Нохчийн юьртахь имам Шемалан цIарах маьждиг диллина. Кадыровс хьалхо критика йинера цунна
Нохчийчоьнан Шаройн кIоштан Кенхи-эвлахь ломахойн къоман маршонан боламан хьалханчан Шемал имаман цIарах маьждиг диллина. Юьртахойн доккха дакъа чамалинцех лаьтташ ду. 19-20 эзар стаг шайлахь волу этносан тоба ю иза, дукхачу хьолехь Дагестанан лам чохь беха уьш.
600 стагана лерина маьждиг схьадоьллуш хIоттийначу барамехь, "Грозный-Информ" хаамийн агенталло яздарехь, СКФО-н Iеламнехан Кхеташонан хьалханчас Кадыров Хож-Ахьмада дакъа лецира.
Керла маьждиг дуттуш ахча хьажийна Кадыров Ахьмадан Фондо, цуьнан йиссина зуда Айманис куьйгалла деш йолчу.
"Дагестанхошна а, берриг кавказхошна а, шен цIарах маьждиг диллина волу имам Шемал сийлахь стаг ву. Со чIогIа воккхаве", - цитата йо агенталло меттигехь хиллачу иэдинчу латарийн спортхочо Завуров Шемалан дешнашна.
Кхоъ шо хьалха Кадыров Рамзана ша еллачу интервьюхь критика йира имам Шемална. "Оха сий до Шемалан иэсана динан хьалханчан санна, амма хаа лаьа, Нохчийчоь а, цуьнан къам а хIаллакдаран питна а лелош, 19 шарахь Оьрсийчоьнца тIом а бина, Дагестане юхавирзина биъ бутт баьлча Оьрсийчоьнан кара а вахана дворянхо стенна хилла цунах? Нохчийчоьнна а, нохчашна а дуьхьала яьккхина террор яцахь, тIаккха хIун ю иза, кхетамца иза лелийна далахь а, дацахь а? Йа шалхонаш лелор 19-чу бIешарахь кхолладелла ду?", - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Оцу интервьюна жоьпаллин реакци хилира социалан машанашкахь, пайдэцархоша шайн аватарашка имам Шемалан сарташ хIиттадора. Иза дира бевзаш болчу спортхоша а, масала UFC-н толамхочо Нурмагомедов Хьабиба а, олимпийскан толамхочо Саадулаев Iабдулрашида а. "АллахIаца дуй буу аса, наггахь иэхь хета суна, имам Шеламах тера хиларна сой вуно гена хиларна", - яздира Нурмагомедовс.
Цул тIаьхьа Кадыровс имам Шемалах лаьцна шен дешнаш харц гочдеш республикехь мостагIий бу аьлла дIахьедира, иштта реза мел-воцург Соьлжа-ГIала кхайкхира цо "вовшахкхета".
1834-чу шарахь Дагестанан хьалханча санна шен къийсам болийна волу имам Шемал къобалвира нохчаша 1840-чу шарахь. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а хьалханча хилча цо кхоьллира исламан теократикан пачхьалкх – имамат, иза лаьттира 1859-чу шеран аьхкене кхачалц.
Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.