ru24.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 24.03.2022

Нохчийчуьра Украине вахначо кхайкхамбина Кадыровга, хьайн гергарнаш тIаме бахийта аьлла

Radiomarsho.com 

Украинхойн къаьстинчу "Азов" спецназо видео яржийна, Нохчийчуьра веана, йийсаре лаьцначу тIемалочуьнца яькхина. Цо дуьйцу Мариупольна гергарчу тIамехь долчу хьолах. Иштта кхакхамбо цо Кадыров Рамзане, Украине тIаме хьайн гергарнаш бахийта аьлла, яздо Кавказ.Реалиино. Видео тIехь волчу стага (цуьнан цIе ца яьккхина) дуьйцу, Зазадокху-беттан 17-чохь Соьлжа-ГIалара кеманца схьавеана ша, шолгIачу дийнахь Мариупольна гергахь нисвелира, цигахь йийсаре а вахна бохуш. Цуьнан дешнашца, шайн лаамехь Украине боьлхучеран каралуш цхьа автомат а... Читать дальше...

СОБР «‎Ахмат»‎ а, Соьлжа-ГIалара къайлаха набахте а

Radiomarsho.com 

Росгвардин «‎Ахмат»‎ СОБР-н къайлахачу набахтех бина таллам арахецна нохчийн IАDAT оппозицин боламо – жигархоша чIагIо ярехь, цу чохь хьийзош, латтош бу лечкъина Нохчийчоьнан бахархой. Оцу видео тIехь дуьххьара гойтуш ду набахтин цхьа дакъа, иштта гойтуш ю оцу гIишлон схема а.

"Ахмат" футболан клубан ютуб-канал схьаястар тIедожийна Google-на Москварчу кхело

Radiomarsho.com 

Американ Google LLC компанина а, церан Оьрсийчуьрчу ООО "ГУГЛ" декъана а Москварчу арбитражан кхело тIедожийна, блок тоьхначу Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан YouTube видеохостинган хьелаш юхадерзаде аьлла. Иск чуеллера 2021-чу шеран аьхка. Оцу гIуллакхехь кхозлагIа агIо лаьцна Роскомнадзоро, яздо Кавказ.Реалиино. Адамийн бакъонаш талхочарна дозанаш деттачу Магнитскийн актехула санкцийн тептаре яьккхинера "Ахмат" футболан клуб. Иштта сацам тIеийцира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, клубан... Читать дальше...

Украинера еддачул тIаьхьа лаьцначу Нохчийчуьра яхархочуьнгахьа акци дIаяьхьна Австрехь

Radiomarsho.com 

МухIажаршца цхьаьна Украинера шен бераца арайолучу хенахь, Оьрсийчоьнан дехарца лаьцначу Нохчийчуьрчу яхархочунна Гериханова Аминина депортаци ярна дуьхьал Венерчу Румынин векалтана хьалха вовшахкхетта, митинг дIаяьхьна. Оьрсийчоьнан талламхойн версица, цхьана герзашца вовшахкхеттачу тобанашца йоьзна хилла ю Гериханова, политикан буха тIехь лаьцна ю аьлла хета цуьнан гергарчарна. "Зазадокху-беттан 13-чохь лецира Амина, Оьрсийчоьнан бомбанаша а, ракеташа а хIаллакъечу Украинера Румыни дехьайолучу хенахь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Новак Джокович в пятый раз получил спортивный «Оскар» как атлет года






Школьники из Химок посетили конструкторское бюро МАДИ

Канадец из ЦСКА назвал Москву лучшим местом для жизни

На седьмом — Поднебесная: Китай завоевывает мировой прокат

Камило: «Бразильцам интересно играть в России»