песков Дмитрий а Усманов Алишер а, Пригожин Евгенийн ЧВК Вагнер а, "троллийн фабрика" -"Интернет-талламаш бен агенталла" а. Беларусин агIор дозанаш тоьхначарлахь ву иштта Лукашенкон ши воI Виктор а, Дмитрий а. Японин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамехь яздина, "Украинех... Читать дальше...

"Сан коьрта мостагI – Путин". Украинерчу нохчийн батальонан командирца ЧIебирлойн Муслимца интервью

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман агрессина дуьхьало латто Украинехь керла нохчех тоба вовшахтухуш ю. ХIинцале йолу, шайн лаамехь вовшахкхеттачийн герзашца лелачу – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарахчу вовшахтохараллаша- дIахьедар дина, шаьш украинхойн эскаршкахьа тIемаш беш хиларх. Цо оьгIазло ца гIаттайойла а дацара Соьлжа-ГIалахь: Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вистхилира цаьрга герз охьадилла аьлла, иштта цо ахмиллион долларш кхайкхийра оцу тобанийн лидерийн коьртех. Шейхан Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима Кавказ.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Екатерина Александрова

Александрова впервые войдет в топ-15 мирового рейтинга






«Неприменение смертной казни – это заблуждение»

ВС Польши: авиацию подняли в небо из-за интенсивной активности России

В Александровском районе "черный лесоруб" нарубил дров на 1,6 млн рублей

Реставрацию мозаик Нади Леже в Дубне завершат через 2 месяца