ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 23.03.2022

"Бекхам бац, бусулбачун декхар ду". Нохчийн батальонан лидер Осмаев Адам – Украинерчу тIамах

Radiomarsho.com 

ТIелеттачу  Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал украинхошкахьа тIемаш беш нохчийн ши батальон ю. Цхьахйолчун куьйгалхо ву – Осмаев Адам. Дудаев ДжовхIаран цIарах батальонан урхалла дан иза хIоьттира 2015- чу шарахь, Дебальцевохь хьалхара командир Мунаев Iийса вийначул тIаьхьа. Путин Владимир вен Iалашонца тIелатар кечдеш хиллера аьлла, бехкевина Осмаев, - нохчийн лоруш долчу тайпера ву. Республикехь мехкадаьттан индустрехь куьйгалла деш вара цуьнан да, деваша Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхо а, Федерацин Советан сенатор а лаьттира. Читать дальше...

Украинера кадыровхойн "заградотрядаш"

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно Украинехь агресси ечу хенахь нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш – тIамера уьдуш болу кхечу тобанашкара салтий сецабо кадыровхоша. Цунна тоьшаллаш до Украинехьа йолчу нохчийн батальонан командира а, СБУ-н кара кхаьчначу хабарша а.

Соьлжа-ГIалин юккъерчу СОБР-н "къайлах набахтера" видео яржийна 1АДАТ боламо

Radiomarsho.com 

Жигархоша чIагIдарехь, махкара лецна нах латтош, царна тIехь гIело хьоьгу Росгвардин "Ахмат" СОБР-н къайлахчу набахтах Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь йолчу 1АДАТ боламо шаьш бина таллам арахецна. Видео тIехь дуьххьара гайтина къайлахчу набахтен дакъа – набахтен камерех дIакъастийна оперативникийн чоьнаца екъна кабинет. Иштта гойтуш ю оцу гIишлон схема а, дийцина Кавказ.Реалиига 1АДАТ боламо. "Кадыровн гонашкахь паника хир ю, къасто гIертар бу, стенгара яьлла тхуна и видео а, материлаш а. Кадыровн пропагандо... Читать дальше...

Сепаратистийн "ЛНР" батальонан командиро юхаеэцна кадыровхой ледара кечбина бу алар

Radiomarsho.com 

Украине тIаме хьийсийначу Нохчийчурчу эскархойн корматаллех а, уьш ледара кечбина хиларх а аьллачу "ЛНР" сепаратистийн "Восток" батальонан командиро Ходаковский Александра юхаэцна шен дешнаш. Видео шен телеграм-канале хIоттийна Кадыров Рамзана, яздо Кавказ.Реалиино. Ходаковскийца  оцу тIехь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву къамел деш. Нохчийчуьра ницкъахой муха кечбина бу аьлла хета сепаратистийн командирна, шега хаьттича, вукхо жоп ло: "Корматалла йолчу нахах Iиттаделла тхо"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

П’ять українок отримали суперниць в основі турніру WTA 1000 в Мадриді: результат жеребкування






СК: Замминистра обороны Тимур Иванов задержан по подозрению во взятке

В ООН прокомментировали планы Эстонии по закрытию храмов, подчиняющихся РПЦ

Три турнира по единоборствам прошли в Дзержинском

Директор частной школы Москвы уехала в колонию за покушение на убийство