ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 17.03.2022

Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 137 эскархо вийна

Radiomarsho.com 

Украинехь тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байъиначу эскархойн терахь мел лаххара а ду 137. Оьрсийчоьнан тIеман министралло беллачийн терахь хьахош цкъачунна цкъа бен дина дац дIахьедар – Зазадоккху-беттан 2-чохь. 498 тIемало вер бакъдира урхалло, цул тIахьа кхин хаамаш бина бац.

"Со россиянин вац, нохчо ву". Европехь беха кавказхоша – русофобих лаьцна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь тIамца Украинана чугIоьртинчул тIаьхьа Евробертан пачхьалкхаш шога санкцеш кхайкхон юьйлира. И хьал лаьттачу юкъанна социалан машанашкахь а, прессехь а хаамаш гучубуьйлу дозанал арахьа бехачу Оьрсийчуьра схьабевллачарна дуьхьала цабезамаш лаьтта, бохуш. Британерчу Оьрсийчоьнан векалтан сайтехь шайн махкарчу нахаца зIе латторан лерина канал ю кхоьллина, иза дина "сих-сиха гучуюьйлу гIело" бахьанехь, ткъа Германерчу векалто "ЕС-н махкашкахь цIаьххьана русофобин айъяларца" доьзна дIахьедар дина. Читать дальше...

Басаевх лаьцна пост ярна бехкейина хилла Кубанан жигархочун аьтто ца баьлла сацам къовса

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело хийцам боцуш битина Москван малхбузерчу гонан ШолгIачу кхелан "Аьрру дуьхьалонан" хьалханчана Полюдова Дарьян хьокъехь бина хилла сацам. "ВКонтактерчу" машанехь Нохчийн республика Ичкерин хьалханчех лаьцна хIоттийна пост бахьанехь бехкейира иза гуш-хезаш экстремизме кхайкхарна а, терроризм бакъярна а. Цуьнан адвоката Соловьев Леонида Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, кхелан сацамна цхьамогIа бухболуш реза цахиларш ду шайн. Масала, 2019-чу шеран ГIуран-баттахь... Читать дальше...

Кадыровн "долара киллер" Москвахь дIалаьцна курхалла лелорна бехке вина

Radiomarsho.com 

Москварчу полицино дIалаьцна Нохчийчуьра вахархо Денисултанов Артур (изза ву Курмакаев Артур а, "Динго" а), "Кадыров Рамзанан долара киллер" санна вевзаш ву иза. Полисхошна хетарехь, и стаг бехке ву 37 миллион соьманна курхалла лелорна, цуьнан хIусаме хьежна талламхой, хаамбо ТАСС агенталло шен хьостанна тIе а тевжаш. Де хьалха 26 шо долу Москван вахархо веанера полицин декъе, цо дийцина, соьмех валюта эца шен лаам хилар – вевзачо брокерна Прохоров Вадимна тIе гIо аьлла хиллера. Церан вовшахкхетар... Читать дальше...

Кадыров Украинехь хилла вац – "Украинан бакъдерг"

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лелочу телефонан геолокацица дуьстича, украинан Гостомель гIалахь Оьрсийчоьнан оцу махканна тIамца тIелатарехь дакъа лоцучу нохчашна хьошалгIа дан вахана ша бохург бакъ дац. "Украинан бакъдерг" гIирсане кхаьчна Украинан кхерамазаллин Сервисера хьостанашкара Кадыровс лелон телефонан номерш. ГIирсано дуьйцу, украинан мобилан операторийн хаамашца, тIаьххьарчу ворхI дийнахь роумингехула Украинан зIенийн вышканашна тIе ца тасъеллла и номерш. Цул сов, Зазадоккху-беттан 13-чу дийнахь ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Новак Джокович в пятый раз получил спортивный «Оскар» как атлет года






Выпуск инновационных протезов наладят в Подмосковье

Источник 360.ru: в Лотошине взорвались старые брошенные в костер противогазы

Что случилось к этому часу: главные новости дня к 19:00 24 апреля

Подмосковный школьник выиграл сертификат на образование в олимпиаде